‏ Ezra 7

Ӏезар Ярушалайме вогӀу

1Дикка хан яьллачул тӀаьхьа, Парси-махкахь Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу хенахь, Бавел-гӀалара Ярушалайме веара Хьалкхи-ЯхӀун кӀант волчу Ӏазар-ЯхӀун кӀентан Сари-ЯхӀун кӀант волу Ӏезар. 2Хьалкхи-ЯхӀу Шалуман кӀант хилла, Шалум ЦӀадукъин кӀант хилла, ЦӀадукъа Ахьтубин кӀант хилла, 3Ахьтуби Амар-ЯхӀун кӀант хилла, Амар-ЯхӀу Ӏазар-ЯхӀун кӀант хилла, Ӏазар-ЯхӀу Маръютин кӀант хилла, 4Маръюти Зарахь-ЯхӀун кӀант хилла, Зарахь-ЯхӀу Ӏузин кӀант хилла, Ӏузи Букхайн кӀант хилла, 5Букхай АбишуӀан кӀант хилла, АбишуӀ Пайнехьасан кӀант хилла, Пайнехьас ЭлиӀазаран кӀант хилла, ткъа ЭлиӀазар динан коьрта да волчу АхӀаронан кӀант хилла.

6Ӏезар Бавел-гӀалара новкъа велира. Исраилан халкъан Везачу Дала Муса-пайхамарехула белла товрат-хьехамаш дика хууш волу Ӏелам стаг хилла иза. Паччахь волчу Артахь-Шаштас Ӏезарна цо мел дехна долу массо а хӀума делла хилла, хӀунда аьлча Веза Эла Ӏезарца хилла. 7Ӏезарца схьабаьхкина хилла дуккха а исраилхой. Царна юкъахь динан дай а, левихой а, илланчаш а, кевнехь лаьтташ болу гӀаролхой а, Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш берш а хилла. Уьш шаберш а Артахь-Шашта паччахьаллехь волу ворхӀалгӀачу шарахь схьабаьхкира. 8Ӏезар Ярушалайм-гӀала схьавеара Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу ворхӀалгӀачу шеран пхоьалгӀачу баттахь. 9Ӏезар а, цуьнан накъостий а Бавел-гӀалара арабевллера шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь, ткъа уьш Ярушалайм-гӀала схьабаьхкинера пхоьалгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь, хӀунда аьлча Шен диканца Дела цуьнца вара. 10Иза иштта хилира, хӀунда аьлча цо шен дог Везачу Элан товрат-хьехамаш Ӏаморна а, уьш кхочушбарна а, иштта Исраилан халкъана цуьнан парзаш а, тӀедехкинарш а хьехарна а тӀедерзийнера.

