‏ Ezra 10

Эдина маренаш дӀадахаран хьокъехь бина барт

1Делан цӀенна хьалха суждане а воьдуш, воьлхуш, халкъо летийначу къиношна ша къера хилар а дуьйцуш, Ӏезара доӀа дечу хенахь, цунна гонах дуккха а исраилхой гулбелира. Царна юкъахь божарий а, зударий а, бераш а дара. Уьш а чӀогӀа боьлхуш бара. 2ТӀаккха Ӏейламан тӀаьхьенах волчу Яхьиалан кӀанта Шихан-ЯхӀус Ӏезаре элира: «Тхо тхайн Далла тешаме ца хилла, тхайна гонах дехаш долчу къаьмнийн зудабераш тхайна маре а дуьгуш. Оха и хӀума лелийнехь а, Исраилан халкъан кхин а сатуьйсийла йисина. 3Ткъа хӀинца тхоьга тхан Далла хьалха барт байтахьара ахьа, хӀара зударий а, цара дина долу бераш а оха дӀадохуьйтур ду аьлла. Сан эла волчу ахьа а, иштта Далла хьалха ларамах буьзна болчу наха а хьоьхуш дерг оха тӀелоцур дара, товрат-хьехамашца тхо лелар а дара. 4ХьалагӀатта, Ӏезар, хӀунда аьлча хӀара хьан гӀуллакх ду, оха хьоьгахьа гӀо а доккхур ду. Доьналла долуш а хилий, и гӀуллакх чекхдаккха!»

5Ӏезар хьалагӀаьттира. Цо динан дайн хьаькамашка а, левихошка а, дерриг а Исраилан халкъе а чӀагӀо яйтира, цара Шихан-ЯхӀус аьлларг дийр ду аьлла. Цара и чӀагӀо йира. 6Цул тӀаьхьа Ӏезар, Делан цӀенна уллора юьстах а ваьлла, Элишубан кӀентан ЯхӀу-Хьанин цӀа чу вахара. Цу чохь яа хӀума а ца юуш, мала а ца молуш буьйса яьккхира цо, хӀунда аьлча, йийсарера юхабирзинчара Далла тешаме доцург лелийна хилар бахьана долуш, чӀогӀа гӀайгӀане вара иза.

7Цо берриг а ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалаймехь а долчу халкъе кхайкхам бира, массо а йийсарера юхавирзина мел волу стаг Ярушалайме схьагулло аьлла. 8Кхаа дийнахь цига ваза висинчу стеган мел долу хьал хьаькамаша а, къаноша а кхел ма-ярра, цуьнгара схьадоккхур ду аьлла хилла, ткъа иза ша йийсарера юхабирзинчеран гуламна юкъара дӀавоккхуш хилла. 9Кхо де дӀадалале, ЯхӀуд-махкара а, Бен-Яман-махкара а мел волу стаг Ярушалайме схьагулвелира. Иза хилла уьссалгӀачу беттан ткъолгӀачу дийнахь. Цу дийнахь дерриг а халкъ Делан цӀенна хьалха йолчу кертахь охьахиъна Ӏаш дара. ГӀуллакхан дозаллина а, догӀуш догӀа хиларна а уьш чӀогӀа бегош бара.

10 Динан да волчу Ӏезара, хьала а гӀаьттина, элира: «Шу Далла тешаме ца хилла, шайна кхечу къаьмнех болу зударий а балийна. И хӀума бахьана долуш Исраилан бехк совбаьлла. 11Шаьш динчунна вайн дайн Дела волчу Везачу Элана хьалха мукӀарло де, ткъа Цуьнан лаам кхочуш а бе. Шайна гонах дехаш долчу адамех а, царах болчу шайн зударех а дӀакъаста».

12ТӀаккха цигахь схьагулвелла мел волчо, чӀогӀа мохь а тухуш, элира: «Ахьа аьлларг дийр ду оха. 13Амма кхузахь дукха адам гулделла, ткъа вайна хӀинца догӀанаш долу хан ю. Тхо арахь ца латтало. Ткъа и хӀума цхьана я шина дийнахь дина чекхдаккха йиш йолуш дац, хӀунда аьлча оцу къилахьчу гӀуллакхца тхох дукхахберш боьзна бу. 14Вайн къаноша кхузахь гулбелла болчу массарна а хьалхара сацам бан беза. Вайн гӀаланашкара кхечу къаьмнийн зударий балийна мел верг йиллинчу хенахь Ярушалайме схьаван веза. Уьш шайн гӀалахь болчу куьйгалхошца а, динан дайшца а цхьаьна схьабахка беза. Иштта вай дийр ду, оцу гӀуллакхна Дела оьгӀазваханчуьра ваставаллалц». 15Масех стаг бен цу сацамна реза воцуш ца хилира. Царна юкъахь ӀасахӀалан кӀант ЯхӀуната а, Тикхавин кӀант Яхьзи-ЯхӀу а вара. Цу шинна тӀетайна Машулим а, левихо волу Шабитай а вара.

