Genesis 48
Маннаш а, Эпрам а
1Дукха хан ялале Юсупе элира, цуьнан да чӀогӀа цомгуш ву аьлла. Шен ши кӀант, Маннаш а, Эпрам а, эцна, цунна тӀе вахара иза. 2Якъубе хаам бира: «Хьо волчу хьан кӀант Юсуп веана», – аьлла. Шен берриг а ницкъ гулбина, метта охьахиира Исраил. 3 aЯкъуба элира Юсупе: «КанаӀан-махкарчу Луз олучу меттехь Ша гайтинчу Нуьцкъалчу Дала декъалвира со. 4Цо элира соьга: „Ас дебор бу хьан доьзал, хьан дуккха а бераш хуьлуьйтур ду, хьох халкъийн доьзал схьабер бу. ХӀара латта хьан тӀаьхьенна гуттаренна а дӀалур ду Ас“. 5Со Мисара вале кхузахь хьуна вина волу ши кӀант хӀинца дуьйна сан хир ву. Эпрам а, Маннаш а сан хир ву, Раабан а, ШимӀа а санна. 6Кхарал тӀаьхьа хьуна дина бераш хьан хир ду. Церан дола даьллачу лаьтта тӀехь шайн вежарийн кӀентий болуш санна Ӏийр бу уьш. 7 bСо Падан-Арамера схьавогӀуш, КанаӀан-махкахь Эпрати цӀе йолчу гӀалина тӀекхачале, новкъахь, хьан нана Рахьал елира. Цигахь Эпрате (Байтлахаме) боьдучу новкъа йистехь дӀайоьллира ас иза». 8ТӀаккха, Юсупан кӀентий а гина, Исраила хаьттира: «Уьш муьлш бу?» 9Юсупа дена жоп делира: «Уьш Дала суна кхузахь белла кӀентий бу». ТӀаккха Исраила элира: «Суна тӀе валаве и шиъ соьга декъалвайта». 10Иза дукха къена волуш цуьнан бӀаьргашна са дика ца гора. Юсупа ши кӀант цунна тӀе валийра. Цо, мара а бухкуш, барташ дехира царна. 11Исраила элира Юсупе: «Суна ца моьттура сайна хьо юха гур ву, ткъа Дала хьан бераш ган а аьтто би сан». 12Ши кӀант Исраилан голашна уллора дӀа а хилийна, цунна хьалха лохха охьатаьӀира Юсуп. 13Цул тӀаьхьа, дена улло ши кӀант схьа а валийна, Эпрам шена аьтту агӀор Исраилна аьрру агӀор хӀоттийра цо, ткъа Маннаш шена аьрру агӀор Исраилна аьтту агӀор хӀоттийра. 14Амма Исраила шен аьтту куьг Эпраман коьрта тӀе диллира, иза жима велахь а, ткъа аьрру куьг, аьттучунна тӀехула а даьккхина, Маннашан коьрта тӀе диллира. Цхьа Ӏалашо йолуш дира цо иштта, Маннаш дуьххьарниг воллушехь. 15Юха, цаьргахула Юсуп декъал а веш, цо элира: «Шена кӀелахь сан дай ИбрахӀим а, Исхьакх а лелла Дела,таханлера де кхаччалц дерриг а сан дахарехь со Шена тӀаьхьа хӀоттийна лелла волу Дела,
16муьлххачу а вочух со ларвина Малик, декъалдехьа хӀара бераш.
Кхаьргахь дӀахьойла сан а, сан дайн ИбрахӀиман а, Исхьакхан а цӀераш.
Деба а дебна, даккхий халкъаш схьадовлийла кхарах дуьнен чохь».
17Шен дас аьтту куьг Эпраман коьрта тӀе диллина гича, Юсупна халахийтира. Цо ден куьг схьалецира, Эпраман коьрта тӀера Маннашан коьрта тӀе дилла дагахь. 18Юсупа элира цуьнга: «ХӀан-хӀан, дада, хьалхарниг хӀара ву, аьтту куьг цуьнан коьрта тӀе дилла». 19Амма да реза ца хилира: «Суна хаьа, сан кӀант, суна хаьа. Кхунах а халкъ схьадер ду, и халкъ а доккха, сийлахь хир ду. Амма жимаха волу ваша цул лакхара хир ву, цуьнан тӀаьхьенах дукха халкъаш схьадевр ду». 20 cЦу дийнахь, уьш декъал а беш, цо элира: «Шун цӀерашца Исраилан халкъо вовшийн декъалбийр бу: „Эпрам а, Маннаш а санна войла хьо Дала“, – бохуш». Иштта Эпрам Маннашал лакхара хӀоттийра цо. 21Юха Исраила элира Юсупе: «Со леш ву, амма Дела шуьца хир ву. Цо шайн дайн лаьтта тӀе юхадуьгур ду шу. 22Хьайн вежарел хьо лакхара хиларна, айса эмархошкара туьраца а, Ӏодаца а баьккхина Шехем-мохк дӀало ас хьуна».
Copyright information for
CheCAC2012