Genesis 22
ИбрахӀим зер
1 aЦул тӀаьхьа, ИбрахӀиман Шех тешар зен а лиъна, Дала элира: «ИбрахӀим!» ИбрахӀима жоп делира: «Со ладугӀуш ву». 2 bТӀаккха Дала элира: «Хьайн цхьаъ бен воцу, хьайна дукхавезаш волу кӀант Исхьакх, Мори-махка дӀа а вигий, Ас гойтун болчу лома тӀехь, вен а вей, сагӀина вагаве». 3Ӏуьйранна хьалххе хьала а гӀаьттина, шен вираца, Исхьакх а, ши ялхо а эцна, сагӀа деш даго дечиг а даьккхина, Дала шега гӀо аьллачу метте дӀавахара ИбрахӀим. 4КхозлагӀчу дийнахь, корта хьала а айина, дӀахьаьжначу ИбрахӀимна геннахь шаьш доьлху меттиг гира. 5ИбрахӀима элира шен ялхошка: «Вираца кхузахь совца, ткъа со а, кӀант а, цига дӀа а вахана, Далла лерина гӀуллакх а дина, юхавогӀур ву». 6СагӀа доккхуш даго кечдина дечиг Исхьакхан белш тӀе а диллина, урс а, цӀе а схьаийцира ИбрахӀима. Цхьаьний дӀаволавелира и шиъ. 7Шен дега ИбрахӀиме элира Исхьакха: «Дада!» «ХӀун боху ахь, сан кӀант?» – хаьттира ИбрахӀима. «Суна дечиг а, цӀе а го, – элира Исхьакха, – ткъа сагӀа доккхуш вай багор болу Ӏахар мичахь бу?» 8«Дала Ша боуьйтур бу сагӀа даккха Ӏахар, сан кӀант», – элира ИбрахӀима. КхидӀа а цхьаьний дӀавахара и шиъ. 9 cДала билгалъяьккхинчу метте схьакхечира уьш. ИбрахӀима сагӀа даккха меттиг кечйира, тӀулгаш а дехкина. Царна тӀе дечиг а диллина, вехка а вихкина, цу дечигна тӀе шен кӀант Исхьакх охьавиллира цо. 10Урс схьа а эцна, шен кӀантана иза хьакха кечвелира иза. 11Амма Везачу Элан Малико сацийра ИбрахӀим, стигалара охьа а кхайкхина: «Ва ИбрахӀим!» «Со кхузахь ву», – аьлла, жоп делира ИбрахӀима. 12Малико элира: «Ма велахь кӀант, цунна зе ма делахь. ХӀинца го Суна, хьо Дела лоруш а, Цунна муьтӀахь а вуйла. Суна го, хьайн цхьаъ бен воцу кӀант Сан дуьхьа ахь ца кхоор». 13ДӀахьаьжначу ИбрахӀимна гира, коьллех маӀаш а тийсалуш, лаьтта ка. ТӀевахана, схьа а лаьцна, шен кӀентан метта Далла леринчу сагӀина и ка бийра цо. 14Цу меттигна ИбрахӀима «Везачу Эло оьшург ло» аьлла, цӀе тиллира. Тахана а олу наха: «Кху лома тӀехь Везачу Эло оьшург ло», – олий. 15Юха а ИбрахӀиме стигалара кхайкхира Везачу Элан Малик: 16 d«Сайх дуй буу Ас, – боху Везачу Эло, – Сан дуьхьа хьайн цхьаъ бен воцу кӀант ца кхоош, ахь иза дина, 17 eцундела Ас хьо декъалвийр ву. Стигалахь долу седарчий санна, хӀордан берда тӀехь йолу гӀум санна, дукха тӀаьхье лур ю Ас хьуна. Цара шайн мостагӀийн гӀаланаш схьайохур ю. 18 fХьан тӀаьхьенехула дуьнен чуьра дерриг а халкъаш декъала хир ду. И дерриг а хьо Суна муьтӀахь хиларна дийр ду Ас хьуна». 19ИбрахӀим шен ялхой болчу юхавеара. Уьш цхьаьний Беар-ШабаӀе схьабаьхкира. ИбрахӀим вехаш кхин а Ӏийра цигахь.Нахьиран кӀентий
20И дерриг а хиллачул тӀаьхьа ИбрахӀиме хаам кхечира: «Хьан вешин Нахьиран а, цуьнан зудчун Малкин а хӀинца бераш ду. 21Дуьххьарлера кӀант ӀуцӀа ву, шолгӀа кӀант Буз ву, кхозлагӀа кӀант – Къамуал, Араман да ву. 22Кхин а Хашад а, Хьоза а, Пилдаш а, Идалп а, Бетаал а ву». 23Бетаал Ребикхин да ву. Малка оцу бархӀ кӀентан нана ю, ткъа ИбрахӀиман ваша Нахьир церан да ву. 24Нахьиран кхин виъ кӀант ву, цуьнан гӀарбаша Реумис вина – Тебахь а, Гахьам а, Тахьаш а, МаӀха а.
Copyright information for
CheCAC2012