16Йийсарера юхадирзина долу Исраилан халкъ цу сацамна реза хилира. ХӀора доьзалера цӀийнан хьалхара болу нах билгалбехира динан да волчу Ӏезара. ХӀора гаранера цхьацца стаг а хаьржина, церан хӀораннан а цӀераш ехира цо. Шеран уьтталгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь схьахаьржина болу нах охьахевшира хӀора доьзалера долу гӀуллакхаш талла. 17Шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь цара шайн кхечу къаьмнийн зударий балийначеран гӀуллакхех лаьцна болу таллам чекхбаьккхира.

Шайна кхечу къаьмнех болу зударий балийнарш

18Динан дайн тӀаьхьенах болчарна юкъара кхечу къаьмнех болу зударий балийначеран цӀераш хӀорш ю: ЮцӀдукъан кӀентан ЮшаӀан тӀаьхьенах берш а, цуьнан вежарий МаӀсей-ЯхӀу а, ЭлиӀазар а, Ярби а, Гадал-ЯхӀу а.

19Цара массара а дош делира шайн зударех дӀакъаста. Цул тӀаьхьа цара хӀорамма а шайн жа юкъара цхьацца уьстагӀ гӀуда такхаран сагӀа санна бахьара. 20Амиран тӀаьхьенах болу Хьанани а, Забди-ЯхӀу а;
21Хьармин тӀаьхьенах болу МаӀсей-ЯхӀу а, Эли-ЯхӀу а, ШамӀа-ЯхӀу а, Яхьиал а, Ӏузи-ЯхӀу а;
22Пашихьуран тӀаьхьенах болу ЭлъюӀейнай а, МаӀсей-ЯхӀу а, ИсмаьӀал а, Натунаил а, Юзабди а, ЭлиӀаса а;
23Левихойх болу Юзабди а, ШамаӀи а, Кхали-ЯхӀу а (цунах Кхилати олуш а хилла), Патахь-ЯхӀу а, ЯхӀуд а, ЭлиӀазар а;
24Илланчашна юкъара Элишуб а хилла.
Делан цӀийнан кевнера гӀаролхой болу Шалум а, Телам а, Ури а хилла.

25Вукху исраилхошна юкъара кхечу къаьмнех болу зударий балийнарш хилла: ПарӀушан тӀаьхьенах волу Рами-ЯхӀу а, Язи-ЯхӀу а, Малки-ЯхӀу а, Мияман а, ЭлиӀазар а, Малки-ЯхӀу а, БенъяхӀу а.
26Ӏейламан тӀаьхьенах болчарна юкъара: Матан-ЯхӀу а, Закри-ЯхӀу а, Яхьиал а, Ӏабди а, Еримати а, Эли-ЯхӀу а.
27Затун тӀаьхьенах болчарна юкъара: ЭлъюӀейнай а, Элишуб а, Матан-ЯхӀу а, Еримати а, Забад а, Азази а.
28Бебайн тӀаьхьенах болчарна юкъара: ЯхӀу-Хьана а, Хьанан-ЯхӀу а, Забай а, Ӏатилай а.
29Банин тӀаьхьенах болчарна юкъара: Машулим а, Малук а, Ӏади-ЯхӀу а, Яшаб а, Шаал а, Еримати а. 30Пахьат-Муабин тӀаьхьенах болчарна юкъара: Ӏаднан а, Калил а, БенъяхӀу а, МаӀсей-ЯхӀу а, Матан-ЯхӀу а, Бацалиал а, Бинуй а, Маннаш а.
31Хьармин тӀаьхьенах болчарна юкъара: ЭлиӀазар а, Йоши-ЯхӀу а, Малки-ЯхӀу а, ШамӀа-ЯхӀу а, ШимӀа а, 32Бен-Яман а, Малук а, Шамри-ЯхӀу а.
33Хьашуман тӀаьхьенах болчарна юкъара: Матинай а, Маттет а, Забад а, Эли-Пулат а, Яримай а, Маннаш а, ШамаӀи а.
34Банин тӀаьхьенах болчарна юкъара: МаӀдай а, Ӏамрам а, Уал а, 35БенъяхӀу а, Беди-ЯхӀу а, ХелихӀу а, 36Вани-ЯхӀу а, Мармути а, Элишуб а, 37Матан-ЯхӀу а, Матинай а, ЯӀсай а.
38Бинуйн тӀаьхьенах болчарна юкъара: ШамаӀи а, 39Шалам-ЯхӀу а, Ната а, Ӏади-ЯхӀу а, 40Махнидбай а, Шашай а, Шарай а, 41Ӏазариал а, Шалам-ЯхӀу а, Шамри-ЯхӀу а, 42Шалум а, Амар-ЯхӀу а, Юсуп а.
43Набун тӀаьхьенах болчарна юкъара: ЯӀиал а, Матит-ЯхӀу а, Забад а, Зибани а, Йодай а, Юал а, БенъяхӀу а.

44Уьш массо а кхечу къомах болу зударий балийна бара. Царах цхьаболчеран цу зударша дина бераш а дара
Царах цхьаболчеран цу зударша дина бераш а дара – я иштта: Цу наха, шайн зударех дӀа а къаьстина, уьш а, цара дина бераш а шайна юххера дӀадехира.
.
Copyright information for CheCAC2012