‏ Genesis 25:12-16

ИсмаьӀалан кӀентий

(1 Шерашкахь 1:28-31)

12Саратан ялхочо, мисархочо ХӀажара ИбрахӀимна винчу кӀентан ИсмаьӀалан тӀаьхье хӀара ю. 13Иштта ю церан цӀераш: дуьххьара винарг Набуяти, цул тӀаьхьа Къедар, Адбаал, Мибасам, 14МишмаӀ, Дума, Маси, 15Хьадид, Тейма, Етар, Напуши, Къедима. 16Уьш ИсмаьӀалан кӀентийн цӀераш ю. Шийтта тайпанан баьччанийн а, уьш баьхначу меттигийн а цӀераш а ю уьш.
Copyright information for CheCAC2012