Galatians 6
1Динан вежарий! Нагахь шух цхьаъ ларамаза къино лаьцнехь, аша, Делан Сино лелош долчара, шайн эсалчу амалца нисве иштаниг, амма, хьовсалаш, шаьш къиношка ца зейта. 2Дала леррина Къобалвинчо тӀедиллинарг кхочушдархьама, дахаран мохь базбелча, вовшашна гӀо де. 3Нагахь цхьаннан, ша баккъалла а волчул, ша-шех лакхара ойла елахь, цо ша-шен Ӏехаво. 4ХӀораммо а дечу гӀуллакхашца ша-шен зе, тӀаккха цуьнан дозалла дан а йиш хир ю, ша кхечаьрца а ца вустуш. 5ХӀора адамна а Дала шен-шен дахаран мохь белла. 6Ткъа Делан дош тӀеоьцуш волчо шен долуш дерг кховдаде и дош хьоьхуш волчуьнга. 7Шу Ӏеха ма лолаш! Дела-м Ӏехалур вац, хӀунда аьлча адамо ша дӀадийнарг хьокхур а ду. 8Шен хьарам лаам кхочушбеш, къилахь долу хӀу тосучо хӀаллакьхиларан ялта хьокхур ду. Ткъа Делан Синан лаам кхочушбеш хӀу тосучо, Делан Сино луш долчу, хедар доцучу дахаран ялта хьокхур ду. 9Дика дан кӀад ма лолаш. Нагахь вай дика дан мало ца яхь, тӀейогӀур ю и хан, ваьш динчу гӀуллакхийн кхиамаш вайна карош. 10Вайн дан таро йолччуьра, дер вай вежаршна дика, къаьсттина вешан динан вежаршна.ЖамӀ дар
11Гой шуна мел даккхийчу элпашца яздо ас шуьга сайн куьйгаца?! 12Шу сунтдан тӀетеӀош берш шайх тамаш байта лууш бу. Царна ца лаьа Дала леррина Къобалвинарг жӀарах дӀатохар бахьана долуш шаьш хьийзадайта. 13Ткъа и сунтбинарш шаьш а бац шайн дахарехь товрат-хьехамаш кхочушбеш бехаш. Ткъа царна лаьа шу сунтдан, тӀаккха и бахьана долуш дозаллаш дархьама. 14Суна-м ца лаьа цхьана а хӀуманна тӀехь дозалла дан, вайн Везачу Элан, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан, жӀарах дӀатохаран тӀехь бен! И жӀара бахьана долуш хӀара дуьне суна дӀадаьллера, ткъа со а кху дуьненна дӀаваьллера. 15Я сунтвар а, я сунт ца вар а хӀумма а доцу хӀума ду, хьох юхакхоьллинарг хилар воцург! 16И дешнаш кхочушдеш долчу массарна а, Делан долчу Исраилан халкъана а Делан къинхетам а, машар а хуьлийла. 17ТӀаьххьара а: цхьаммо а бала ма бойла суна, хӀунда аьлча Ӏийсан чевнаш аса сайн дегӀаца лелош ю. 18Вайн Везачу Эло, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас, дина маьхза долу дика хуьлийла шун синошца, сан вежарий. Амин.
Copyright information for
CheCAC2012