‏ Genesis 49

Якъуба шен кӀентий декъалбо

1Шен кӀентий схьа а кхайкхина, Якъуба элира: «Суна уллохь гул а лой, ладогӀа, тӀейогӀучу хенахь шуьца хиндерг дуьйцур ду ас. 2Гул а лой, ладогӀа, Якъубан кӀентий,
ладогӀа шайн дега Исраиле.

3Раабан, хьо сан дуьххьарлераниг ву, сан ницкъ,
сан боьршаллин дуьххьарлера стом,
уггар сийлахьверг а, ницкъберг а.
4Амма, кхехкаш тӀехъоьху хи санна, сиха волу хьо
кхин хир вац хьалхарниг,
хӀунда аьлча, дӀа а вахана,
хьайн да дӀавуьжу мотт сийсазбина ахь.
Сан метта дӀавижна хьо.

5ШимӀа а, Леви а вежарий бу.
Шайн таррашца нахана ницкъ бо цара.
6Церан кхеташонна юкъа а гӀур вац со,
церан гуламе а гӀур вац,
хӀунда аьлча оьгӀазаллица нах байина цара,
хазахетархьама стерчийн когийн пхенаш хедийна.
7НеӀалт хилла ю церан оьгӀазалла,
хӀунда аьлча иза буьрса йолу дела,
неӀалт хилла ду церан дералла,
хӀунда аьлча иза къиза долу дела.
Якъубан тӀаьхье йолчохь царна латта хир дац,
ас дӀасакхуьссур бу уьш берриг а Исраилан махкахула.

8ЯхӀуд, хьан вежарша хастор ву хьо,
хьан куьг мостагӀийн яьӀнаш тӀехь хир ду.
Хьан вежарий хьуна хьалха охьатаьӀар бу.
9 aХьо къона лом ду, ЯхӀуд.
Талла ваханчуьра вогӀу хьо, сан кӀант.
СадаӀа лаьтта дижина лом санна ву хьо,
мила ваьхьар ву хьуна новкъарло ян?
10Паччахьан дарж ЯхӀудах дер дац,
цуьнан тӀаьхьенан карахь гуттар а хир ю олалла гойтуш йолу гӀаж,
иза Шилун-гӀала дӀакхаччалц а
Я иштта: цуьнан сий дайтталц а...
,
халкъаш цунна муьтӀахь хиллалц а.
11Цо шен вир кемсийн таьллангах дӀатосур ю,
ткъа виран кӀорни – тоьллачу гаьннах.
Тоьллачу чагӀар чохь шен бедар яшор ю цо.
ЧагӀаран мутта чохь шен духар дуьттур ду цо.
12Цуьнан бӀаьргаш чагӀарал Ӏаьржа хир ду,
ткъа цергаш шурел кӀайн хир ю.

13Забул хӀордан йистехь вехар ву.
Цуьнан берд хӀордкеманашна кхераме хир бац,
цуьнан латта ЦӀадан-гӀалина тӀекхаччалц хир ду.

14Шина а агӀор беза мохь а болуш, садоӀуш Ӏуьллучу вирах тера хир ву Иссархан,
ша онда велахь а.
15Шен садоӀу меттиг дика хилар а,
шен латта хаза хилар а гина,
халачу балхана къарвелла лай санна,
бахьа ца лучу мохьана кӀел хӀуттур ву иза.

16Дан Исраилан халкъана кхелахо хир ву,
иза Исраилан цхьа тукхам санна хир ву.
17Новкъа йистехь Ӏуьллучу лаьхьанах тера хир ву иза.
ТӀехйолучу говран ког лоцу, некъан тачи тӀехь Ӏуьллу лаьхьа бу иза.
Говр лазийча, цунна тӀера бере охьавужу.

18Веза Эла! Ахь кӀелхьарваккхаре сатесна ву со.

19Гадина тӀе талорхой летар бу,
амма цо уьш лохкур бу.

20Ашаран кхача токхе хир бу,
паччахьан даарш хир ду цуьнан.

21Наптал маьрша баьккхинчу сенах тера ву,
исбаьхьа кӀорнеш луш йолчу сенах тера ву иза.

22Юсуп хьостана уллохь йоллучу, дуккха а стом лучу кемсийн таьллангах тера ву.
Цу таьлланган генаш пенна тӀехула хьаладоьлхуш ду.
23Дерачу оьгӀазаллица пхерчий а кхуьссуш,
мостагӀий летара цунах.
24Амма цуьнан Ӏад чӀогӀа ду,
цуьнан куьйгаш онда а, говза а ду.
Цунна ницкъ белла Якъубан Нуьцкъалчо,
Исраилан Ӏуьно а, Тархо а,
25хьуна гӀо деш волчу хьан ден Дала,
хьо декъалвеш волчу Нуьцкъалчо.
Лакхарчу Шен стигалшца а,
лахарчу латтанашца а,
кӀайн кхача лучу накхошца а,
ховхачу кийранашца а декъалвойла хьо Нуьцкъалчу Дала.
26Ширачу лаьмнийн деза хиларал а,
даим лаьттачу гунийн хаза хиларал а лекха ду
хьан дас хьо декъалвар.
Шен вежаршна юкъахь эла волчу Юсупца хуьлийла и декъалвар.

27Бен-Яман дера борз ю.
Ӏуьйранна шен ижу юу цо,
сарахь талорца карадеанарг доькъу».

28Иштта ду Исраилан шийтта тукхам. Иза элира цаьрга, уьш декъалбеш, церан дас. ХӀора а шена доггӀучу кепара декъалвира цо.

Якъуб кхалхар

29Юха иштта весет дира цо шен кӀенташка: «Со сайн дай болчу дӀагӀур ву кестта. Хьетахочун Ӏепронан лаьтта тӀехь, сан дай болчу хьеха чохь дӀаволлалаш со. 30 cКанаӀан-махкарчу Мамари олучу меттера Махпела цӀе йолчу арахь ю и хьех. Хьетахочуьнгара Ӏепронера нах дӀабохка эцначу лаьттаца цхьаьна эцна ю и хьех ИбрахӀима. 31 dЦигахь дӀабоьхкина бу ИбрахӀим а, цуьнан зуда Сарат а, Исхьакх а, цуьнан зуда Ребикха а, цигахь дӀайоьллина ас Леа а. 32Аре а, цу тӀера хьех а хьетахошкара эцна ю».

eШен кӀенташна хьехам бина а ваьлла, ши ког метта хьала а баьккхина, дӀавижна волу Якъуб, кхалха а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира.33

Copyright information for CheCAC2012