Galatians 1
ПахӀала маршалла доуьйту
1ХӀара кехат яздо шуьга аса, векал волчу ПахӀала. Цхьанна а тобано я цхьанна а адамехула къобалвина вац со. Векал а вина, со дӀахьажийнарш бу Дала къобалвина волу Ӏийса а, Иза веллачуьра денвина волу вайн Да волу Дела а. 2Аса а, соьца болчу массо а динан вежарша а маршалла доуьйту шуьга, Галата-махкарчу Ӏийсах тешначу нехан тобанашка. 3Вайн Да волчу Делера а, вайн Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу дика а, машар а хуьлда шуна. 4Вайн къинош бахьана долуш Ша дӀавелла Цо, вайн Да волчу Делан лаамца кху зуламечу заманах вай кӀелхьардахархьама. 5Сийлалла хуьлийла Цуьнан массо а заманахь. Амин.Хаза кхаъ цхьаъ бен бац
6Со цецвуьйлу шух! Дала леррина Къобалвинчун маьхза долу дика бахьана долуш Дала шу Шена тӀе ма озийна! Ткъа шу, иштта сиха Цуьнгахьара дӀа а дирзина, кхечу хьехамна тӀаьхьахӀитта дохку. 7Ткъа иза-м кхин тайпа хаза кхаъ бац, амма цхьаболу нах бу шун дегнаш чу шеко а тосуш, шуна Дала леррина Къобалвинчо беана хаза кхаъ харцахьабаккха лууш. 8Ткъа оха шуна беанчу хазачу кхоана метта я оха а, я стигаларчу малико а кхин кхаъ бахьахь, Делан неӀалт хуьлийла царна. 9Айса хьалха ма-аллара, хӀинца юха а боху ас: нагахь аша тӀеэцна болчу кхоана дуьхьал цхьаммо кхин кхаъ беанехь, Делан неӀалт хуьлийла цунна тӀехь. 10Ткъа хӀинца нахана хьалха диканиг хилар лоьху те ас я Далла хьалха дика хилар лоьху те? Адамашна хьалха диканиг хилар лоьхий те ас? Нагахь аса адамашна хьалха со дика хетар хӀинца а лехахьара, Дала леррина Къобалвинчун гӀуллакх деш верг хир вацара со.Муха хилира ПахӀалах векал?
11Аса дӀахоуьйту шуьга, динан вежарий, йижарий, ас шуна кхайкхийна хаза кхаъ адамашкара боцийла. 12ХӀунда аьлча аса и хаза кхаъ адамашкара тӀеэцна а бацара, амма Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас и кхаъ суна бовзийтина хилар бахьана долуш, ас и кхаъ тӀеийцира. 13 aШуна хезна-кх сох лаьцна, хьалха бакъволу жуьгти хилла леллачу хенахь со муха вара. Шуна хаьа, мел къиза тӀаьхьаваьллера со Ӏийсах тешначийн Делан долахь йолчу тобанашна, уьш хӀаллак а еш. 14 bСайн тайпанара болчу жуьгтийн нийсархошна юкъахь, сайн дайша лелийна Ӏадаташ лардар тӀехь хьалхе йоккхуш стаг вара со. 15 cСо дуьненна тӀе а валале, со къастийначу Дала, Ша суна динчу диканца, 16суна хьалха Шен КӀант дӀахӀоттийра, Цунах лаьцна болу хаза кхаъ, жуьгтий боцучу, кхечу къаьмнех болчарна а кхайкхорхьама. Со ца вахара цхьанна а адамах дагавала а, 17я Ярушалайм-гӀала а ца вахара со, сол хьалха векалш хилла болчарна тӀе. Амма со Ӏаьрби-махка а вахана, тӀаккха Дамасакх-гӀала юхавирзира. 18 dЦул тӀаьхьа, кхо шо даьлча, ШамӀа-Кипа вовзархьама Ярушалайм-гӀала вахара со. И волчохь аса пхийтта де даьккхира. 19Ткъа кхечу векалех, Везачу Элан ваша Якъуб воцург, цхьа а ца гира суна. 20Ас шуьга яздийриг бакъ хиларх Дела теш ву. 21ТӀаккха Сири-махка а, Килик-махка а вахара со. 22Ткъа Дала леррина Къобалвинчух тешаш болчу жуьгташна со юьхь тӀера ца вевзара. 23Царна хезнера, наха олуш: «Хьалха вай хӀаллакдан тӀаьхьаваьлла волу стаг ша бухенца дӀадаккха гӀиртина долу дин хӀинца кхайкхош лелаш ву», – аьлла. 24ТӀаккха суна тӀера цара Далла хастамаш бора.
Copyright information for
CheCAC2012