Genesis 3:17-19
17 aАдаме ▼▼Адаме – кхузахь деша мега «адаме» я «Адаме».
Везачу Дала элира: «Аса аьллачуьнга ла а ца дугӀуш, хьайн зудчо бохург а дина, ма баа аьлла стом ахьа баарна, хьо бахьанехь неӀалт кхайкхадо Ас кху лаьттана а.Хьо валлалц халонца а, къинхьегамца а лохур ду
ахьа хьайна напха.
18КӀохцалш а, яраш а евр ю цу лаьтта тӀе,
аренан ораматех хир ю хьуна юург.
19Хьацарлахь доккхур ду ахьа хьайн бепиг,
юха а, хьо схьаваьллачу лаьтта чу хьо верззалц.
Ас хьо лаьттан ченах вина волу дела,
юха а чан хир ю хьох».
Copyright information for
CheCAC2012