Ezra 4:24
Делан цӀа юхаметтахӀоттор юха а доладар
aЯрушалаймехь долчу Делан цӀенна тӀехь беш болу белхаш сацийнера. И болх сацийначохь лаьттира Парсин-мехкан паччахь Дари-Ваша паччахьаллехь волу шолгӀа шо доладаллалц.24 Ezra 5:1-2
1 bЦу хенахь Хьагай-пайхамар а, иштта Ӏидун кӀант Закри-ЯхӀу-пайхамар а Исраилан халкъан Делан цӀарах ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалаймехь а болчу яхӀудхошка Делера болу хаамаш бан волавелира. 2 cТӀаккха Шалтаалан кӀант волу Зурбабел а, ЮцӀдукъан кӀант волу ЮшаӀ а юха а Ярушалаймехь долчу Делан цӀен тӀехь болх бан волавелира. Царна накъосталла деш Делан пайхамарш а бара.
Copyright information for
CheCAC2012