‏ Genesis 41

ПирӀунан гӀенаш

1Дийнна ши шо чекхдаьлча, пирӀунна гӀан гира: ша Нил цӀе йолчу хина йистехь лаьтташ, 2хи чуьра берстана а, хаза а ворхӀ етт, хьала а баьлла, эрзашкахь бажа хӀоьттира. 3Царна тӀаьххье кхин ворхӀ етт схьабелира Нил чуьра. И бежанаш гӀийла а, ирча а дара. Берда тӀехь вукхарна юххе дӀахӀиттира уьш. 4ГӀийлачу бежанаша дерстанаш диира. Эццахь пирӀун самавелира.

5Юха иза дӀавижча, кхин гӀан гира цунна: цхьана гӀода тӀехь буьззина а, хаза а ворхӀ кан бара. 6Юха царна тӀаьххье хьалабелира кхин ворхӀ кан. Уьш гӀийла а, малхбалерчу мохо багийна а бара. 7ГӀийлачу кенаша дуьззина долу кенаш дӀадиира. Самаваьллачу пирӀунна иза гӀан дуйла хиира. 8 aӀуьйранна синтем байна вара иза. Мисар-махкара массо а бозбунча а, хьекъал долу стаг а схьа а кхайкхина, царна шен гӀенаш дийцира цо. Амма цхьанна а церан маьӀна дан ца хиира.

9ТӀаккха коьртачу чагӀардуттучо элира пирӀуне: «ХӀинца суна дагадеа со бехке хилар. 10Цхьана хенахь пирӀун оьгӀазвахнера шен ялхошна. Со а, коьрта бепигдоттург а пирӀунан гӀаролан хьаькаман цӀенца йолчу набахти чу воллийтира. 11Суна а, сан накъостана а набахтехь цхьана буса гӀан гира. ХӀора гӀан шен маьӀна долуш дара. 12Тхоьца чувоьллина гӀаролан хьаькаман ялхо волу къона Ӏебархо вара. Оха цунна тхешан гӀенаш дийцира, цо церан маьӀна дира. 13Цо ма-дийццара нисделира дерриг а: со сайн балха схьавеара, соьца чувоьллина хилларг хьалаоьллира».

14ПирӀуно Юсупна тӀаьхьа нах бахийтира, цара иза сихонца набахтера схьавалийра. Маж а яьшна, тӀе цӀена хӀума а юьйхина, пирӀунна тӀевахара Юсуп.

15ПирӀуно элира Юсупе: «Суна гӀан гина, амма цхьаьнгге а цуьнан маьӀна ца дало. Суна хезнера хьох лаьцна, хьо гӀенех дерг девзаш а, церан маьӀна дан хууш а ву бохуш».

16Юсупа жоп делира: «Соьга далалур дац, Дала лур ду пирӀунна дика жоп».

17ПирӀуно дийцира Юсупна: «Суна гӀенах со Нилан берда тӀехь лаьтташ гира. 18ЦӀеххьана, хи чуьра хьала а баьлла, хаза а, берстана а ворхӀ етт эрзашкахь бажа хӀоьттира. 19Царна тӀаьххье цкъа а суна Мисар-махкахь гина боцу, чӀогӀа ирча а, оза а ворхӀ етт хьалабелира. 20Хьалха хьаладевлла, хаза а, нисделла а бежанаш цу гӀийлачу, ирчачу бежанаша диира. 21Амма цаьрга хьаьжча, цхьаммо а эр дацара цара уьш диъна: шаьш хьалха ма-дарра ирча дара и бежанаш. Эццахь со самавелира.

22Юха суна гӀенах цхьана гӀад тӀехь хьалабаьлла хаза а, буьззина а ворхӀ кан гира. 23Царна тӀаьххье хьалабелира бекъа а, гӀийла а, малхбалерчу мохо чахчийна а ворхӀ кан. 24ГӀийлачу кенаша дуьззина дерш дӀадиира.

Ас бозбунчашка дийцира иза, амма цхьанна а маьӀна дан ца хиира цуьнан».

25Юсупа элира пирӀуне: «И ший а гӀан цхьана хӀуманах лаьцна ду. Дала хьуна схьадиллина Ша дан воллург. 26ВорхӀ дика етт а, ворхӀ дика кан а – иза ворхӀ шо ду. И ший а гӀан цхьаннах лаьцна ду. 27Ткъа вукхарал тӀаьхьа хьалабаьлла болу ворхӀ гӀийла а, ирча а етт а, ворхӀ гӀийла а, малхбалерчу мохо чахчийна кан а – иза ворхӀ шо ду. Мацалла хӀоьттина ворхӀ шо. 28Дала пирӀунна Ша дан воллург схьадиллина аьлла, ас бохург хӀара дара. 29Мисар-махкахь шорто йолуш, токхе ворхӀ шо тӀекхочуш ду. 30Юха тӀедогӀу ворхӀ шо мацалла йолуш хир ду. Шорто хилла хилар дицлур ду – мацалло дерриг а латта дассор ду. 31Шорто йицлур ю цунна тӀаьххье йогӀун йолу мацалла бахьана долуш, хӀунда аьлча мацалла луьра хир ю. 32ПирӀунна гӀан шозза гаран маьӀна ду Делан сацам хилла чекхбалар а, Цо иза кестта кхочушбийриг хилар а.

