Genesis 14:17-20
17Кедирал-Ӏумар а, цуьнца болу паччахьаш а эшийна, цӀа вирзира Ибрам. Шех хӀинца Паччахьан тогӀи олучу, Шаву цӀе йолчу тогӀи чохь цунна дуьхьалвеара Седаман паччахь. 18 aВеза Воккхачу Делан динан да волу Шалейм-гӀалин паччахь Малки-ЦӀадакъа велира, бепиг а, чагӀар а эцна, Ибрамна дуьхьал. 19Ибрам декъал а веш, цо элира: «Ибрам! Стигал а, Латта а кхоьллинчу Веза Воккхачу Даладекъалвойла хьо.
20Хьан мостагӀий эшо хьуна гӀо динчу Веза Воккхачу Далла
хастам бер вай».
ТӀамехь даьккхинчух уьтталгӀа дакъа Малки-ЦӀадакъина дӀаделира Ибрама.
Copyright information for
CheCAC2012