Genesis 18:11-14
11ИбрахӀим а, Сарат а чӀогӀа хенара дара, Сарат бер хуьлучу хенара яьллера. 12 aЕла а йоьлуш, ша-шега бохура цо: «Со къена ю, сан майра а ву къена. Оьший-те суна и ирс?» 13ТӀаккха Везачу Эло элира ИбрахӀиме: «Сарата, ела а йоьлуш, хӀунда боху, шен бер хир дуй-те, ша къена ма ю? 14 bВезачу Элана дан хала хӀумма а дуй? ХӀан-хӀа! Айса ма-аллара, Со бӀаьста юхавогӀур ву, цу хенахь Саратан кӀант хир ву».
Copyright information for
CheCAC2012