Genesis 28:18-22
18Ӏуьйранна хьалххе хьалагӀаьттина, ша дӀавуьжуш коьрта кӀел биллина тӀулг ирхберзийна дӀахӀоттийра цо. Цу тӀе даьтта а доьттина, и тӀулг Далла лерина битира Якъуба. 19Цу меттигах Луз олура, амма Якъуба цуьнан цӀе Бетал тиллира (иза «Делан цӀа» бохург ду). 20Цо дуй биира: «Нагахь Дела соьца хир велахь, со дӀа а, схьа а вогӀучу новкъахь Ӏалаш а веш, нагахь Цо суна даар а, духар а лахь, 21нагахь со могуш-маьрша сайн ден цӀа юха а верзахь, Веза Эла сан Дела хир ву. 22Ас кхузахь хӀара тӀулг хӀоттийна, цо хӀара меттиг, кхузахь Дела волуш, сийлахь юйла хоуьйтур ду. Ахь сайна деллачух уьтталгӀа дакъа Цунна юха а лур ду ас».
Copyright information for
CheCAC2012