aАрадаккхар 34:11-16; Карлабаьккхинарг 7:1-5.
Ezra 9
Исраилхоша шайна кхечу халкъийн зударий балийнийла Ӏезарна дӀахаар
1И хӀума чекхдаьллачул тӀаьхьа со волчу Исраилан куьйгалхой баьхкира. Цара элира: «Исраилан халкъана гонах канаӀанхой а, хьетахой а, перезахой а, явсайхой а, Ӏамминхой а, муабахой а, мисархой а, эмархой а Ӏаш бу. Оцу къаьмнаша Далла хьалха дегаза гӀуллакхаш леладо. Ткъа Исраилан халкъ, иштта динан дай а, левихой а, дӀа ца къаьстира оцу къаьмнех а, цара лелочух а. 2Исраилхоша шайна гонах дехаш долчу халкъийн зударий балор бахьана долуш, Делан долахь долу халкъ кхечу къаьмнех дӀаийнера. И къа шайх леточеран могӀаршкахь бара мехкан куьйгалхой а, кхиболу хьаькамаш а». 3И дешнаш сайна хезча, аса сайна тӀейоьхна йолу тӀехулара а, чухулара а бедарш этӀийра, сайн коьртара а, маж тӀера а чоьш а дехира. Со чӀогӀа гӀайгӀане хилла охьахиира. 4ТӀаккха, йийсарера юхабирзинчара леладо хьарам гӀуллакхаш бахьана долуш, Исраилан Дала аьллачунна вегош мел волу стаг со волчу схьагулвелира. ЧӀогӀа гӀайгӀане волу со суьйранна сагӀа доккху хан тӀекхаччалц Ӏийра. 5Суьйранна сагӀа доккху хан тӀекхаьчча, со хьалагӀаьттира. Сан тӀехулара а, чухулара а бедарш этӀийна яра. Гора а хӀоьттина, аса сайн Везачу Деле куьйгаш дӀакховдийра. 6Аса элира: «Сан Дела! Сайна эхь хетарна со Хьоьга дӀа ца хьажало, хӀунда аьлча тхан къинош тхан коьртал а лакхадевлла, ткъа тхан бехк стигалал а лакхабаьлла. 7Тхан дайшкара дуьйна таханлера де тӀекхаччалц, оха даккхий къинош летийна. И къинош бахьана долуш тхо а, тхан паччахьаш а, тхан динан дай а кхечу махкара болчу паччахьийн кара дӀаделира Ахь. Уьш тхуна тӀе а летара, тхан нах цара дӀа а буьгура, тхуна цара талораш а дора, тахана а ма-даккхара, сийсаза а дохура. 8Ткъа хӀинца, ва тхан Веза Дела, кӀезигчу ханна тхох къинхетам бина Ахь. Ахьа цхьаболчарна йийсарех кӀелхьардовла пурба а делла, Хьан долахь йолчу кху меттиге уьш дика охьа а ховшийтина. Ахьа тхан бӀаьргаш схьадиллина, тхуна чу са а даийтина, йийсарера кӀелхьара а даьхна. 9Тхо леш дара, амма лоллехь долуш а Ахьа тхо Хьайн терго йоцуш ца дитира. Ахьа Парси-махкара болу паччахьаш а тхоьца къинхетаме хилийтира. Ахьа тхуна керла дахар делира, Хьан цӀа дохийначуьра юхаметтахӀотто ницкъ а белира. Ахь динарг бахьана долуш, Ярушалаймехь а, ЯхӀуд-махкахь а тхо хӀинца маьршачу пенашна тӀехьа Ӏало. 10Ткъа хӀинца, тхан Дела, оха хӀун эр ду Хьоьга, Ахьа тӀедиллинчунна тӀера тхо дӀадевлла хилча? 11Хьайн лай болчу пайхамаршкахула Ахьа тхоьга дина весеташ дара. Ахьа тхоьга элира: „Шун дола даккхархьама шу дӀадоьлхуш долу латта – иза шена чохь Ӏаш долчу къаьмнаша лелийна дегазачу гӀуллакхаша талхийна латта ду. Дегаза хӀуманаш а лелош, церан боьхачу гӀуллакхашца оцу адамаша и латта дуьзнера цхьана йистера дуьйна вукху йисте кхаччалц. 12 aЦундела шайн кӀенташка церан зудабераш маре ма даладайта, шайн зудабераш цаьрга маре дӀа а ма дигийта. Цу нахах дӀа ма кхета! Машар я диканиг цаьрца цкъа а ма леха. Шу иштта лелахь, онда хир ду шу, лаьтто кхиийна мел дерг аша дуур ду, хӀара латта гуттаренна шун берийн дола долуьйтур ду“. 13Тхайна тӀехӀоьттинчунна бехке тхо тхаьш ду. Оха вонаш дора, цундела тхуна тӀехь боккха бехк бу. Ахьа, тхан Дела, тхуна таӀзар дира, амма оха лелийначуьнга хьаьжча, иза кӀезиг таӀзар дара. Ахь ур-атталла цхьаболчарна йийсарера кӀелхьардовла пурба а делира. 14Вонаш лелош болчеран зудабераш маре а дуьгуш, цаьрга тхайнаш маре а дохуьйтуш, Хьан весеташ кхин цкъа муха дохор ду оха? Оха иза лелийча, тхо хӀаллакдал чӀогӀа оьгӀаз муха гӀур вац Хьо? ТӀаккха тхох цхьа а дийна а вуьсур вац, цхьа а стаг кӀелхьар а вер вац. 15Исраилан халкъан Веза Дела, Хьо нийса велахь а, тхох цхьадерш таханлерчу дийне тӀекхаччалц дийна дисийтира Ахь. Тхо бехке ду, ткъа тхайна тӀера бехк бахьана долуш, тхох волу цхьа а стаг Хьуна хьалха латта йиш йолуш ма вац!»
Copyright information for
CheCAC2012