Galatians 2
Вукху векалша ПахӀал тӀелоцу
1 aЦул тӀаьхьа дейтта шо даьлча, со юха а Бар-Наабаца, сайца Тита а вуьгуш, Ярушалайме вахара. 2Со вахара, Дала, цига со ваха веза аьлла, сайна схьадиллина дела. ТӀаккха айса кхечу къаьмнашна юкъахь кхайкхош болу хаза кхаъ цигахь болчу динан вежаршна а бовзийтира аса. Амма аса иза, массо а халкъана юкъахь доцуш, шун керла векалш болчуха лелачарна юкъахь дӀабовзийтира, айса хьалха дина а, хӀинца до а гӀуллакх эрна ца хилар хаархьама. 3Ур-атталла соьца волу Тита а, грекахо воллушехь, сунтван ца дийзира. 4Ткъа сунтварах лаьцна дийца дийзира тхан. ХӀунда аьлча цхьаболу харцвежарий къайлаха тхуна юкъабаьхкинера, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца хиларна тхан йолчу паргӀатоне а хьаьвсина, юха а тхох леш дархьама. 5Оха цара бохург ца дира, хазачу кхоан тӀехь долу бакъдерг шуьца хилийтархьама. 6 bЯрушалаймера тешаш болчу наха лоруш болчара а (уьш хьалха муьлш хиллехь а, суна-м бен а дац, хӀунда аьлча Далла хьалха массо а адам цхьаъ а ду) сан хьехамна хӀумма а тӀе ца туьйхира. 7Цара мелхо а чӀагӀдира, хаза кхаъ кхечу къаьмнашна кхайкхор суна тӀедиллина хилар, иза жуьгташна хьехар Кипина тӀедилларе терра. 8ХӀунда аьлча Кипех жуьгтийн халкъана векал Винчо, сох а вина кхечу къаьмнашна векал. 9Дала и Шен дика суна а деллий хиъча, Ӏийсах тешаш болчу наха шайн гӀортораш лоруш болчу Якъуба а, Кипас а, Яхьъяс а соьга а, Бар-Наабе а доттагӀаллин куьг кховдийра. Цара барт бира, уьш жуьгташна хаза кхаъ кхайкхош баха беза, ткъа тхо иза кхечу къаьмнашна кхайкхош даха деза аьлла. 10Деккъа цхьа дехар дира цара: мисканаш дагахь латтабар. Изза дан со а чӀогӀа гӀертара.ПахӀала Кипа бехкевар
11Ткъа Кипа Антиох-гӀала веанчу хенахь, иза суна юьхь-дуьхьал волуш, со дуьхьалвелира цунна, и бехке волу дела. 12ХӀунда аьлча, Якъуб волчуьра цхьаболу нах схьабахкале, Кипас яа хӀума йоура кхечу къомах сунтбаза болчу нахаца цхьаьна. Ткъа Якъуб волчуьра и сунтбина болу нах баьхкича, царах ийзалуш, иза юьстахвуьйлура. 13Цуьнца цхьаьна кхиболу жуьгтий а буьйлабелира моттаргӀанаш ян. Цундела ур-атталла Бар-Нааба а дӀакхийтира моттаргӀанаш лелочарех. 14Амма, уьш хазачу кхоан тӀера бакъдолчуьнца нийсса лелаш ца хилар сайна гича, массарна хьалха аса Кипе элира: «Нагахь хьо, жуьгти воллушехь, жуьгтий санна а ца лелаш, кхечу къаьмнех берш санна лелча, ахьа муха гӀертор бу уьш жуьгтийн Ӏадаташ тӀе? 15Вайшиъ дуьнен чуволуш дуьйна а жуьгти ву. Шайна тӀехь къинош долчу къаьмнашна юкъа ца вогӀу вайшиъ. 16 cАмма вайна хууш ду, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешаро бен цхьа а адам Далла хьалха бакъ ца дойла. Товрат-хьехамаш кхочушбарца цхьа а Далла хьалха бакъвийр вац. Иштта вайшиъ Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешнера, товрат-хьехамаш тӀера гӀуллакхаш кхочушдарца а доцуш, амма ваьш Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешарца Далла хьалха бакъхилийтархьама. ХӀунда аьлча кху дуьненара цхьа а адам товрат-хьехамаш тӀера бакъахьара гӀуллакхаш кхочушдарца кӀелхьардер дац. 17Нагахь, Дала леррина Къобалвинчуьнца хиларна, Далла хьалха ваьш бакъдар лоьххушехь вайшиъ а къинош летораш санна лелча, Дала леррина Къобалвинарг вуй те вайга къилахь долу гӀуллакхаш дойтуш верг? Дера вац! 18ХӀунда аьлча, цкъа хӀаллакдинарг юха меттахӀоттош хилча, аса товрат-хьехамашна дуьхьал а ваьлла, со зуламхо хилар гойту. 19Товрат-хьехамаша со хӀаллаквина, цундела со оцу хьехамашна гергахь велла ву, Делан дуьхьа ва̄хархьама. Со а, Дала леррина Къобалвинчуьнца жӀарах дӀатоьхча санна, велла. 20Бакъдерг аьлча хӀинца вехаш верг со вац, ткъа Дала леррина Къобалвинарг соьгахула вехаш ву. Со дилха долуш вехаш хиларан бахьана ду, со веза а везна, Ша сан дуьхьа дӀавелла волчу Делан КӀантах тешаш со вехаш хилар. 21Сайна Дала маьхза делла дика дӀа ца тотту ас. ХӀунда аьлча бакъвар товрат-хьехамо кхочушдеш делахьара, Дала леррина Къобалвинарг валар эрна хир дара!»
Copyright information for
CheCAC2012