Galatians 5
ПаргӀато ларъяр
1Дала леррина Къобалвинчо вай паргӀатонехь дахийтархьама елира вайна паргӀато. Цундела чӀагӀлой Ӏе шайн паргӀатонехь, шаьш цхьаьнгге а юха а лолла ца лацийта. 2Аса, ПахӀала, боху шуьга: нагахь аша шаьш сунтдайтахь а, Дала леррина Къобалвинчуьнгахьара цхьа а пайда хир бац шуна. 3Аса кхин а цхьа тоьшалла до хӀора ша сунтвойтуш волчуьнга, цо товрат-хьехамаш тӀера дерриге а гӀуллакхаш кхочушдан деза аьлла. 4И хьехамаш кхочушбарца Далла хьалха бакъдар ду моьттуш долу шу, Дала леррина Къобалвинчух дӀа а къаьстина, Дала луш долчу диканах девлла. 5Ткъа тхо сатуьйсуш ду тхешан тешарехула Далла хьалха тхаьш бакъдаре. Тхо цунах тешна а ду, Цуьнан Сино тхайна чохь дийриг бахьана долуш. 6ХӀунда аьлча Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца тхо хӀинца цхьаъ хиларна, цхьа а маьӀна дац я сунтваран а, я сунт ца варан а. Далла хьалха маьӀна долу хӀума цхьаъ ду: безаман гӀуллакхаш хуьлуьйту тешар хилар. 7Шу хаза догӀуш дара. Ткъа хьан йира те шуна бакъдолчунна тӀаьхьахӀитта новкъарло? 8Шу бакъдолчунна тӀера дӀадохуш болу кхетам шуьга Шена тӀекхойкхучу Делера бац. 9 a«КӀеззигчу муьстачу бедо берриг а бод совсабо». 10Далла хьалха со тешна ву аша шайн кхетам хуьйцург ца хиларх, ткъа шун дегнаш чу шеко тосуш волчунна кхел хир ю, милла а иза велахь а. 11Ткъа, динан вежарий, нагахь аса хӀинца а сунтварах лаьцна кхайкхамаш беш белахьара, со хьийзо тӀаьхьабевр барий суна? Иза иштта делахьара, сан жӀарах лаьцна болчу хьехамаша цхьанна а вас йийр яцара! 12Шу гӀалатдохуш берш, шаьш сунтбина а ца Ӏаш, баьӀна а хилахьара!Делан Синца дахар
13Ткъа шу, динан вежарий, Дала паргӀатоне кхайкхина ду. Амма ма битийша меттиг и паргӀато зуламна хилийта, шайн хьарам лаамаш кхочушбарца. Дейша гӀуллакхаш вовшашка безам болуш. 14 bХӀунда аьлча товрат-хьехамийн дуьззина долу маьӀна хӀокху дешнаш чохь ду: «Хьайн уллораниг хьо санна веза». 15Амма, нагахь аша вовшашца къийсамаш а беш, шу вовшийн даа дуьйлалахь, хьовсалаш, баккъалла а шаьш а хӀаллак ца хилийта! 16Цундела боху ас шуьга, Делан Сино шаьш лела ма-дарра лела, тӀаккха шайн хьарам лаамаш кхочушбийр бац аша. 17 cВайн хьарам лаамашна гуттара а лаьа Делан Синан лаамана дуьхьал дерг дан. Уьш гуттара а вовшашна дуьхьал хуьлу, шуьга шайна луург ца дайтархьама. 18Ткъа Делан Сино шу лелош делахь, шу товрат-хьехамийн долахь дац. 19Вайн хьарам лаамаш вайна бевзаш бу. Уьш бу: нахаца лелар, боьха лаамаш хилар, къилахь долу хӀума дар, 20цӀушна корта беттар, бозбунчалла леладар, мостагӀалла хилар, девнаш дахар, эмгаралла лелор, оьгӀазъэхар, дагазаллаш хилар, барт ца хилар, декъадалар, 21цабезам хилар, малар тӀехдаккхар, лар тӀера валар, иштта кхидолу а ца оьшу хӀуманаш дар. Цунах лаьцна, айса хьалха а ма-аллара, хӀинца а боху аса шуьга, и гӀуллакхаш деш берш Делан Олалле кхочур бац. 22Ткъа Делан Сино кхуллуш дерг хӀара ду: безам, хазахетар, деган машар, доккха собар, вовшашца безамехь хилар, дикалла, тешаме хилар, 23эсала хилар, чуьра ца валар. Ишттачу леларна дуьхьал цхьана а бакъонаша а вониг дойла дац. 24Амма шаьш Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан болчара шайн хьарам лаамаш, шайн боьхачу ойланашца, жӀарах дӀатоьхна. 25Вайн дахар Делан Синца хилча, тӀаккха Делан Сино ма-бохху лела вай. Ца дер вай дозаллаш. Ца хир вай вовшашна оьгӀазъоьхуш а, вовшашка хьагӀ йолуш а.26
Copyright information for
CheCAC2012