Ezra 8
Йийсарера юхабирзинарш
1ХӀорш ю Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу хенахь соьца, Ӏезарца, Бавел-махкара арабевллачеран тайпанийн тхьамданийн а, цаьрца цхьаьна тептарш тӀехь аса дӀаязбинчеран а цӀераш: 2Пайнехьасан тӀаьхьенах – ГӀиршан;Итамаран тӀаьхьенах – Даниал;
Даудан тӀаьхьенах – Хьатуш;
3Шихан-ЯхӀун тӀаьхьенах берш;
ПарӀушан тӀаьхьенах – Закри-ЯхӀу а, цуьнца цхьаьна цхьа бӀе шовзткъе итт дӀаязвина боьрша стаг а;
4Пахьат-Муабин тӀаьхьенах – Зарахь-ЯхӀун кӀант Эли-ЯхӀу-Ӏейни а, цуьнца ши бӀе боьрша стаг а;
5Затун тӀаьхьенах – Яхьазиалан кӀант Шихан-ЯхӀу а вара, цуьнца кхо бӀе боьрша стаг а;
6Ӏадин тӀаьхьенах – ЯхӀунатин кӀант Ӏабайд а, цуьнца шовзткъе итт стаг божарий а;
7Ӏейламан тӀаьхьенах – Ӏатал-ЯхӀун кӀант ЯшаӀ-ЯхӀу а, цуьнца кхузткъе итт боьрша стаг а;
8Шапат-ЯхӀун тӀаьхьенах – Микаалан кӀант Забди-ЯхӀу а, цуьнца везткъа боьрша стаг а;
9Йоабан тӀаьхьенах – Яхьиалан кӀант Ӏабди-ЯхӀу а, цуьнца ши бӀе берхӀитта боьрша стаг а;
10Банин тӀаьхьенах – Юсуп-ЯхӀун кӀант Шалумати а, цуьнца бӀе кхузткъа боьрша стаг а;
11Бебайн тӀаьхьенах – Бебайн кӀант Закри-ЯхӀу а, цуьнца ткъе бархӀ боьрша стаг а;
12ӀазгӀадин тӀаьхьенах – ХӀакхитанан кӀант Йохьан а, цуьнца бӀе итт боьрша стаг а;
13Адуникхаман тӀаьхьенах тӀаьхьарнаш: Эли-Пулат, ЯӀиал, ШамӀа-ЯхӀу, иштта цаьрца кхузткъа боьрша стаг а;
14БигӀвайн тӀаьхьенах – Ӏутай а, Закхур а, цаьрца кхузткъе итт боьрша стаг а.
Ярушалайме юхаберзар
15Аса АхӀава-гӀала доьдуш долчу хи йисте схьагулбира уьш. Цу меттехь тхо кхаа дийнахь лаьттира. Нахе хьаьжча, суна хиира царна юкъахь динан дай буйла, амма левихой бацара. 16ТӀаккха аса куьйгалхой болчу ЭлиӀазаре а, Ариале а, ШамӀа-ЯхӀуга а, Эли-Натига а, Ярбига а, Эли-Натига а, Натига а, Закри-ЯхӀуга а, Машулиме а схьакхайкха бахийтира, иштта Ӏелам нах болчу ЯхӀу-Ярбига а, Эли-Натига а схьакхайкхира. 17Аса и нах Касипай-гӀалин куьйгалхо волчу Ӏидуна тӀе бахийтира, цара Ӏидуга а, цуьнан гергарчу нахе а дӀаала дезарг дӀа а хьехна. Цуьнан гергара нах Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх дийраш бу. Аса и нах Ӏиду волчу бахийтира, цаьрга тхо долчу нах балабайта, вайн Делан цӀа долчохь гӀуллакх дайтархьама. 18Вайн Дела Шен диканца тхоьца хилар бахьана долуш, Ӏидун гергарчу наха тхо долчу воккха хьекъалча волу Шараб-ЯхӀу ваийтира. Иза Левин кӀант волчу Махьлин тӀаьхьенах вара. Ткъа Леви Исраилан кӀентех цхьаъ вара. Цара тхо долчу Шараб-ЯхӀу а, цуьнан кӀентӀий а, цуьнан вежарий а бахкийтира. Иштта цу доьзалера берхӀитта стаг веара тхо долчу. 19Цара иштта Мерарин тӀаьхьенах волу Хьашби-ЯхӀу а, ЯшаӀ-ЯхӀу а ваийтира. Цара шайн вежарий а, вежарийн бераш а дахкийтира. Цу доьзалера верриг а ткъа стаг веара. 20Цара иштта ши бӀе ткъа Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх дийриг а ваийтира. Церан дай Дауда а, цуьнан тӀеман хьаькамаша а левихошна гӀо дан хаьржина хилла. Церан цӀераш массеран а цӀерашна юкъахь дӀаязйина хилла. 