‏ Genesis 17:10-14

10 aСуна а, хьуна а юкъахь болу, ахьа а, хьан тӀаьхьенаша а ларбан беза барт хӀара бу: массо а шун божарий сунтбина хила беза. 11Шайн бехкечу меттера сов долу чкъор дӀахададе – иза вайна юкъарчу бертан билгало хир ю. 12КӀентан бархӀ де кхаьчча, аша иза сунтван веза. ХӀора шайна вина волу кӀант а, шаьш эцна лай а аша сунтван веза. 13Хьан цӀа чохь винарг а, ахь дети а делла эцнарг а сунтвина хила веза билггала. Шун догӀмаш тӀехь йолчу оцу билгалоно гойтуш болу Соьца бина барт тӀейогӀучу хенахь гуттара а хир бу. 14Муьлхха а сунт ца веш висина боьрша стаг шен халкъо дӀатосур ву, хӀунда аьлча цо Соьца болу барт бохийна».
Copyright information for CheCAC2012