Genesis 25:29-34
29Цкъа кӀадвелла, мацалла гӀора а доцуш, талла ваханчуьра цӀа веара Ӏесав. Якъуб цу хенахь кхоьш кхехкош вара. 30Ӏесава элира Якъубе: «Со мацалла гӀелвелла ву, и цӀен кхоьш лохьа суна». (Цундела аьлла Ӏесавах «Эдом», ткъа иза «цӀениг» бохург ду.) 31Амма Якъуба элира: «Делахь, суна дуьххьара дуьнен чу ваьллачун бакъо схьало». 32«Со мацалла леш ву, нагахь со лахь, ас хӀун до сайн хьалха дуьнен чу ваьллачун бакъонах?», – элира Ӏесава. 33 aЯкъуба элира: «Цкъа хьалха дуй баа». Якъубана дуй а биъна, шен хьалха дуьнен чу ваьллачун бакъо йоьхкира Ӏесава. 34ТӀаккха Якъуба Ӏесавана кхоьх йина яа хӀума а, бепиг а делира. Ӏесав, яа а йиъна, мала а мелла, дӀавахара. Иштта атта шен хьалха дуьнен чу ваьллачун бакъо дӀаелира цо.
Copyright information for
CheCAC2012