‏ Genesis 40

ЧагӀардуттург а, бепигдоттург а

1Дукха хан ялале Мисаран паччахьан ши ялхо, чагӀардуттург а, бепигдоттург а, шайн элана, Мисар-мехкан паччахьна хьалха бехке хиллера. 2ПирӀун оьгӀазвахнера шен коьртачу чагӀардуттучунна а, коьртачу бепигдоттучунна а. 3Цо и шиъ Юсуп чувоьллина волчу, цуьнан элан Патипаран цӀенца йолчу набахти чу воллийтира. 4Набахтин коьртачу хьаькамо уьш Юсупе дӀабелира. Юсуп церан гӀуллакхе хьожуш вара. Чувоьллинчул тӀаьхьа жимма хан яьлча, цу шина ялхочунна 5цхьана буса гӀан гира. ХӀора гӀенан шен маьӀна дара. 6ШолгӀачу Ӏуьйранна уьш болчу веача, Юсупна гира и шиъ гӀайгӀане воьжна. 7Шеца шен хӀусамден цӀа чохь чубоьхкинчу пирӀунна уллорчу элашка хаьттира цо: «Тахана сел гӀайгӀане хӀунда ву шуьшиъ?»

8«Тхойшинне а гӀан гина, – жоп делира цара, – ткъа цунах дерг кхето стаг вац».

Юсупа элира цаьрга: «Кхетор Делера дац ткъа? Дийцал суна шайн гӀенаш».

9Коьртачу чагӀардуттучо дийцира Юсупна шен гӀан: «Суна гӀенах кемсийн таьлланг гира. 10Цу тӀехь кхо га дара. Таьлланго заза даьккхира, юха зазанах цу сохьта кемсийн хорханаш хилира. 11Сан карахь пирӀунан кад бара. Ас, кемсаш а яьхна, кеда чу мутт а даьккхина, пирӀуне кад дӀабелира».

12«Цуьнан маьӀна иштта ду, – элира цуьнга Юсупа. – Кхо га – иза кхо де ду. 13Кхо де даьлча, пирӀуно хьо лаккха айина, хьалха хиллачу метте дӀахӀоттор ву. Ахьа, хьалха ма-баллара, пирӀуне кад дӀалур бу. 14Амма ас доьху хьоьга, хьайна дика хан тӀееача, со дага а ваийтий, суна дика болх хилийтархьама пирӀуне со хьахавелахь, набахти чуьра араваккха алий. 15Ӏебархойн махкара нуьцкъах схьавалийна со, кхузахь а набахти чуволлал хӀума а ца даьлла соьгара».

16Юсупа динчу маьӀнина реза а хилла, коьртачу бепигдоттучо элира цуьнга: «Суна а гира гӀан: ас коьрта тӀехь латтош кхо тускар дара, чохь бепиг а долуш. 17Лакхарчу тускар чохь пирӀунна деттина бепиг дара, амма иза олхазарша, зӀакарш а етташ, дууш дара».

18«Цуьнан маьӀна иштта ду, – элира Юсупа. Кхо тускар – иза кхо де ду. 19Кхо де даьлча, хьо а пирӀуно лаккха хьалаойур ву – хьокханна тӀе а хаийна, ткъа олхазарша хьан дегӀах зӀакарш еттар ю». 20Кхо де даьлча, пирӀунан вина де дара. Цо той хӀоттийра шена уллорчарна. Уьш гонах а болуш, пирӀуно лаккха хьалаайира коьрта чагӀардуттург а, коьрта бепигдоттург а. 21Коьрта чагӀардуттург шен хьалхалерчу метте дӀахӀоттийра цо, вукхо юха а пирӀунан кара кад белира. 22Ткъа коьрта бепигдоттург хьалаоьллира, Юсупа маьӀна деш ма-аллара. 23Амма коьртачу чагӀардуттучунна Юсуп дага ца веара, цунна иза вицвеллера.
Copyright information for CheCAC2012