‏ Genesis 17:4-8

4«ХӀара ду вайшиммо барт барехь Аса тӀелоцун дерг: Аса хьо дукхачу къаьмнийн да вийр ву. 5 aАса хьан цӀе хуьйцур ю: хьан цӀе Ибрам хир яц, ИбрахӀим
ИбрахӀим – «дукхахболчеран да».
хир ю, хӀунда аьлча Аса хьо дуккхачу а къаьмнийн да вийр ву.
6Аса хьан дукха тӀаьхьенаш хуьлуьйтур ю – хьох схьадевр ду керла къаьмнаш, схьабевр бу паччахьаш. 7 cГуттаренна а хьан тӀаьхьенашна буьсу болу барт бийр бу Аса Сайна а, хьуна а юкъахь: Со хьан а, хьан тӀаьхьенийн а Дела хир ву. 8 dХьо тӀевеана лелаш волу КанаӀан-мохк берриг а хьуна дӀалур бу Аса. И мохк хьуна а, хьан тӀаьхьенашна а гуттаренна а дӀа а лур бу, церан Дела а хир ву Со».
Copyright information for CheCAC2012