‏ Genesis 49:29-32

Якъуб кхалхар

29Юха иштта весет дира цо шен кӀенташка: «Со сайн дай болчу дӀагӀур ву кестта. Хьетахочун Ӏепронан лаьтта тӀехь, сан дай болчу хьеха чохь дӀаволлалаш со. 30 aКанаӀан-махкарчу Мамари олучу меттера Махпела цӀе йолчу арахь ю и хьех. Хьетахочуьнгара Ӏепронера нах дӀабохка эцначу лаьттаца цхьаьна эцна ю и хьех ИбрахӀима. 31 bЦигахь дӀабоьхкина бу ИбрахӀим а, цуьнан зуда Сарат а, Исхьакх а, цуьнан зуда Ребикха а, цигахь дӀайоьллина ас Леа а. 32Аре а, цу тӀера хьех а хьетахошкара эцна ю».
Copyright information for CheCAC2012