‏ Genesis 46

Якъуб Мисар-махка воьду

1Исраил
Исраил – и ву Якъуб.
, шен долахь дерг дерриг схьа а эцна, новкъа велира. ВогӀуш, Беар-ШабаӀе ша кхаьчча, шен ден Исхьакхан Далла лерина сагӀанаш дехира цо.
2Буьйсанна самах веанчу Дала Исраиле элира: «Якъуб!»

«Со кхузахь ву», – жоп делира Якъуба.

3Дала элира: «Со Дела ву, хьан ден Дела. Кхера а ца кхоьруш, Мисар-махка гӀо, цигахь Ас хьох доккха халкъ схьадолуьйтур ду. 4Со хьоьца Мисар-махка дӀа а вогӀур ву, цигара Ас хьо юха а валор ву. Хьан ши бӀаьрг Юсупа дӀакъовлур бу».

5Беар-ШабаӀера кхин дӀа а вахара Якъуб. Исраилан кӀенташа шайн да а, бераш а, зударий а пирӀуно яийтинчу гӀудалкхаш чу ховшийра цига дӀабига. 6 bКанаӀан-махкахь гулдина даьхни а, бахам а шайца схьаийцира цара. Шен ерриг а тӀаьхьенца Мисар-махка веара Якъуб. 7Цо шеца шен бераш а, берийн бераш а – ерриг а тӀаьхье дӀайигира. 8ХӀорш ю Мисар-махка баьхкинчу Исраилан кӀентийн цӀераш (Якъуб а, цуьнан тӀаьхье а): Якъубан хьалхара кӀант Раабан. 9Раабанан кӀентий: Хьанах, Палу, Хьацрани, Карма.
10ШимӀин кӀентий: Емуал, Ямин, АхӀад, Якин, ЦӀохьар, канаӀанхочо вина Шаул а.
11Левин кӀентий: ГӀиршан, КхахӀат, Мерари.
12ЯхӀудан кӀентий: Ӏаьр, Онан, Шейла, Парас, Зерахь. (Ӏаьр а, Онан а КанаӀан-махкахь кхелхинера). Парасан кӀентий: Хьацрани, Хьамал.
13Иссарханан кӀентий: ТовлаӀ, Пува, Яшаб, Шимрон.
14Забулан кӀентий: Серад, Элон, Яхьлаал.

15Уьш Леас Якъубана Падан-Арамехь бина кӀентий бара. Цо йина Дина цӀе йолуш йоӀ а яра. Дерриг а кӀант а, йоӀ а ткъе кхойтта дара. 16Гадин кӀентий: Цепон, Хьаги, Шуни, Эцбон, Ӏера, Ароди, Ариэли.
17Ашаран кӀентий: Имани, Ишва, Ишви, БериӀ. Серахь цӀе йолуш йиша а яра церан. БериӀан кӀентий: Хьебар а, Малкиал а.

18Лабана шен йоӀана Леина еллачу ялхочо Залпаа Якъубана дина бераш дара уьш, верриг а ялхитта стаг. 19Якъубан зудчо Рахьала бина кӀентий бара: Юсуп а, Бен-Яман а.
20 cМисар-махкахь Ана цӀе йолчу гӀалин динан да волчу ПатипараӀан йоӀа Асната Юсупна ши кӀант вира. Церан цӀераш яра Маннаш а, Эпрам а.
21Бен-Яманан кӀентий бара: БулаӀ, Бахри, Ашбели, Гери, НаӀаман, Аьхьи, Рош, Мупим, Хьупим, Арди.

22Рахьала Якъубана бина кӀентий бара уьш, верриг а вейтта стаг. 23Данан кӀант вара: Хьушим.
24Напталан кӀентий: Яхьциал, Гуни, Йицар, Шилам.

25Лабана шен йоӀана Рахьална еллачу ялхочо Балхьата бина кӀентий бара уьш, верриг а ворхӀ стаг.

26Якъубца Мисар-махка веанарг цуьнан тӀаьхьенах верг, кӀентийн зударий ца лерича, кхузткъе ялх стаг вара. 27 dМисарахь Юсупна вина ши кӀант а цхьаьна верриг а Якъубан доьзалх Мисарахь ваха охьахиънарг кхузткъе итт стаг вара.

Якъуб а, цуьнан доьзал а Мисар-махкахь Ӏар

28Юсуп волчу воьдуш, шел хьалха ЯхӀуд вахийтира Якъуба, ГӀашане боьду некъ хаархьама. Уьш цига дӀакхаьчча, 29Юсуп, шен гӀудалкх дӀа а йожийтина, ГӀашане шен дена Исраилна дуьхьал веара. Исраил ган ма-гинна, тӀеведда, иза мара а воьллина, вехха вилхира иза. 30Исраила элира Юсупе: «ХӀинца-м вала а хала дацара, хӀунда аьлча сайн бӀаьргашца хьо дийна хилар гина суна».

31Юсупа вежаршка а, шен ден цӀийнах болчу нахе а элира: «Ас, вахана, пирӀуне эр ду: „КанаӀан-махкахь Ӏийна сан вежарий а, ден цӀийнах берш а со волчу схьабаьхкина. 32И нах жаӀуй бу. Цара даьхни леладо. Шайца кегий а, даккхий, а даьхни а, шайн долахь долу хӀума дерриг а схьадеана цара“. 33ПирӀуно, тӀе а кхайкхина, шайга хаттахь: „Шун хӀун корматалла ю?“ аш ала деза: „Тхайн дайша санна, кегий долуш дуьйна даьхни лелош ду тхо!“ТӀаккха ГӀашан цӀе йолчу махкахь даха охьаховша бакъо лур ю шуна, хӀунда аьлча мисархошна Ӏуй ца беза».34

Copyright information for CheCAC2012