Ezra 5
1 aЦу хенахь Хьагай-пайхамар а, иштта Ӏидун кӀант Закри-ЯхӀу-пайхамар а Исраилан халкъан Делан цӀарах ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалаймехь а болчу яхӀудхошка Делера болу хаамаш бан волавелира. 2 bТӀаккха Шалтаалан кӀант волу Зурбабел а, ЮцӀдукъан кӀант волу ЮшаӀ а юха а Ярушалаймехь долчу Делан цӀен тӀехь болх бан волавелира. Царна накъосталла деш Делан пайхамарш а бара. 3Цу хенахь царна тӀевеара Эпрат-хил малхбузехьа долчу латтанашна тӀехь хьаькам волу Татинай. Цуьнца цхьаьна Шатар-Бузнай а вара, шеца цхьаьна куьйгалхой а болуш. Цара Зурбабеле а, ЮшаӀе а хаьттира: «Шуна хьан бакъо елла хӀара Делан цӀа дан а, кхуьнан пенаш дина довлийта а?» – аьлла. 4ТӀаккха оха дӀайийцира царна и гӀишло еш болчеран цӀераш. 5Амма Дела яхӀудхойн тхьамданаш ларбеш вара. Цара шайн болх саца ца бира, шаьш Дари-Ваша-паччахье хаам дӀа а бахьийтина, цунна дуьхьал шайна жоп даллалц. 6Эпрат-хил малхбузехьарчу латтанаш тӀехь хьаькам волчу Татинайс а, иштта Шатар-Бузнайс а, Эпрат-хил малхбузехь цаьрца цхьаьна куьйгалла деш болчара а паччахь волчу Дари-Ваше дахьийтина кехат иштта ду. 7Кехатан чулацам хӀара бу: «Боккхачу машарехь Ӏойла хьо, Дари-Ваша-паччахь! 8Паччахьна дӀахоийла тхо яхӀудхойн махкахь долчу Веза Воккха волчу Делан цӀа дахана хилар. ЯхӀудхоша и цӀа даккхийчу тӀулгех деш ду, цу тӀулгашна юккъе дечиган дукъош а хӀиттош. ЯхӀудхоша и болх лерина беш бу, церан куьйгаша иза кхиамца а бо. 9Оха церан тхьамданашка хаьттира: „Шуна хьан елла бакъо хӀара Делан цӀа дан а, кхуьнан пенаш дина далийта а?“– аьлла. 10Цул сов, оха церан цӀераш а хаьттира. Тхан Ӏалашо яра церан цӀераш дӀаязъяр, церан коьртехь берш хьуна бовзийтархьама. 11Цара тхоьга делла долу жоп иштта дара: „Стигалан а, лаьттан а Дела Волчун леш ду тхо. Дуккха а шераш хьалха дина долу Делан цӀа юхаметтахӀоттош ду тхо. ХӀара цӀа Исраилан халкъан сийлахьчу паччахьо дина чекхдаьккхина а ду. 12 cАмма тхан дайша стигалара Дела оьгӀазвахийтира. ТӀаккха Дала Бавел-мехкан паччахь волчу хашадхочун Набухди-Нецаран кара дӀабелира тхан дай. Набухди-Нецара Делан цӀа доха а дина, халкъ Бавеле дӀадигира. 13 dАмма ша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь Бавелан паччахь волчу Къуреша леррина омра дира, Делан цӀа юхаметтахӀоттаде аьлла. 14Набухди-Нецара, Ярушалаймехь долчу Делан цӀа чуьра ара а яьхна, Бавелехь долчу деланийн цӀа чу яьхьна йолу дешин а, детин а пхьегӀаш, Къуреша, юха а Бавелехь долчу деланийн цӀа чуьра ара а яьхна, ЯхӀудан мехкада хӀоттийна волчу Шишбацаре дӀаелира. 15Къуреша Шишбацаре элира: ‘ХӀара дешин а, детин а хӀуманаш, схьа а эций, Ярушалаймехь долчу Делан цӀа чу юха дӀахьо. Ткъа Делан цӀа ша хьалха хиллачу меттехь дӀахӀоттаде’. 16ТӀаккха Шишбацара, юха схьа а веана, Ярушалаймехь Делан цӀийнан бух боьттира. ХӀетахь дуьйна схьа и цӀа деш а ду, хӀинца а дина далаза а ду“. 17Нагахь санна хьайн лаам хилахь, Бавелехь долчу паччахьийн тептарш тӀехь дӀаяздинарг лахийта, Къуреш-паччахьо баккъал а, Ярушалаймехь Делан цӀа дан мегар ду аьлла, пурба делла хилар хаархьама. Цул тӀаьхьа тхоьга кехат даийтахьара ахьа, цу гӀуллакхна тӀехь хьан лаам муха бу тхуна дуьйцуш».
Copyright information for
CheCAC2012