Genesis 15
Дала Ибрамца бартбар
1И дерриг а хиллачул тӀаьхьа Везачу Элан дош деара Ибрамна, цхьа сурт а хӀоьттина. Дала элира: «Ма кхералахь, Ибрам! Со хьо Ӏалашвен йолу гӀап ю. Ас хьуна ден долу совгӀат а доккха ду». 2Амма Ибрама элира: «Сан Хьалдолу Эла! Со ирс долуш хилийта хӀумма а лойла дац хьан, хӀунда аьлча сан кӀант вац. Цундела со велча, сан лена, Дамасакхера ЭлиӀазарна, кхочур ду дерриг а сан долахь дерг. 3Ахьа кӀант ца велла суна, – элира Ибрама, – цундела сан цӀа чохь вина лай хир ву сан тӀаьхье дӀакхоьхьуш верг». 4ТӀаккха Везачу Эло элира Ибраме: «Хьан дерг дерриг а оцу лена кхочур дац. Хьан кӀант хир ву, цунах хьан тӀаьхье а хир ю». 5 aЦул тӀаьхьа, Ибрам четар кӀелара ара а ваьккхина, элира Цо: «ДӀахьажал стигала, дагардел цигара седарчий, хьайга дагардалахь! Оццул дукха хир ю хьан тӀаьхье». 6 bИбрам тийшира Везачу Элах, цундела Цо иза Шена хьалха бакъвина лерира. 7Дала элира Ибраме: «Хьо Хашад-махкара Ур-гӀалара араваьккхина Веза Эла ву Со. Иза Аса дина хӀара латта хьуна дӀадалархьама, хьоьга цуьнан дола дайта». 8Амма Ибрама элира: «Сан Хьалдолу Эла! Суна муха хуур ду хӀара латта сан дуйла?» 9Везачу Эло элира Ибраме: «Суна лерина кхо шо кхаьчна шинар а, кхо шо кхаьчна газа а, кхо шо кхаьчна уьстагӀ а, кхокха а, къоркхокха а ба». 10И дийнаташ Везачу Элана хьалха схьа а далийна, царна урс а хьаькхна, юккъехула шина декъе а декъна, церан эхаш дуьхь-дуьхьал охьаехкира Ибрама. Кхокхарчий ца дийкъира цо шина декъе. 11Дукха хан ялале цу бежанийн чархашна тӀелетира дера олхазарш, амма Ибрама дӀалаьхкира уьш. 12 cМалх чубузучу хенахь Ибрамна чӀогӀа наб кхийтира. ГӀенах инзаре кхерам бахьаш бода хӀоьттира цунна гонах. 13 dВезачу Эло элира цуьнга: «Хаалахь, хьан тӀаьхьенах берш хийрачу махкахь тӀебаьхкина нах а хилла Ӏийр бу. Цу махкарчу бахархоша, деа бӀе шарахь леш а бина, Ӏазапехь латтор бу уьш. 14 eАмма Аса таӀзар дийр ду уьш бацийначу халкъана. Цул тӀаьхьа хьан тӀаьхьенах болу нах цу махкара дӀагӀур бу, дуккха а хьал а эцна. 15Хьо а, кхелхина, хьайн дайшна тӀе дӀагӀур ву са паргӀатдаьлла, кӀорггера хенара а волуш дӀа а вуллур ву. 16Йиъ тӀаьхье чекхъяьлча, хьан халкъ кху лаьтта тӀе юхадогӀур ду, хӀунда аьлча кхузахь Ӏаш долчу эмар-халкъан харцонийн барам кхочушхилла бац хӀинца а». 17Малх чубуьзначул тӀаьхьа чӀогӀа бода хӀоьттира. ЦӀеххьана шена чуьра кӀур хьалаоьху кад а, цӀеран хаьштиг а чекхделира екъначу бежанашна юккъехула. 18 fЦу дийнахь Везачу Эло Ибрамца барт бира: «Аса хьан тӀаьхьенна дӀалур ду хӀара латта Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тӀера сийлахьчу Эпрат-хина тӀекхаччалц, 19кхенахойн а, кхеназхойн а, кхадманахойн а, 20хьетахойн а, перезахойн а, репахойн а, 21эмархойн а, канаӀанхойн а, гӀиргӀашийн а, явсайхойн а латта», – аьлла.
Copyright information for
CheCAC2012