b Арадаккхар 12:1-20.
Ezra 6
Къуреш-паччахьо дина омра тептарш тӀехь карадар
1Цул тӀаьхьа Дари-Ваша-паччахьо тӀедиллира, Бавел-гӀалахь йолчу пачхьалкхан хазни чохь дӀадиллина долчу тептарш тӀера цу хӀуманах лаьцна дӀаяздинарг схьалаха аьлла. 2Мадай-махкахь лаьттачу Ахьмати-гӀалин паччахьан цӀа чохь карийра цхьа тептар. Цу тептар тӀехь яздина хилла: «Диц ца далийта:3Шен паччахьалла дӀахӀоьттинчу хьалхарчу шарахь Къуреш-паччахьо Ярушалаймехь долчу Делан цӀийнах лаьцна омра дира. СагӀанаш доху меттиг санна Делан цӀа дӀахӀоттаде, ткъа цуьнан бух юхаботта. Цу цӀийнан лакхалла кхузткъа дол, шоралла а кхузткъа дол хила еза. 4Цу цӀийнан пенаш иштта дина хила деза: даккхийчу тӀулгех динчу кхоккха могӀарна тӀе дечиган бӀогӀамех бина цхьа могӀа билла. Ерриг а харж паччахьан хазни чуьра схьаэца еза. 5Делан цӀенна чуьра йолу дашо а, дато а пхьегӀаш, Набухди-Нецара Ярушалаймехь долчу Делан цӀа чуьра схьа а эцна, Бавел-гӀала дӀаяьхьна йолу, шайн метте Ярушалаймехь долчу Делан цӀа чу юхаерзо еза. Царах йолу хӀора хӀума Делан цӀа чу шайн-шайн метте охьайилла еза».
Дари-Ваша-паччахьо Делан цӀа кхидӀа а дан тӀедиллар
6Цул тӀаьхьа Дари-Ваша-паччахьо иштта жоп дӀадахьийтира: «Эпрат-хил малхбузерчу меттигийн хьаькам волу Татинай а, Шатар-Бузнай а, цуьнца цхьаьна цигахь куьйгалла деш берш а Ярушалаймехь деш долчунна юкъагӀерта ца беза. 7Делан цӀенна тӀехь беш болу белхаш саца ма белаш. ЯхӀудхойн мехкадас а, церан тхьамданаша а Делан цӀа ша хьалха хиллачу метте дӀахӀоттаде. 8Делан цӀа деш болчу яхӀудхойн тхьамданашна гӀо дар аса шуна тӀедуьллу. Иштта Эпрат-хил малхбузерчу латтанашкара схьагулдинчу ясакхах долу хӀума паччахьан хазни чуьра, сихонца схьа а эций, цу цӀен тӀехь болх беш болчу нахана дӀало и болх цаьрга саца ца байта. 9Цу нахана царна оьшуш мел долу хӀума дӀало. Динан дайшна стигаларчу Далла дагоран сагӀанаш даха эсий, уьстагӀий я Ӏахарш эшахь, царна уьш дӀало. Нагахь санна Ярушалаймерчу динан дайша кӀа а, туьха а, чагӀар а, даьтта а дехахь, уьш а царна, кхоа ца деш, хӀора дийнахь дӀало. 10ЯхӀудхойн динан дайшна и шадерг а дӀало, цаьрга стигаларчу Далла хазахеташ долу сагӀанаш дахийта а, паччахьан а, цуьнан кӀентийн а дахарна тӀера доӀанаш дайта а. 11Аса иштта омра до: нагахь санна цхьаммо хӀара омра кхочуш ца дахь, цу стеган цӀийнах боллуш болу бӀогӀам схьа а баьккхина, иза цу бӀогӀамана тӀевогӀа. И зулам бахьана долуш цуьнан цӀенойх саьлнаш ян еза. 12Ярушалайм Шен цӀе язъян хаьржинчу Дала таӀзар дойла хӀара аса аьлларг хуьйцур долуш волчу я Ярушалаймехь долу Делан цӀа дохо шен куьг дӀакховдийначу муьлхха а паччахьна а, халкъана а.Аса, Дари-Вашас, хӀара омра дина. Аса аьлла ма-хиллара, хӀара кхочушдойла».
Делан цӀа дина далар а, иза къобалдар а
13ТӀаккха Эпрат-хил малхбузехьарчу меттигийн хьаькам волчу Татинайс а, Шатар-Бузнайс а, цаьрца цхьаьна куьйгалла деш болчара а, Дари-Вашас ма-аллара, цуьнан омра хила ма-деззара кхочушдора. 14 aЯхӀудхойн тхьамданаша Делан цӀа даран балха тӀехь кхиамаш бохура, Хьагайс а, Ӏидун кӀант волчу Закри-ЯхӀус а Делера болчу хаамашкахула уьш иракара а хӀиттош. Цара Исраилан Дела волчун лаамца, Парси-мехкан паччахьаша Къуреша а, Дари-Вашас а, иштта Артахь-Шаштас а ма-аллара кхочушдора шайна тӀедиллинарг. 15Делан цӀа дина делира Адар-беттан кхозлагӀчу дийнахь, Дари-Ваша паччахьаллехь волчу йолхалгӀачу шарахь. 16Исраилан халкъо хазахетарца даздира Делан цӀа къобалдар. Царна юкъахь бара динан дай а, левихой а, иштта йийсарера юха мел бирзинарш а. 17Делан цӀа къобалдечу хенахь цара Далла сагӀа доккхуш бӀе сту а, ши бӀе уьстагӀ а, биъ бӀе Ӏахар а балийра. Дерриг а Исраилан халкъо латийначу къинах долу сагӀа даккха цара шийтта бож а ялийра – хӀора Исраилан тайпанан цӀарах – цхьацца бож. 18Цул тӀаьхьа цара, динан дайх а, левихойх а къастийна тобанаш а кхоьллина, уьш, Мусан тептар тӀехь ма-аллара, Ярушалаймехь долчу Делан цӀа долчохь гӀуллакх дан дӀахӀиттийра.Пасахь олу дезде
19 bШеран хьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнахь йийсарера юхабирзинчу яхӀудхоша «Пасахь» олу дезде даздира. 20Динан дай а, левихой а, Далла хьалха цӀена хуьлу Ӏадат кхочуш а дина, Пасахьан дезачу денна кечбелира. Левихоша массо а йийсарера юхабирзинчарна а, шайн вежарий болчу динан дайшна а, шайна а лерина долчу Пасахьан Ӏахаршна урс хьаькхира. 21Йийсарера юхадирзинчу массо а Исраилан халкъо и Пасахьан кхача биира. Исраилан халкъан Везачу Далла Ӏибадат дан кхечу къаьмнаша лелош долчу хьарамчу хӀуманех шаьш дӀакъастийначара а йоура Пасахьан юург. 22ВорхӀ дийнахь чӀогӀа хазахетарца даздира цара совсазчу баьпкан дезде, хӀунда аьлча Везачу Эло доккха хазахетар кхоьллинера церан дегнаш чохь. Ашур-мехкан паччахьан ▼▼Ашур-мехкан паччахь – схьахетарехь, вуьйцуш верг парсихойн паччахь ву. Исраилан халкъан шира мостагӀий болчу ашурхойн мохк парсихойн паччахьо схьабаьккхина бара оцу хенахь.
дог цаьргахьа а дерзийна, цуьнга Исраилан Делан цӀа дан гӀо дайтира Цо.
Copyright information for
CheCAC2012