‏ Ezra 1

Къуреша йийсархошна ЯхӀуд-махка цӀа берза пурба ло

1 aПарсихойн паччахь волчу Къуреша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь, Ша Ярми-ЯхӀугахула ваӀда динарг кхочушдархьама, Везачу Эло Къурешан са карзахдаьккхира цхьа сацам дӀаязбан а, ткъа и сацам дерриг а цуьнан пачхьалкхехула дӀасакхайкхабайта а: 2 b«Иштта боху парсихойн паччахь волчу Къуреша: стигалийн Дела волчу Везачу Эло дуьненан ерриг а пачхьалкхаш схьаелира суна, ткъа Цо тӀедиллина суна, ЯхӀуд-махкахь йолчу Ярушалаймехь Шена цӀа де аьлла. 3Веза Эла – Исраилан Дела ву, Ярушалаймехь волу Дела ву. Шуна юкъахь Везачу Элан халкъах мел болчаьрга аса боху: шун Дела шуьца а хуьлийла, шу ЯхӀуд-махкарчу Ярушалайме а гӀойла, аша Везачу Элан цӀа а дойла. 4Дийна бисина болу исраилхой болчу меттигашкарчу бахархоша гӀо дан деза цу нахана. Царна дети а, деши а, бахам а, кира лело даьхни а, шайн лаамца делла совгӀаташ а ло, Ярушалаймехь долчу Делан цӀенна лерина долу».

5ХьалагӀевттира Ярушалайме баха кийча болу ЯхӀудан а, Бен-Яманан а тайпанийн тхьамданаш а, динан дай а, левихой а. Царах волу хӀора стаг а Ярушалайме Везачу Элана цӀа дан воьдуш вара. Иштта Дала шена чохь и лаам кхоьллина волу массо стаг цига ваха кечвеллера. 6Массо а лулахоша шайн лаамца гӀо дора царна совгӀаташца. Цара детин пхьегӀашца а, дешица а, бахамца а, кира лелочу даьхница а, шайн лаамехь деллачу совгӀаташца а гӀо дора царна.

7Къуреш-паччахьо Везачу Элан массо а хӀума арадаьккхира, Набухди-Нецара, Ярушалаймера ара а даьккхина, шен харцделанийн цӀа чу охьадиллина долу. 8Парсихойн паччахь волчу Къуреша шен хазна карахь йолчу Митрудатина тӀедиллира и хӀуманаш цигара араяхар. Митрудатис уьш ЯхӀудан эла волчу Шишбацаран кара дӀаелира. 9Цигара араяьхна йолу хӀуманаш хӀорш ю:

дешин бошхепаш – ткъе итт;

детин бошхепаш – цхьа эзар;

арсаш – ткъе исс;

10дешин кедаш – ткъе итт;

кхидолу детин кедаш – биъ бӀе итт;

кхидолу кедаш – цхьа эзар.

11Ерриг а цигахь хилларг пхи эзар йиъ бӀе детиххий, дешиххий йина пхьегӀа яра. Шишбацара и хӀуманаш йийсархой Бавелера Ярушалайме юхабоьлхуш шеца дӀаяьхьира.
Copyright information for CheCAC2012