Genesis 43
Вежарий шолгӀа а Мисар-махка бахар
1Луьра мацалла яра цу махкахь. 2Мисарара деана дерриг а кӀа шаьш диъча, дас кӀенташка элира: «Даха а гӀой, кхин а ялта эца вайна». 3Амма ЯхӀуда элира цуьнга: «Цу стага тхоьга буьрса схьахьедина: „Шуна сан юьхь гур яц, нагахь шуьца схьавеана шун ваша ца хилахь“. 4Нагахь ахь тхоьца ваша ваийтахь, оха, дахана, хьуна юург оьцур ю. 5Амма ахь иза ца ваийтахь, тхо гӀур дац, хӀунда аьлча цу стага аьлла тхоьга: „Шуна сан юьхь гур яц, шуьца шун ваша ца хилахь“». 6«И бала хӀунда беана аш суна тӀе, шайн кхин цхьа ваша ву а аьлла?» – хаьттира Исраила ▼▼Исраила – и ву Якъуб.
. 7Цара жоп делира: «Цу стага тхох а, вайн доьзалх а лаьцна дерриг а хоьттура тхоьга: „Шун да хӀинца а дийна вуй? Кхин цхьа ваша вуй шун?“Оха цуьнан хаттаршна жоп лора. Хьанна хаьара, цо эр дуй: „Схьавалаве кхуза шайн ваша“, – аьлла?» 8ЯхӀуда элира шен дега Исраиле: «Ахь кӀант соьца ваийтича, тхо оцу сохьта дӀагӀур дара, тхо а, вайн бераш а лечуьра кӀелхьардаха. 9Ас жоп лур ду Бен-Яманах, соьгара хоттур ахь цунах дерг. Нагахь санна ас, схьа а валийна, кӀант хьоьга дӀа ца лахь, хьуна хьалха со хир ву бехке велла дӀаваллалц. 10Вай сихо йина хиллехьара, тхо, шозза дӀа а дахана, юхадаьхкина хир дара». 11ТӀаккха церан дас Исраила элира: «Нагахь гӀуллакх иштта делахь, хӀокху вайн лаьтто луш долу тоьлла сурсаташ оцу стагана дӀахьо: дарбане хьакхар а, моз а, хаза хьожа йогӀу бецаш а, деза даьтта а, тайп-тайпана бӀараш а. Царах шайн некъан мохь кечбе. 12ХӀинца доьлхуш шозза сов дато ахча хьо, хьалха шаьш цӀа деанарг а юха дӀахьо: иза цхьана гӀалатца галдаьлла хила мега. 13Шайн ваша схьа а эций, сихонца цу стагана тӀегӀо. 14Нуьцкъалчу Дала гӀо дойла шуна, мехкан куьйгалхочунна хьалха шу хӀиттича, шун вукху вешина а, Бен-Яманна а шуьца цӀа ван пурба лойла Цо. Нагахь санна берех вала суна доьгӀнехь, царах волийла со». 15СовгӀаташ а, хьалхачул шозза сов дети а, Бен-Яман а схьа а эцна, сиха Мисар-махка дӀабахара вежарий. Уьш, дӀа а кхаьчна, Юсупна хьалха хӀиттира. 16Цаьрца веана Бен-Яман гича, Юсупа шен цӀийнан куьйгалхочуьнга элира: «ХӀара нах сан цӀа дӀа а бигий, бежана а дей, яа хӀума кечъе. Делкъахенахь соьца хӀума юур ю кхара». 17Цу стага шена тӀедиллинарг кхочуш а дина, уьш Юсупан цӀа бигира. 18Вежарий кхерабелира, шаьш цуьнан цӀийне балийча. Царна дагадеара: «Дуьххьара даьхкича, вайн галеш чу дети кхачар бахьана долуш далийна вай кхуза. ТӀелетта, вай эша а дина, вайх леш а бина, вайн варраш дӀаяха гӀерта и стаг». 19ТӀе а бахана, Юсупан цӀийнан куьйгалхочуьнга элира цара хӀусаман неӀарехь: 20«ЛадогӀахь, эла! Тхо цкъа даьхкинера кхуза ялта эца. 21Амма буьйса яккха севцначохь, оха галеш схьадаьстича, тхешан дато ахча ма-дарра карийра тхуна. Цундела хӀинца оха иза юхадеана. 22Кхин а деана оха ялта эца дети. Тхуна ца хаьа тхешан галеш чу ахча хьан диллина». 23Ялхочо жоп делира: «Шу кхера оьшуш хӀумма а дац. Шун а, шун ден а Дала делла шуна галеш чохь карийна ахча, ткъа ас шуьгара дато ахча хьалха шу даьхкича схьаийцира». Цул тӀаьхьа цо уьш болчу ШимӀа схьавалийра. 24ЦӀийнан куьйгалхочо вежарий Юсупан цӀа чу бигира. Царна когаш била хи а, церан варрашна хӀоъ а белира цо. 25Юсуп схьавале вежарша совгӀаташ кечдира, хӀунда аьлча цаьрга аьллера, цигахь хӀума юур ю аьлла. 26Юсуп цӀа веача, совгӀаташ дӀа а делла, лаьтта кхаччалц цунна хьалха охьатаьӀира уьш. 27Цаьрга маршалла а хаьттина, Юсупа элира: «Аш хьалха соьга вийцина шун къена да муха ву? Дийна вуй иза?» 28Цара жоп делира: «Хьан ялхо, тхан да, дийна а, могуш а ву». Юсупе болчу ларамна лохха охьатаьӀира уьш. 29ДӀасахьаьжначу цунна шен нанас вина ваша Бен-Яман гира. Цо хаьттира: «ХӀара аш вийцина, шун жимаха волу ваша вуй? Делан дика болх хуьлда хьуна, сан кӀант». 30Шен веше йолу марзо лачкъорхьама, сихха ара а ваьлла, цхьа а воцучу меттехь вилхира иза. 31Юха шен юьхь а йилина, схьавеана, собаре а хилла, цо элира: «Яа хӀума схьая!» 32Цунна къастийна елира яа хӀума, вежаршна а, мисархошна а къастийна елира, хӀунда аьлча мисархошна хьарам хетара Ӏебархошца хӀума яар. 33Вежарий Юсупна дуьхьал ховшийнера, вокх-воккханиг хьалха а хаош. Уьш, цец а бевлла, хьоьжура вовшашка. 34Юсупан стоьла тӀера яа хӀума елира царна, Бен-Яманна луш ерг вукхарна лучул пхоьазза сов яра. Юсупца самукъадаллалц молуш Ӏийра уьш.
Copyright information for
CheCAC2012