Артахь-Шаштас Ӏезаре кехат яздо

11 Динан да а, Ӏелам стаг а волуш, Исраилан халкъана Везачу Эло тӀедехкинарш а, Цуьнан парзаш а дикка хууш волчу Ӏезаре паччахьо кехат яздина хилла. ХӀара бу цу кехатан чулацам: 12«Паччахьийн а паччахь волчу Артахь-Шаштера динан да волчу Ӏезаре, Делан кхоччуш болчу товрат-хьехамаш тӀехь Ӏелам стаг а волчу, иштта кхидӀа а
ШуьйтталгӀачу аятана тӀера дуьйна, ткъе йолхалгӀачу аятана тӀекхаччалц хӀара тептар арамхойн маттахь яздина ду.
.
13Аса иштта омра до: сан пачхьалкхехь бехаш болчу исраилхойх, я церан динан дайх, я левихойх хьоьца Ярушалайме ваха лууш волу муьлхханиг а дӀаваха мегар ду. 14Сан а, сан ворхӀ хьехамчийн а цӀарах вахийтина ма ву хьо ЯхӀуд-махка а, Ярушалайме а, хьан Делан болчу а, хьан карахь болчу а товрат-хьехамашца цигара халкъ дехаш дуй таллархьама. 15Аса а, сан хьехамчаша а Ярушалаймехь Шен цӀа долуш волчу Исраилан Далла тхешан лаамца сагӀина делла деши а, дети а хьайца дӀадахьа деза ахьа. 16Бавел-махкахула ахьа схьагулдо деши а, дети а, иштта халкъо а, динан дайша а шайн лаамца Ярушалаймехь долчу Делан цӀенна сагӀина дӀаделларг а хьайца дӀахьо. 17Цу ахчанах билггала стерчий а, уьстагӀий а, Ӏахарий а иштта кӀа а, чагӀар а эца. Ярушалаймехь долчу Делан цӀийнан кертахь сагӀа доккхучу кхерча тӀехь и массо а хӀуманаш сагӀина ло. 18Хьуна а, хьан накъосташна а тӀаьхьадисинчу дешица а, детица а дан дика хеташ дерг де, иза шун Делан лаамехь делахь. 19Делан цӀа чохь гӀуллакх дан хьайга дӀаелла йолу пхьегӀаш, Ярушалаймерчу Далла хьалха дӀа а хьой, охьахӀиттае. 20Аса хьуна бакъо ло хьан Делан цӀенна оьшуш мел долу хӀума, паччахьан хазни чуьра схьа а эцна, дӀадахьа.
21Аса, паччахь волчу Артахь-Шаштас, сан Эпрат-хил дехьа йолу хазна ларъеш мел болчарна тӀедуьллу: шайга динан да а волчу, стигаларчу Делан товрат-хьехамаш нахана хьоьхуш а волчу Ӏезара дӀадеххнарг, мало а ца еш, дӀало. 22Цхьа бӀе гали дети а, пхи бӀе гали кӀа а, ворхӀ бӀе чами чагӀар а, ворхӀ бӀе чами зайтдаьтта а ца кхоччуш, барам боццуш туьха а Ӏезаре дӀадала мега. 23Стигаларчу Дала Шен цӀенна мел дехнарг Цунна леррина дӀадала деза, Иза паччахьна а, цуьнан кӀенташна а оьгӀаз ца вахийта. 24Кхин цхьа хӀума а ду сан хьоьга дӀахаийта: цхьана а динан дегара а, левихочуьнгара а, илланчера а, Делан цӀийнан кевнера гӀаролхочуьнгара а, иштта Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчу ялхошкара а ясакх а, я ял а яккха мегар дац.
25Ткъа ахь, Ӏезар, хьан Дала хьуна деллачу хьекъалца куьйгалхой а, кхелахой а дӀахӀиттабе. Уьш Эпрат-хил дехьа малхбузехьа болчу а, хьан Дала беллачу товрат-хьехамашца бехаш болчу а нахана тӀехь куьйгалла деш хир бу. Ткъа и товрат-хьехамаш ца хууш болчарна Ӏамабе уьш. 26Хьан Делан товрат-хьехамашца а, я паччахьан Ӏедалца а бохуш дерг ца динчунна кхоччуш таӀзар дан догӀуш ду. Цо диначуьнга хьаьжжина, иза вийна, я кхечу махка дӀаэккхийна, я цуьнан бахам схьабаьккхина, я набахти чу воьллина хила везаш ву».

Ӏезара Далла хастамаш бо

27Ӏезара элира: «Декъала ву вайн дайн Дела волу Веза Эла. Цо паччахьна даг чу диллина, Ярушалаймехь долчу Везачу Элан цӀийнан иштта сийде аьлла. 28Везачу Дала соьгахьа болу Шен хедар боцу безам паччахьна а, цуьнан хьехамчашна а, массо а сийлахьчу элашна а хьалха схьагайтина. Везачу Эло суна гӀо дарна, со иракара а хӀоьттина, ткъа исраилхойн куьйгалхойх дукхахберш сайца Ярушалайме бига схьагулбина».
Copyright information for CheCAC2012