Genesis 27:27-29
27 aЯкъуба, тӀе а веана, барт баьккхира дена. Ӏесаван бедарийн хьожа а кхетта, Исхьакха декъалвира иза: «Везачу Эло декъалйинчу аренийн хьожа санна юсан кӀантах йогӀу хьожа.
28Везачу Эло кхачам боллуш догӀанаш дохкуьйтийла
хьан латта токхе хилийта,
хьуна алссам ялта а, керла чагӀар а хилийта.
29 bХьуна гӀуллакх деш къаьмнаш хуьлийла,
хьуна муьтӀахь халкъаш хуьлийла!
Хьо хьайн вежаршна тӀехь олалла деш хир ву,
уьш хьуна хьалха охьатаьӀна хир бу.
Хьуна неӀалт кхайкхош верг неӀалт хилла хир ву,
хьо декъалвеш верг декъала хир ву».
Copyright information for
CheCAC2012