Genesis 45
Юсупа вежаршна ша вовзуьйту
1 aТӀаккха Юсупа, ялхой болчохь кхин са а ца тохаделла, мохь туьйхира: «ДӀадовла суна гучуьра!» Царах цхьа а чохь вацара, Юсупа ша вежаршна вовзийтича. 2Иза чӀогӀа вилхира, мисархошна а, пирӀунан цӀенна а хезара цуьнан белхар. 3Юсупа элира шен вежаршка: «Со Юсуп ву! Дийна вуй сан да?» Амма инзарбевлла а, кхерабелла а болчу вежаршка дуьхьал жоп ца далалора. 4ТӀаккха Юсупа элира: «Суна тӀедуьйлийша». Уьш тӀебаьхкича, цо элира: «Со аша Мисар-махка воьхкина шун ваша Юсуп ву! 5Амма дохий а ма хьийза, шайна оьгӀаз а ма эха шаьш со Мисар-махка вохкарна. Адамаш кӀелхьардахархьама, шул хьалха со кхачийтира Дала кхуза. 6Ши шо ду кху махкахь мацалла йолу, кхин пхеа шарахь а хир дац ялта дуьйш а, дерзош а. 7Амма Дала ваийтина со шул хьалха, кху лаьтта тӀехь шун тӀаьхье хилийта а, шун дахар инзаре кӀелхьардаккха а. 8Аша ца ваийтина со кхуза, Дала ваийтина. Цо сох пирӀунан да вина, цуьнан цӀийна тӀехь эла а, берриг а Мисар-махка тӀехь куьйгалхо а вина. 9 bСихо яй, сан дена тӀе а кхачий, ала цуьнга: „Хьан кӀанта Юсупа хабар доуьйту хьоьга: ‘Дала со Мисар-махкахь куьйгалхо вина. Со волчу схьавола, хан ца йолуьйтуш. 10ГӀашан цӀе йолчу меттехь Ӏийр ву хьо, суна уллохь. Хьан бераш а, берийн бераш а, берриг а бахам а, дерриг а даьхни а схьадаладе. 11ГӀашанехь хьо а, хьан доьзал а кхобур бу ас, хӀунда аьлча тӀедогӀуш мацаллин пхи шо ду. Иза ца дахь, хьо а, хьан цӀа а, хьан долахь дерг дерриг а эшамехь хир ду’“. 12Шуна а, сан вешина Бен-Яманна а шайн бӀаьргашна гуш ду шайца къамел дийриг со хилар. 13Сан дега со Мисар-махкахь сийлахь хилар а, шайна кхузахь мел гинарг а дийца. Иза сиха кхуза схьа а валаве». 14Шен ваша Бен-Яман, мара а воьллина, вилхира иза, Бен-Яман а вилхира цуьнца. 15Массо а ваша мара а вуллуш, царна барташ а дохуш, воьлхура Юсуп. Цул тӀаьхьа вежарша цуьнца къамел дира. 16Юсупан вежарий баьхкина аьлла, хабар пирӀунна тӀекхечира. ПирӀун а, цунна уллорнаш а хазахеташ бара. 17ПирӀуно Юсупе элира: «ДӀаала хьайн вежаршка, шайна оьшшучул даа хӀума КанаӀан-махка дӀа а хьо. 18Шайн да а, доьзалш а кхуза схьа а балабе. Ас Мисарахь тоьлла долу латта лур ду шуна, цунах схьадаьллачух дехар ду шу, алий». 19Кхин а элира пирӀуно: «Хьуна тӀедуьллу ас, Юсуп, хьайн вежаршка дӀаалар: „Мисар-махкара гӀудалкхаш йига шайн бераш а, зударий а схьабало, шайн да а валош, шаьш а схьадуьйла. 20Шайн салпална са ма гатде, Мисарахь тоьлла дерг шун хир ду“». 21Исраилан кӀенташа цо ма-бохху дира. ПирӀуно деллачу омрица Юсупа царна гӀудалкхаш а, некъана кхача а белира. 22ХӀоранна а керла духар делира, ткъа Бен-Яманна кхо бӀе шекхал дети а, пхеа тайпана тӀеюху хӀуманаш а елира. 23Юсупа шен дена а дахьийтира совгӀаташ: Мисар-махкара тоьлла долу хӀума тӀехь долуш итт вир а яра, кӀа а, бепиг а, некъана лерина тайп-тайпана даарш тӀехь долуш итт виркхел а яра. 24Цул тӀаьхьа, вежарий новкъа а баьхна, уьш дӀабоьлхуш, цо элира: «Новкъахь девнаш ма дахалаш!» 25Мисарара ара а бевлла, шайн да Якъуб волчу КанаӀан-махка баьхкира уьш. 26Цара элира цуьнга: «Юсуп дийна ву! Юсуп берриг а Мисар-мехкан куьйгалхо ву!» Якъуб хӀун эр ду а ца хууш висира, цкъа хьалха иза ца тийшира царах. 27Амма Юсупа даийтина хабар а хезча, цо шена яийтина гӀудалкхаш а гича, Якъубан дог хазахетта тохаделира. 28Исраила элира: «Тоьар ду! Сан кӀант Юсуп дийна ву. Со валале и ган гӀур ву со».
Copyright information for
CheCAC2012