‏ Genesis 2:1-3

1Иштта кхолладелла стигалш а, латта а, царна тӀехь мел йолу хӀума а.

2 aВорхӀалгӀа де тӀедале чекхдаьхна Дала дерриге а Ша мел дина гӀуллакхаш. Цу дийнахь, Ша мел динчу гӀуллакхех паргӀат а ваьлла, Дала садаьӀира.

3ТӀаккха и ворхӀалгӀа де Дала, декъалдеш, къобалдира. Цу дийнахь Шен массо а кхоллараллийн гӀуллакхаш кхочушдина дела, Дала садаьӀира.
Copyright information for CheCAC2012