33ХӀума хууш а, хьекъал долу а стаг а лехна, Мисар-махкахь куьйгалла дан иза хӀотто веза ахь. 34Шорто йолчу ворхӀ шарахь Мисар-махкахь кхиъначу ялтин пхоьалгӀа дакъа схьагулдеш, нах арабаха беза. 35Оцу дикачу шерашкахь цара ялта гул а деш, пирӀунан омрица гӀаланашкахь кӀа Ӏалашдан деза. 36Гулдина ялта дӀадиллина хир ду, мацалла тӀееанчу ворхӀ шарахь Мисар-махкара адам хӀаллак ца хилийта».

Юсуп Мисар-мехкан куьйгалхо хуьлу

37ПирӀуно а, цунна гонах болчу элаша а, реза а хилла, тӀетодира Юсупа аьлларг. 38Шен элашка пирӀуно хаьттира: «ХӀара стаг санна верг вайна кхин мила карор ву, шена чохь Делан Са а долуш?»

39ТӀаккха пирӀуно Юсупе элира: «Дала и дерриг а хьуна схьадиллина хилча, хьол хьекъал долуш а, хӀуманах кхеташ а стаг вац. 40 bАс сайн цӀенна тӀехь куьйгалла дан хӀоттаво хьо, дерриг а сан халкъ хьан омранаш кхочушдеш хир ду. Паччахьан дарже хьаьжна бен, со хьол лакхара хир вац».

41ПирӀуно элира Юсупе: «Хьажалахь, ас берриг а Мисар-махка тӀехь куьйгалла дан хӀоттаво хьо». 42 cЦо шен пӀелга тӀера схьадаьккхина мухӀар Юсупан пӀелга тӀе доьллира, дуткъачу кӀадинах дина духар цунна тӀе а дуьйхина, цуьнан коча дашо зӀе оьллира. 43Шен шолгӀа гӀудалкха чохь лелаве иза аьлла, омра дира пирӀуно. Юсупна хьалха боьлхучу ялхоша, цунна некъ бита бохуш, маьхьарий деттара. Иштта пирӀуно Мисар-махка тӀехь куьйгалхо хӀоттийра Юсуп. 44ПирӀуно элира Юсупе: «Со пирӀун ву, амма берриг а Мисар-махкахь хьан бакъо йоцуш цхьа а меттахвала а ваьхьар вац».

45Цо Юсупна керла цӀе елира – Цапнат-ПаӀнахь аьлла. Ана цӀе йолчу гӀалин динан да волчу ПатипараӀан йоӀ Аснат ялийра пирӀуно Юсупна. Иштта Юсуп берриг а Мисар-махкана тӀехь урхалла деш хилира. 46Юсупан ткъе итт шо дара, Мисаран паччахьна гӀуллакх дан иза вахача. ПирӀун волчуьра араваьлла, берриг а Мисар-махкахула чекхвелира иза. 47Шорто йолчу ворхӀ шарахь лаьтто дуккха а ялта делира. 48Оцу ворхӀ шарахь кхиъна ялта, гул а деш, гӀаланашкахь охьадуьллура Юсупа. Луларчу аренашкахь кхиъна ялта хӀора гӀалахь охьадуьллура цо. 49ХӀордан гӀум санна, дукха дара Юсупа гулдина кӀа. Цо иза, дагар а ца деш, дитира, хӀунда аьлча дагар ца даллал иза дукха хиларна.

50Мацалла хӀутту шераш тӀекхачале Ана цӀе йолчу гӀалин динан ден ПатипараӀан йоӀа Асната ши кӀант вира Юсупна. 51Дуьххьарлерачу кӀентан цӀе Маннаш тиллира Юсупа (иза «дицдайтар» бохучух тера ду). Цо бохура: «Дала сайна хилла халонаш а, ден цӀа а дицдайтина соьга». 52ШолгӀачу кӀентан цӀе Эпрам тиллира цо (иза «дебийтар» бохург ду). Юсупа бохура: «Ас бала хьегначу махкахь Дала дебийтина со».

53Мисарахь шорто йолу ворхӀ шо чекхделира. 54 dЮсупа ма-аллара, мацалла еана ворхӀ шо дӀадоладелира. Вукху мехкашкахь а яра мацалла, Мисарахь бен яа хӀума яцара. 55 eАмма ерриг а Мисарахь мацалла хӀоьттича, адам пирӀунна тӀедахара ялта доьхуш. Цо элира мисархошка: «Юсупна тӀе а гӀой, цо бохург де».

56Берриг а махкахь мацалла яра. Юсупа мисархошна кӀа доьхкира, иза дӀадиллина меттигаш схьа а йиллина, хӀунда аьлча Мисарахь чӀогӀа мацалла хӀоьттинера. 57Гонах болчу массо а махкара нах Мисара Юсупера кӀа эца богӀура, хӀунда аьлча массанхьа а луьра мацалла яра.
Copyright information for CheCAC2012