‏ Genesis 42

Юсупан вежарий Мисар-махка боьлху

1Мисарахь кӀа дуйла шена хиъча, Якъуба элира шен кӀенташка: «Шу вовшашка хьоьжуш хӀунда Ӏа? 2 aСуна хезна, Мисар-махкахь кӀа ду бохуш. Даха а гӀой, цигара иза эца, вай мацалла ца далийта».

3Юсупан итт ваша Мисара вахара кӀа эца. 4Якъуба Юсупан нанас вина ваша Бен-Яман цӀахь витира. Цунна цхьа вон болх хиларна кхоьрура иза. 5Иштта Исраилан кӀентий дуккха а кхечу нахана юкъахь кӀа эца баьхкира, хӀунда аьлча КанаӀан-махкахь мацалла яра. 6Мисар-махкахь куьйгалхо Юсуп вара. Махкахь дерриг а халкъана кӀа духкуш вара иза. ДӀакхаьчна вежарий, лаьтта охьакхаччалц Юсупна хьалха охьатаьӀира. 7Вежарий ма-гинна, уьш бевзира Юсупна, амма шена уьш ца бевзашха цаьрца буьрсо къамел дира цо. «Шу мичара даьхкина?» – хаьттира цо.

«КанаӀан-махкара даьхкина тхо ялта эца», – аьлла, жоп делира цара.
8Юсупна шен вежарий бевзинехь а, царна иза ца вевзира. 9 bЦарах долу шен гӀенаш дага а даьхкина, Юсупа элира: «Шу ямартхой ду! Тхан пачхьалкхан ледара агӀонаш хаа а, долчун терго ян а даьхкина шу!»

10«ХӀан-хӀан, эла, – жоп делира вежарша. – Хьан ялхой долу тхо ялта эца даьхкина. 11Тхо дерриш а цхьана ден кӀентий ду. Хьан ялхой цӀена нах бу, ямартхой бац».

12Юсупа юха а элира: «ХӀан-хӀан, шу тхан махкахь ледара хӀума хӀун ду хьажа даьхкина».

13Амма цара жоп делира: «ХӀан-хӀан, тхан доьзалехь шийтта ваша вара, КанаӀан-махкахь Ӏаш волчу цхьана дех схьаваьлла. Жимаха верг хӀинца деца ву, ткъа цхьаъ кхелхина».

14Юсупа элира цаьрга: «Ас аьллий, шу ямартхой ду! 15Шу бакъ ду я дац иштта къастор ду ас: дийна волчу пирӀунах дуй буу ас, шу кхузара дӀагӀур ма дац, шун жимаха волу ваша кхуза схьаваллалц. 16Цхьаъ вешина тӀаьхьа вахийта, вуьш набахти чохь Ӏийр бу. ТӀаккха хуур ду суна, аш дуьйцург бакъ ду я дац. Нагахь даций, дийна волчу пирӀунах дуй буу ас, шу ямартхой ду аьлла!»

17Вежарий кхаа денна чубохкийтира цо. 18КхозлагӀчу дийнахь Юсупа элира цаьрга: «Ас бохург дахь, дийна дуьсур ду шу, хӀунда аьлча со Делах кхоьру. 19Нагахь шу цӀена нах делахь, шух цхьаъ набахти чохь саца веза, ткъа вуьш мацалла ловш болчу шайн доьзалшна кӀа дӀаэцна баха беза. 20Амма шайн жимаха волу ваша схьавало веза аш, шаьш дуьйцург бакъ дуй хаийтархьама а, дийна дисархьама а». Иштта дан а дира цара. 21Вежарша элира вовшашка: «Дала билггал до вайна таӀзар вешина дуьхьал латийна къа бахьанехь. Вайна гора Юсуп холчохь хилар цо вайга дехар дечу хенахь, амма вай цуьнга ла ца дуьйгӀира. ХӀинца вайна бохам хилла».

22 cРаабана элира: «Ас баьхнера шуьга – кӀант бахьана долуш шайх къа ма латаде, амма аш ла ца дуьйгӀира! ХӀинца цунна тӀехула вайна бекхам хуьлуш бу».

23Царна дагахь а дацара Юсуп шайх кхеташ хилар, хӀунда аьлча цо цаьрца къамел гочдархочуьнгахула дора. 24Иза, дӀа а вирзина, вилхира, юха, схьа а вирзина, цаьрца къамел дан хӀоьттира. Царах ШимӀа, схьа а къастийна, церан бӀаьргашна хьалха дӀавихкира цо. 25Церан тӀоьрмигаш чу кӀа а дилла, хӀораннан ахча а цигга чудилла, некъана оьшург а ло аьлла, омра дира Юсупа. Дерриг а цо ма-аллара кхочушдира. 26КӀа варраш тӀе а диллина, новкъа бевлира уьш. 27Буьйса яккха севцича, вежарех цхьаммо галин бертиг яьстира вирана хӀоъ бала дагахь. Цунна гали чохь шен детин ахча карийра. 28«Сан дети юхадеана! – элира цо вежаршка. – ХӀара ду и, сан гали чохь».

Кхерабелла, дегнаш схьалелха а дохкуш, бегош вовшашка а хьоьжуш, бохура цара: «ХӀара хӀун ду Дала вайна динарг?»

29Шайн да Якъуб волчу КанаӀане юха а баьхкина, шайца хилларг дерриг а дийцира цара: 30«Цигарчу махкахь куьйгалхо волчу стага, буьрса къамел а дина, тхоьга элира: „Ямартло ян даьхкина шу!“ 31Амма оха жоп делира цуьнга: „Тхо цӀена нах ду, ямартлонна даьхкина дац. 32Тхо шийтта ваша вара, цхьана ден кӀентий. Цхьаъ воцуш ву, жимаха верг деца КанаӀан-махкахь ву хӀинца“. 33ТӀаккха цу мехкан куьйгалхочо элира тхоьга: „Шу цӀена нах ду я дац иштта хуур ду суна: шайн цхьа ваша кхузахь а витий, мацалла ловш болчу доьзалшна ялта схьа а эций, шайн новкъа дӀагӀо. 34Со волчу шайн жимаха волу ваша валаве, тӀаккха хуур суна шу цӀена нах дуйла. Цул тӀаьхьа ас шун ваша дӀа а лур ву, кху махкахь мах а лелабойтур бу“».

35Галеш дӀасадохуш, хӀоранна а дети чохь долу шен бохча карийра. Дети а гина, церан да а, уьш а кхерабелира. 36Якъуба элира цаьрга: «Аш сайн берех ваьккхи со, Юсуп а вац, ШимӀа а вац, ткъа хӀинца Бен-Яман а схьаэца гӀерта шу. Дерриг а суна дуьхьал даьлла!»

37Раабана элира дега: «Нагахь ас Бен-Яман хьуна юха ца валавахь, сан ши кӀант вен мегар ду хьуна. Соьга жоп далийтахь цунах, ас иза юхавалор ву хьуна».

38Амма Якъуба элира: «Сан кӀант хьоьца цига гӀур вац, цуьнан ваша велла, иза ша висна. Нагахь новкъахь цунна цхьаъ хилахь, соьга иза лан лур дац, сингаттамехь болу сан къоьжа корта эхарте кхочуьйтур бу аша».
Copyright information for CheCAC2012