Genesis 28:11-17
11Новкъа воьдуш, суьйре тӀе а еана, цхьана меттехь буьйса йоккхуш сецира иза. Цхьа тӀулг а карийна, цу тӀе корта а биллина, дӀавижира иза. 12 aГӀенах Лаьттара стигала хьалакхаччалц болу лами а, цу тӀехула хьала-охьа лелаш долу Делан маликаш а гира цунна. 13 bСтигалахь, цу лами тӀехула лаьттачу Везачу Эло цуьнга элира: «Со Веза Эла ву, хьан деден ИбрахӀиман а, ден Исхьакхан а Дела. ХӀинца хьо тӀехь Ӏуьллу латта хьуна а, хьан тӀаьхьенна а лур ду Ас. 14 cЛаьттара ченан буьртигаш санна, дукха тӀаьхьенаш хир ю хьан, уьш дӀасаяьржар ю малхбалехьа а, малхбузехьа а, къилбаседехьа а, къилбехьа а. Дуьнен чуьра массо а халкъаш хьоьгахула а, хьан тӀаьхьенехула а декъал хир ду. 15Со хьоьца ву, Ас Ӏалашвийр ву хьо, миччанхьа вахача а. ХӀокху лаьтта тӀе хьо юха схьа а валийна, Айса хьоьга аьлларг кхочушдаллалц, Ас хьо дӀатесна вуьтур вац». 16Сама а ваьлла, Якъуба элира: «ХӀокху меттехь Веза Эла билггал ву, амма суна ца хаьара Иза кхузахь вуйла». 17Якъуб кхеравелира. «Ма сийлахь меттиг ю хӀара! – элира цо, – ХӀара Делан цӀа ду, стигалан ков ду».
Copyright information for
CheCAC2012