21Цигахь, АхӀава-хи долчохь, аса хаам бира, оха массара а марха кхаба деза аьлла. Аса иштта цаьрга дӀаэлира, оха массаьрга а Далла хьалха тхешан дог эсала дан а деза, Деле тхан а, тхан берийн а, тхан бахаман а некъ дика хилийтар деха а деза аьлла. 22Тхан некъаш тӀехь мостагӀий хила мегара, делахь а суна чӀогӀа эхь хетара Артахь-Шашта-паччахье тхо новкъахь лардайта эскар а, дошлой а беха, хӀунда аьлча оха паччахье аьллера: «Тхан Дала хӀора Иза лоьхучунна диканиг до. Амма Цуьнан нуьцкъалалла а, оьгӀазло а Цунна букъ берзийначунна дуьхьал ер ю». 23Иштта, марханаш а кхобуш, цунах лаьцна оха тхайн Деле дийхира, Цо тхуна жоп а делира. 24Цул тӀаьхьа куьйгалла деш болчу динан дайшна юкъара аса шийтта схьахаьржира. Цул сов Шараб-ЯхӀу а, Хьашби-ЯхӀу а, церан гергарчарах итт а схьакъастийра ас. 25Царна хьалха ас уьйзира Артахь-Шашта-паччахьо а, цуьнан хьехамчаша а, элаша а, массо а цигарчу исраилхоша а Делан цӀенна дӀаделла долу деши а, дети а, пхьегӀаш а. 26Оьзначул тӀаьхьа аса церан кара хӀара дӀаделира: дети – ялх бӀе шовзткъе итт мазал;детин пхьегӀаш – бӀе;
деши – бӀе мазал;
27дешин кад – ткъа (цхьа эзар дарик олу деши ахччанал);
дешин метта лоруш долчу уггар дикачу къегаш долчу цӀестан пхьегӀа – шиъ.
28Цул тӀаьхьа аса цаьрга элира: «Шу а, хӀара пхьегӀаш а, Везачу Элана дӀа а къастийна, Цуьнан долахь ю. ХӀара деши а, дети а Везачу Элана, шун дайн Далла, адамаша шайн лаамца делла совгӀаташ ду. 29И хӀуманаш леррина ларъелаш, динан дайн куьйгалхошна а, левихошна а, исраилхойн тайпанийн тхьамданашна а хьалха, Ярушалаймехь долчу Делан цӀийнан чоьнашкахь аша уьш оззалц». 30Динан дайша а, левихоша а и оьзна долу деши а, дети а, пхьегӀаш а шайга дӀаийцира, уьш Ярушалаймехь долчу тхан Делан цӀа чу дӀаяхьа. 31Шеран хьалхарчу беттан шийтталгӀачу дийнахь АхӀава-хи долчуьра Ярушалайме даха арадевлира тхо. Некъ чекхбаллалц Дела тхоьца вара, тхо мостагӀех а, талорхойх а лар а деш. 32Ярушалайме схьа а даьхкина, оха цигахь кхаа дийнахь садаьӀира. 33ДоьалгӀачу дийнахь оха, Делан цӀа долчу а дахана, оза а узуш, деши а, дети а, пхьегӀаш а динан да волчу УръяхӀун кӀанте Мармутига дӀаелира. Мармутица Пайнехьасан кӀант ЭлиӀазар вара, ткъа цаьрца левихой болу ЮшаӀан кӀант Юзабди а, Бинуйн кӀант НуӀад-ЯхӀу а вара. 34Оха массо а хӀума оццу хенахь, ягар а йина, оза а оьзна, дӀаязйира. 35Цул тӀаьхьа йийсарера юхабирзинчу наха дийнаташ дагоран сагӀанаш дохура Исраилан Далла лерина. Массо а Исраилан халкъан дуьхьа шийтта сту а, безткъе ялхитта уьстагӀ а, кхузткъе вуьрхӀитта Ӏахар а сагӀина беара цара. Иштта цара шийтта бож къинах долу сагӀа санна еара. И массо а бежана цара дийнаташ дагоран сагӀанаш санна еара Везачу Элана. 36Цул тӀаьхьа цара паччахьан тхьамданашка а, Эпрат-хина малхбузехьа долу латтанаш карахь долуш болчу хьаькамашка а дӀаделира и паччахьан весеташ. ТӀаккха цу куьйгалхоша гӀо дира Исраилан халкъана а, Делан цӀенна а.
Copyright information for
CheCAC2012