‏ Galatians 4

1Амма аса боху шуьга: тӀаьхьенах дакъа кхочун долу кӀант пхийттара валале йолчу хенахь, ша массо а хьолан да воллушехь, цхьана а хӀуманна тӀехь лех къаста ца ло. 2Цу берана тӀехь олалла а деш, цуьнан дола а деш, тӀехьожуш хӀоттийна ялхо хуьлу, цуьнан дас билгалъяьккхина хан тӀекхаччалц. 3Иштта вай а дара, ваьш бераш долчу хенахь, кху дуьненах долчу парзийн а, Ӏадатийн а долахь. 4Ша билгалъяьккхина зама тӀекхаьчча, Дала ваийтира зудчо дуьнен тӀе ваьккхина волу Шен КӀант. Иза а вара товрат-хьехамийн долахь, 5 aцу хьехамийн долахь берш паргӀат а баьхна, вайх а Делан бераш дархьама.

6Ткъа хӀинца шу Делан бераш хилар гойтуш, Дала Шен КӀентан Са даийтина шун дегнаш чу, массо а Ӏийсах тешаш болчеран санна. Цу Сино Деле кхойкху: «Дада, Сан Да!» – бохуш. 7Цундела хьо хӀинца, лай а воцуш, Делан кӀант ву. Ткъа хьох, кӀант хилча, хьо Делехула Цуьнан тӀаьхьенах а ву.

ПахӀал галатахой бахьанехь гӀайгӀане ву

8ХӀетахь, Дела шайна ца вевза дела, шу баккъалла а деланаш боцучеран долахь дара. 9Ткъа хӀинца, шайна Дела вевзича, цул сов Далла шу а девзича, юха а цхьа а ницкъ боцучу, ледарчу парзашна а, Ӏадаташна а тӀе а дирзина, юха а церан леш хила лаьа те шуна? 10Цхьацца денош а, беттанаш а, заманаш а, шераш а лардо аша! 11Кхоьру со, аса шуьца мел хьегна къа эрна хиларна.

12Хилийша, вежарий, со санна! ХӀунда аьлча со а ма хилира, шу санна. Аша хьалха-м цкъа а цхьа а вониг ма ца дира суна. 13 14Шуна хаьа, со дуьххьара шуна хаза кхаъ кхайкхош веана волуш, со сайн дегӀаца цамгар йолуш варий. Сох дог дала меттиг яьлла йоллушехь, шу ца даьшна дӀа ца дирзира сох, амма аша со, Делан малик я Дала леррина къобалвина Ӏийса волуш санна, тӀеийцира. 15Ткъа хӀинца стенга дахана шун хазахетар? Со тешна ву, хӀетахь, шайн йиш хиллехь, шайн бӀаьргаш схьа а даьхна, уьш суна дала а шу кийча хилла хиларх. 16Ткъа хӀинца, аса шуьга бакъдерг дийцича, сох шун мостагӀа хилла?

17Суна хаьа и шаьш хаза кхаъ бахьа болчуха̄ леларш шуна верасалла дан гӀертий. Уьш шу шайгахьа даха лууш бу. Амма цара шу дикане далор дац. Царна, шу тхох дӀа а къастийна, шун озабезам шайгахьа хила лаьа. 18Гуттар а озабезамехь хилар дика ду, со шуьца волччу хенахь бен хилла а ца Ӏаш. 19Сан бераш! Бер дуьненна чу долуш ненан хуьлу лазарш санна, сан юха а хуьлу-кх и лазам шу бахьанехь. Иза иштта хир а ду, Дала леррина Къобалвинчун вастехь шу хиллалц. 20Лаьар-кха суна, хӀинца шу долччохь а волуш, кхечу озаца шуьца дийца, хӀунда аьлча со инзар а вуьйлу шух, со кхеташ а вац-кх шух.

Кхин сурт хӀоттор: ХӀажар а, Сарат а

21Алийша соьга, товрат-хьехамийн долахь хила лууш дерш, аша ла ца дугӀу те цу тӀехь долчуьнга? 22 bЦу тӀехь яздина ма-ду, ИбрахӀиман ши кӀант хилла аьлла. Цхьаъ гӀарбаш йолчу ХӀажара винарг ву, важа паргӀат йолчу ИбрахӀиман зудчо винарг ву. 23ГӀарбаш йолчо винарг массо бераш ма-хиллара вина ву. Ткъа ша паргӀат йолчо винарг Дала чӀагӀо еш аьллачуьнца вина ву. 24Иза шен кхин маьӀна долуш дустар ду. И ши зуда Дала бина ши барт санна хуьлу. Цхьаъ Синай олучу лам тӀехь бина барт бу. Цу бартаца леш беш хиларна, иза лай вина йолу ХӀажар санна хуьлу. 25Ткъа Ӏаьрби-махкахь болу Синай-лам «ХӀажарца» боьзна бу. Иза хӀинца а лаьттахь йолуш йолу Ярушалайм санна лору. ХӀунда аьлча Ярушалайм а, Цуьнан бераш санна лоруш болу бахархой а лоллехь бу. 26Ткъа вайн нана санна лоруш йолу стигалшкара Ярушалайм паргӀат ю. 27 cЯздина ма-ду: «Хазахета хьайна, бер ца хуьлуш ерг,
цкъа а бер хилла а йоцург!
Хазахетарца йоккхае, бер хуьлуш лазарша ца хьийзийнарг,
хӀунда аьлча йитинчун бераш сов ду,
майра волуш йолчун чул».

28Ткъа шу, динан вежарий, Исхьакх а санна, Делан чӀагӀонца хилла бераш ду. 29 dХӀетахь стеган лаамца дуьнен чу ваьллачо Делан Са бахьана долуш ваьлларг эккхош хилла. Иза хӀинца а ду иштта. 30 eТкъа хӀун боху Делан Йозанаша? «Эккхае и гӀарбаш а, цуьнан кӀант а, хӀунда аьлча гӀарбашо винчу кӀанта паргӀат йолчо винчу кӀантаца тӀаьхьадисинарг доькъур дац». 31Цундела, динан вежарий, вай гӀарбашан бераш а доцуш, паргӀат йолчун бераш ду.
Copyright information for CheCAC2012