aАрадаккхар 27:1.
Ezra 3
СагӀа доккхуш болу кхерч меттахӀоттор
1Шеран ворхӀалгӀа бутт тӀекхаьчча, Исраилан халкъ шайн гӀаланашкахь даха охьахиинера. Уьш массо а Ярушалаймехь цхьаъ хилла вовшахкхийтира. 2 aДинан дай болчу шен гергарчаьрца цхьаьна динан ден ЮцӀдукъан кӀанта ЮшаӀа а, шен гергарчаьрца цхьаьна Шалтаалан кӀанта Зурбабела а Исраилан Далла сагӀа доккху кхерч бира, цунна тӀехь дийнаташ дагоран сагӀанаш дахархьама. Цара и кхерч Делан стаг волчу Мусан товрат-хьехамашна тӀехь тӀе-ма-диллара бина дӀахӀоттийра. 3 bШайна гонах долчу къаьмнех уьш кхоьруш хиллехь а, цара и кхерч хьалха хиллачу метте дӀахӀоттийра. Цул тӀаьхьа Ӏуьйранна а, суьйранна а Везачу Элана лерина долу дийнаташ дагоран сагӀанаш даха хӀиттира уьш. 4 cЦул тӀаьхьа, товрат-хьехамашна тӀехь ма-хиллара, кхалорийн деза денош ▼▼Кхалорийн деза денош – и дезде хӀора шеран ворхӀалгӀачу баттахь, ялта кхиарна баркалла кхайкхош, дӀахӀоттош хилла, ворхӀ дийнахь лаьтташ а хилла.
дӀахӀиттийра цара. ХӀора денна лерина долу дийнаташ дагоран сагӀанаш дехира цара. 5 eЦул тӀаьхьа хӀора дийнахь доху дийнаташ дагоран сагӀанаш а, бутт цӀинлучу хенахь доху сагӀанаш а, кхидолу Везачу Элана лерина долу деза денош билгалдохучу хенахь доху сагӀанаш а, шайн лаамца доху сагӀанаш а даха хӀиттира уьш. 6Иштта шеран ворхӀалгӀачу беттан хьалхарчу деношкахь исраилхоша юха а дийнаташ дагоран сагӀанаш даха долийра, Делан цӀийнан бух хӀинца а бина бацахь а. Делан цӀа юхаметтахӀотто доладо
7Цул тӀаьхьа йийсарера юхабирзинчара тӀулг боккхуш болчарна а, дечиг-пхьерашна а ахча лора, ткъа цӀаданхошний, цорахошний даа-мала а, зайтдаьтта а лора, цаьрга хӀорда тӀехула Ливанунера Яппе кхаччалц баганан дитташ дӀадахьийта. Парсихойн паччахь волчу Къуреша царна цу тӀехь пурба деллера. 8Ярушалаймехь лаьттачу Делан цӀа долчу шаьш схьадаьхкина шолгӀачу шеран шолгӀачу баттахь Шалтаалан кӀанта Зурбабела а, ЮцӀдукъан кӀанта ЮшаӀа а болх дӀаболийра. Цаьрца бара церан гергарнаш: динан дай а, левихой а, йийсарера Ярушалайме юхабирзина болу берриг нах а. Цара шайна юкъара ткъа шарал хан тӀехъяьлла болу левихой хаьржира Делан цӀа дечу белхалошна тӀехь куьйгалла латтадайта. 9ЮшаӀ а, цуьнан вежарий а, кӀентий а, иштта Кхадмиал а, цуьнан кӀентий а (уьш ХӀудав-ЯхӀух ▼▼ХӀудав-ЯхӀух – я иштта: ЯхӀудах. Хьажа аят 2:40.
схьабевллера) бара Делан цӀенна тӀехь беш болчу балхана тӀехь куьйгалла деш. Иштта цаьрца бара левихой болу Хьенидадан кӀентий а, церан вежарий а, кӀентий а. 10 gГӀишлоярхой Делан цӀийнан бух боьттина бевлира. ТӀаккха динан дайша, шайн духарш тӀе а дуьйхина, турбанаш каралецира, ткъа левихо волчу Асайпин кӀенташа схьаийцира шинна а куьйгаца вовшахдетташ долу цӀестан жима негӀарш. Цара массара а шайн-шайн меттигаш дӀалецира Везачу Элана хастамаш бан. И хӀума цара Исраилан паччахь хилла волчу Даудан весетаца дира. 11 hХастамаш а беш, баркаллаш а бохуш, цара, кар-кара а оьцуш, Везачу Элана леринчу иллешкахь дӀаолура: «Веза Эла ма дика ву,массо а ханна бу Исраилан халкъе болу
Цуьнан хедар боцу безам».
Дерриг а халкъо хазахетарца мохь беттара, Везачу Элана хастамаш а беш, хӀунда аьлча Делан цӀийнан бух боьттина баьллера. 12Амма хан яьлла а, хьалха кхузахь хилла долу Делан цӀа гина а дукхахболу динан дай а, левихой а, тайпанийн тхьамданаш а, керлачу Делан цӀийнан бух боьттина шайна гича, мохь а бетташ, боьлхуш бара. Ткъа вукхарах дукхахболчара хазахетарца маьхьарий деттара. 13Царна юкъахь къасталуш дацара боьлхуш болчеран а, хазахетарца маьхьарий детташ болчеран а аьзнаш, хӀунда аьлча геннара схьахезаш дара церан аьзнаш.
Copyright information for
CheCAC2012