‏ Ezekiel 9

Ярушалаймана таӀзар дар

1Цул тӀаьхьа суна хезира, Дала мохь туххуш олуш: «Схьадуьйла кхуза, гӀалина таӀзар дан кечделларш, шайн карахь хӀаллакдаран герз долуш а хила». 2Къилбаседехьа дӀадирзина лаьттачу лакхара ков долчу агӀонера схьавогӀуш ялх стаг гира суна. Церан хӀораннан а карахь хӀаллакдаран герз дара. Цаьрца кхин цхьа стаг вара, шена тӀеюьйхина дуткъачу кӀадих йина йолу бедарш а йолуш, гӀодаюкъарчу доьхкарх дӀабихкина яздархочун гӀирс а болуш. Схьа а баьхкина, сагӀа доккхучу цӀестан кхерчана улло дӀахӀиттира уьш.

3Исраилан халкъан Делан олаллин нур, ша хиллачу каруб-маликана тӀера хьала а даьлла, Делан цӀийнан неӀсагӀина улло деара. ТӀаккха Везачу Эло дуткъачу кӀадих йина бедар а юьйхина, яздархочун гӀирс гӀодаюкъах дӀабихкина волу стаг Шена тӀекхайкхира. 4 aЦо элира: «Ярушалаймехула дӀа а гӀой, гӀалахь мел лелош долу дегаза хӀуманаш бахьана долуш гӀайгӀа еш, узарш деш болчу нехан хьаж тӀехь билгало е».

5Ткъа вукхаьрга Цо элира: «Цунна тӀаьхьа а хӀиттий, гӀалахула дӀагӀо, массо а хӀаллак а веш, цхьаннах а къинхетам а ца беш, цхьа а кхоа а ца веш: 6я воккха стаг а, я жима стаг а, я йоӀ а, я нана а, я бер а. Хьаж тӀехь билгало йолчу цхьана а стагах шу дӀа ма хьакхало. Иза хӀокху Сан цӀенна тӀера дӀадоладе». ТӀаккха цара и хӀума Делан цӀенна хьалха Ӏаш болчу къаношна тӀера дӀадолийра.

7Цаьрга Дала элира: «Сийсаздаккха Делан цӀа, цуьнан керт декъех хьалаюза. ХӀинца дӀагӀо!» Уьш, ара а бевлла, гӀалахь адамаш хӀаллакдан буьйлабелира.

8Уьш нах хӀаллакбан дӀабахча, со цигахь сецира. Лаьтта кхаччалц бертал охьа а таьӀна, аса элира: «Ва, Хьалдолу Эла, Ярушалаймана тӀе Хьайн дералла яржош, исраилхойх массо а тӀаьхьабиснарш хӀаллакбан воллу те Хьо?»

9Цо суна жоп делира: «Дукха къинош летийна Исраилан халкъан а, ЯхӀудан халкъан а наха. Цара берриг а мохк нах хӀаллакбарх хьалабуьзнера, ткъа гӀалахь харцонаш яржийнера. Адамаша шаьш-шайга бохура: „Веза Эла хӀокху махка тӀера дӀавахана, тхо Везачу Элана гуш дац“. 10Иштта, Ас цу нахах къинхетам бийр бац, уьш кхоор бац. Царах даьлларг церан шайн кортошна тӀе дожор ду Аса».

11Цул тӀаьхьа дуткъачу кӀадинан бедарш а юьйхина, гӀодаюкъах дӀабихкина яздархочун гӀирс болчу стага, юха а веана, элира: «Ахьа соьга мел аьлларг ас кхочушдина».
Copyright information for CheCAC2012