Ezekiel 8
Ярушалайм-гӀалахь цӀушна Ӏибадат дар
1Халкъан цхьа дакъа Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа йолхалгӀачу шеран йолхалгӀачу беттан пхоьалгӀачу дийнахь, со сайн цӀа чохь хиъна Ӏаш а волуш, суна хьалха хевшина Ӏаш яхӀудхойн къаной а болуш, Хьалдолчу Элан ницкъ боьссира суна тӀе. 2 aСуна адаман дегӀан суьртехь цӀерах йогуш йолу цхьа хӀума гира. Цуьнан гӀодаюкъара дуьйна охьайолу меттиг йогуш йолу цӀе санна яра, ткъа цуьнан гӀодаюкъара дуьйна хьаладолу цуьнан сибат лепаш долу цӀаста санна дара. 3Куьг санна йолу меже схьа а кховдийна, Цо сан коьртара месаш схьалецира. ТӀаккха Делан Сино со лаьттаний, стигаланий юккъе хьалаайира. Дала хӀиттийначу суьрташкахь Цо со Ярушалайм-гӀала, Делан цӀенна къилбаседехьа йолчу чоьхьарчу кертан кевнна улло, дӀавигира, эмгаралла хуьлуьйту цӀу лаьтташ волчу. 4 bЦигахь Исраилан халкъан Делан сийлалла яра, суна Кабар-хина уллохь йолчу аренгахь гинарг санна йолу. 5Цо соьга элира: «Адаман кӀант! Къилбаседехьа дӀахьажа». Со къилбаседехьа дӀахьаьжира. Цу меттехь долчу кевнан къилбаседехьарчу агӀор сагӀа доккхучу кхерчана уллохь лаьтташ эмгаралла хуьлуьйту цӀу вара. 6ТӀаккха Цо соьга элира: «Адаман кӀант! Хьуна гуш дуй исраилхоша кхузахь деш долу дегаза гӀуллакхаш, Соьга Сан еза меттиг а юьтуьйтуш? Хьо кхин а дика хьажахь, хьуна кхин а чӀогӀа дегазниг а гур ду». 7Цул тӀаьхьа Цо со цу кертан чувогӀийла йолчу схьавалийра, ткъа суна пенах даьккхина Ӏуьрг гира. 8ТӀаккха Цо соьга элира: «Адаман кӀант! Пен ахка». Со и пен ахка волавелира. Суна цхьа неӀ гира. 9Цо соьга элира: «Чоьхьа а валий, адамаша кхузахь деш долчу вочу а, дегазчу а хӀуманашка хьажа». 10Чу а ваьлла, гонах дӀасахьаьжча, суна гира массанхьа а пенаш тӀехь дехкина текхаргийн а, дегазчу дийнатийн а, исраилхоша Ӏамал еш мел болчу цӀуйн а суьрташ. 11Цу суьрташна хьалха лаьтташ вара Исраилан халкъан кхузткъе итт къано, ткъа царна юкъахь Шапанин кӀант Яъзан-ЯхӀу а вара. ХӀораннан а карахь хаза хьожа йогӀу хӀума чохь ягош йолу ной а яра. Цу нойш чуьра хьалаоьхуш сегӀазах йогӀу хаза хьожа яра. 12ТӀаккха Цо элира: «Адаман кӀант, гой хьуна Исраилан халкъан къаноша боданехь, шайн-шайн цӀушна лерина йолчу меттехь, дийриг? Цара хӀораммо а ша-шега боху: „Тхо Везачу Элана гуш дац, Веза Эла хӀокху махка тӀера дӀавахана“». 13Цул тӀаьхьа Везачу Эло элира: «Хьуна гур ду цу наха кхин а дегаза хӀуманаш лелош». 14Цо со Везачу Элан цӀийнан къилбаседехьа долчу кевнан неӀаре валийра. Цигахь суна харцдалла Тамузана тийжаш Ӏаш болу зударий гира. 15Цо соьга элира: «ХӀара хӀума гой хьуна, адаман кӀант? Вало Соьца, кхин а ирча гӀуллакхаш а гур ду хьуна». 16ТӀаккха Цо со Везачу Элан цӀийнан чоьхьарчу керта вигира. Цигахь суна охьатеӀаш лаьтташ волу ткъе пхиъ боьрша стаг гира. Уьш цӀийнан лабанний, сагӀа доккхучу кхерчаний юккъехь лаьтташ бара, Везачу Элан цӀенна букъ а берзийна. Церан яххьаш малхбалехьа дӀайирзина яра, ткъа уьш шаьш малхана корта бетташ бара. 17Цо соьга элира: «Адаман кӀант, гуш дуй хьуна хӀара? Шаьш кхузахь мел деш долу дегаза хӀуманаш ЯхӀудан халкъана кӀезиг хета те? Цул сов, цара хӀара мохк гӀелонех бузу, хаддаза Со оьгӀаза а оьхуьйтуш. Хьажал, цара Сан мерана тӀе гаьннаш ▼▼Мерана тӀе гаьннаш – иза Дела оьгӀазвохуьйту Ӏадат дара.
уьйу! 18Цундела Аса дӀагойтур ю царна Сайн оьгӀазалла, царах къинхетам а бийр бац, уьш кхоор а бац Аса. Уьш, маьхьарий а детташ, Соьга кхайкха буьйлалур бу, амма Ас ладугӀур дац цаьрга».
Copyright information for
CheCAC2012