‏ Galatians 3

Товрат-хьехам а, тешар а

1Ва сонта галатахой! Хьан тилийна те шу? Аса хаза кхаъ хьоьхучу хенахь Дала леррина Къобалвинарг жӀарах дӀатохаран сурт ма-хӀуттура шун бӀаьргашна дуьхьал! 2Цхьа хӀума хаа лаьа суна шуьгара: товрат-хьехамашна тӀера гӀуллакхаш кхочушдарна делла те шуна Делан Са, я хаза кхаъ а хезна, шу цунах тешарна делла те Иза? 3Оццул сонта ду те шу, шаьш Делан Синца долийна дахар адаман шен ницкъах тешна чекхдаккхал? 4Аша мел хьегна баланаш эрна хилла те? Со тешна ву и дерриг а эрна хилла ца хиларх! 5Шен Са а, шуна юкъахь дина Ӏаламаташ а, аша товрат-хьехамашна тӀера гӀуллакхаш кхочушдарна луш ду шуна Дала, Цуьнгара болу хаза кхаъ а хезна, шу цунах тешарна а доцуш?!

6 a Делан Йозанаш тӀехь ИбрахӀимах лаьцна аьлла ма ду: «Иза тийшира Делах, цундела Дала иза Шена хьалха бакъвина лерира». 7 bИштта хаалаш, билггала ИбрахӀиман тӀаьхьенах берш Делах тешарш бу. 8 cДелан Йозанаша, хиндерг а дуьйцуш, кхечу къаьмнийн халкъаш а церан тешарехула Дала бакъдийриг хиларх лаьцна хаам бинера ИбрахӀиме: «Дуьнен чуьра массо а халкъаш а Дала хьоьгахула декъалдийр ду», – аьлла. 9Цундела тешаш берш Делах тешаш хиллачу ИбрахӀимца а декъала хуьлу.

10 dТкъа товрат-хьехамашна тӀера бакъахьара гӀуллакхаш кхочушдарца шаьш Далла хьалха бакъхила луурш неӀалтана кӀел бу. ХӀунда аьлча яздина ду: «Товрат-хьехамашна тӀехь яздина долу дерриге а даим а кхочушдеш воцучу хӀоранна а тӀехь неӀалт ду», – аьлла. 11 eТкъа товрат-хьехамашна тӀера гӀуллакхаш кхочушдарца Далла хьалха цхьа а бакъвийр воцийла вайна хууш ду, хӀунда аьлча: «Делан лаамехь верг Цунах тешарца вехар ву». 12 fМуса-пайхамаран товрат тӀехь долчу бакъахьарачу гӀуллакхийн цхьа а уьйр яц тешарца, цу тӀехь аьлла ду: «Товрат-хьехамаш кхочушбийриг цаьрца вехар ву».

13 gМах а белла, Дала леррина Къобалвинчо кӀелхьардаьхна вай и товрат-хьехамаш кхочуш ца барна хуьлучу неӀалтах, и неӀалт Шена тӀе а лаьцна. ХӀунда аьлча Делан Йозанаш тӀехь яздина ду: «Диттах ирхъоьллинчу хӀоранна а тӀехь неӀалт ду», – аьлла. 14И дерриг а кхочушхилла, Дала ИбрахӀиме лур ду аьлла долу декъалалла, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула кхечу къаьмнашна а далийтархьама а, вайн Шех тешар бахьана долуш, вайна чӀагӀо еш, Ша лур ду аьлла Делан Са вайна далархьама а.

Товрат хьехам а, Дала дина весет а

15Динан вежарий, йижарий, аса вайн дахарехь долу цхьа масала далор ду шуна. Ур-атталла адамаша шайна юкъахь чӀагӀбина болчу бартана цхьаммо а йиш яц хӀумма а цунна я тӀетоха, я иза бохо а. 16 hТкъа Дала, чӀагӀо еш, элира Ша ИбрахӀимна а, цуьнан тӀаьхьенах волчунна а лун дерг. Дацара и аьлла: «тӀаьхьенах болчарна» бохург дуккханех лаьцна долуш санна, амма цхьаннах лаьцна долуш санна аьллера, «хьан тӀаьхьенах волчунна» аьлла. Иза ву Дала леррина Къобалвинарг. 17 iАс бохург хӀара ду: диъ бӀе ткъе итт шо даьлча а, Дала беллачу товрат-хьехамаша Дала Ша кхул хьалха бина болу барт бохо йиш яц. Цундела Ша лур ду аьлла йина чӀагӀо дӀа а ца яьккхира Дала. 18 jНагахь Дала Ша лур ду аьлларг товрат-хьехамаш кхочушбарна луш делахьара, иза Ша чӀагӀо ярна луш хир дацара. Ткъа ИбрахӀимна Дала Ша лур ду аьлларг, Шен дикалле хьаьжжина, чӀагӀо ярна делла.

19ТӀаккха стенна оьшу те товрат-хьехамаш? Уьш тӀетоьхна бара адамашна шаьш летош долу къинош гайтархьама. Иза хир дара ИбрахӀиман тӀаьхьенах верг ваийтталц. Ткъа цу тӀаьхьенах волчунна Дала чӀагӀо йинера, Ша декъалалла лур ду аьлла. Товрат-хьехамаш адамашна юкъа маликашкахула баийтина юкъарло лелошволчун гӀоьнца. 20Ша цхьаъ волчунна юкъарло лелошверг ца оьшу. Ткъа Дела цхьаъ ву!

Товрат-хьехамийн Ӏалашо

21ТӀаккха товрат-хьехамаша Дала йинчу чӀагӀонашна дуьхьало йой те? Йойла а дац! ХӀунда аьлча, нагахь адамашна деллачу товрато Дела волчохь хедар доцу дахар луш делахьара, къинойх бехказадовлар товрат-хьехамаш ма-бохху кхочушбарца доьзна хир дара. 22Амма Делан Йозанаша боху массо адамаш къинойн олаллехь ду. Делан Йозанийн Ӏалашо яра Дала чӀагӀо еш лур ду аьлларг Ӏийсах тешачарна дала, церан тешар бахьана долуш. 23Ткъа и тешаран зама тӀекхачале, вай оцу товрат-хьехамийн олаллехь дара, Далла хила лиъна долу и тешар довзийтталц. 24Иштта Дала леррина Къобалвинарг схьаваллалц, вайна тӀе хӀоттийна волу тӀехьожург санна, дара товрат, тӀаккха Цунах тешар бахьана долуш Далла хьалха вай бакъдархьама. 25Ткъа хӀинца, и тешар деана дӀахӀоьттинчу хенахь дуьйна, вай товрат-хьехамийн олаллехь дац кхин.

Леш а доцуш, кӀентий ду вай

26Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешарца шу массо а Делан кӀентий ду. 27ХӀинца Дала леррина Къобалвинчун дола а довлуш, шаьш хих чекхдахийтина дела, Ӏийсан бедарш тӀеюьйхича санна, Цуьнан васт схьаэцна аша. 28Бац шуна юкъахь я жуьгтий а, я кхечу къомах долу адамаш а, я лай а вац, я паргӀатниг а вац, я божарий а, я зударий а дац шу – шу массо а Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна цхьаъ ду. kНагахь шу Дала леррина Къобалвинчун делахь, тӀаккха шу ИбрахӀиман тӀаьхьенах ду. Цундела шуна а кхочур ду, Дала, чӀагӀо еш, лур ду аьлларг.29

Copyright information for CheCAC2012