‏ Genesis 44

Гали чохь карийна дато кад

1Юсупа элира шен цӀийнан куьйгалхочуьнга: «Цу нехан галеш чу яхьа мел ло яа хӀума а йилла, церан дети юха галеш чу а дилла. 2Сан дато кад жимаха волчун гали чу билла цо кӀенах дала деанчу ахчанца цхьаьна». Цо ма-бохху гӀуллакх кхочушдира ялхочо. 3Са ма-хилла, вежарий шайн варрашца новкъа бехира. 4Уьш гӀалина гена ца бевллера, Юсупа шен цӀийнан куьйгалхочуьнга аьлча: «Сихха оцу нахана тӀаьхьа а гӀой, тӀекхаьчча, ала цаьрга: „Шайна динчу диканна дуьхьал вон хӀунда дина аш? 5Сан элан дато кад хӀунда лачкъийна аш?
Сан элан дато кад хӀунда лачкъийна аш? – и дешнаш цхьана ширачу гочдар чохь ду, амма Ӏебархойн маттахь уьш дац.
Цо чуьра молуш а, пал тосуш лелош а кад ма бу иза! Аш динарг вон хӀума ду!“»

6ТӀаьхьа а кхиъна, ялхочо элира цаьрга и дешнаш. 7Вежарша жоп делира: «Иштта хӀунда боху ахь? И санна долу хӀума оха цкъа а дийр дацара. 8КанаӀан-махкара дуьйна тхайн галеш чохь карийна дети юхадеана оха. Хьан элан цӀа чуьра дети я деши оха хӀунда лачкъор ду? 9Нагахь и кад цхьаннан гали чохь хьуна карабахь, и стаг лийр ву, ткъа тхо хьан леш хир ду».

10Ялхочо элира: «Дика ду, аш ма-бохху дийр ду вай: цхьаьнгахь кад карабахь, иза сан лай хир ву, ткъа биснарш маьрша хир бу». 11Вежарша шайн галеш, лаьтта охьа а дехкина, схьадаьстира. 12Воккхачунна тӀера жимачунна тӀекхаччалц кад лаха волавелира Юсупан цӀийнан куьйгалхо. Кад Бен-Яманан гали чохь карийра. 13Холчу хӀиттина, шайна тӀера хӀуманаш этӀийра вежарша. Юха, шайн варраш тӀе маххьаш а дехкина, гӀала юхабаьхкира уьш. 14Юсупан цӀа чу схьабаьхкира ЯхӀуд а, цуьнан вежарий а. Иза дӀавахаза цӀахь вара. Цунна хьалха гораийгира уьш. 15Юсупа элира цаьрга: «И хӀун ду аш динарг? Со санна волчу стагана муьлхха а хӀума, пал тесча, хуур дуй ца хаьа шуна?»

16ЯхӀуда жоп делира: «Тхан ала хӀума дац хьоьга, эла. Тхайн бехк ца хилар муха хоуьйтур ду оха? Далла хиъна, шен ялхойн бехк буйла. ХӀинца тхо а, кад шегахь карийнарг а хьан леш ду-кх, эла».

17Юсупа элира: «И саннарг дийр дац ас! Шегахь сан кад карийнарг хир ву сан лай, ткъа шу шайн да волчу маьрша дӀагӀо».

ЯхӀуда вежарех лаьцна дехар до

18ТӀаккха ЯхӀуда, тӀе а вахана, элира цуьнга: «Сан эла, доьху хьоьга цхьа дош алийтар. Хьо пирӀуне кхоччуш велахь а, хьайн ялхочунна оьгӀаз ма гӀолахь. 19Тхо хьалха кхузахь долуш ахьа хаьттира тхоьга: „Шун да а, ваша а вуй?“– аьлла. 20Оха жоп делира: „Къена да а ву, иза воккха волчу хенахь хилла жима ваша а ву“, – аьлла. Тхан дена къаьсттана дукхавеза и жимаха волу кӀант. Цу кӀентан нанас вина ваша вала а велла, ша цхьаъ висна иза. 21ТӀаккха ахьа элира тхоьга: „Схьавалаве иза кхуза, со цуьнга хьажийта“. 22Оха хьуна жоп делира: „Да а витина вогӀийла дац цу кӀентан. Нагахь иза вагӀахь, да лийр ву“. 23Амма ахьа тхоьга элира: „Шун ваша шуьца кхуза схьаваллалц, шуна сан юьхь гур яц“. 24Тхайн да волчу а дахана, ахьа аьлларг дӀадийцира оха. 25Дас элира тхоьга: „Юха а гӀой, жимма ялта эца“, – аьлла. 26Амма оха жоп делира: „Жимаха волу ваша а эцна бен гӀойла дац тхан цига. Цу стеган юьхь гойла хир дац, тхоьца жимаха волу ваша ца хилахь“. 27ТӀаккха дас тхоьга элира: „Шуна хаьа сан зудчо суна ши кӀант винийла. 28Цу шиннах цхьаъ цӀера ваьлча, ас элира: ‘Иза акхароша цистина хир ву’, – цул тӀаьхьа суна иза ган а ца гира. 29ХӀинца аша важа а дӀа а вигна, цунна вон болх хилахь, соьга иза лалур дац. Баланехь болу сан къоьжа корта эхарте кхочуьйтур бу аша“. 30И кӀант къаьсттина дукхавезаш, цунна чу са диллина ву тхан да. Цундела иза а воцуш тхо цӀа гӀахь, 31тхан дена иза тхоьца воцийла хаахь, иза лийр ву. Хьан лейн бехкенна баланехь волчу тхан ден къоьжа корта эхарте кхочур бу. 32Ас дош деллера цунна, кӀант ларвийр ву аьлла. „Нагахь ас хьуна иза схьа ца валавахь, велла дӀаваллалц хьуна хьалха бехке хир ву со, дада“, – аьлла ас. 33Цундела ас доьху хьоьга, эла, кӀант вежаршца дӀа а вахийтий, цуьнан метта кхузахь хьайн лай со витахь. 34Со муха гӀур ву дена хьалха, сайца кӀант а воцуш? Сайн дена хиндолчу вочунна теш хила ца лаьа суна».
Copyright information for CheCAC2012