‏ Genesis 50

1Дена тӀе а кхетта, цунна барташ а дохуш, вилхира Юсуп. 2Шен ялхошка-лоьрашка ден дакъа талха ца талхийта, молханаш а тохий, кечде аьлла, омра дира цо. Лоьраша иза кечдира. 3Цу кечамна шовзткъа де дӀаделира, хӀунда аьлча цу балхана лерина йолу хан яра иза. Мисархоша кхузткъе итт дийнахь белхарш дира Якъуб велча. 4Белхаран денош чекхдевлча, Юсупа элира пирӀунна уллорчу нахе: «Шу суна реза делахь, доьху шуьга, пирӀуне дӀаала: 5 a„Сан дас, соьга чӀагӀо а яйтина, элира: ‘Со леш ву, ас КанаӀан-махкахь яьккхинчу къубба чохь дӀаволлалахь со’. Пурба ло суна, вахана, сайн да дӀаволла, цул тӀаьхьа со юхавогӀур ву“».

6ПирӀуно элира: «Ваха а гӀой, айхьа чӀагӀо ма-ярра, хьайн да дӀаволла».

7Юсуп шен да дӀаволла воьдуш, цуьнца пирӀунна уллора нах а, пирӀунан цӀийнера а, берриг Мисар-махкара а элий бахара. 8Юсупан доьзалера берш а, вежарий а, цуьнан ден цӀийнах болу нах а бахара. ГӀашанехь бераш а, даьхни а бен ца дисира. 9Царна тӀаьхьахӀиттина йогӀуш гӀудалкхаш а яра, дошлой а бара. Дукха адам дара дӀадогӀуш.

10Йордан-хина малхбалехьа йолчу Атад олучу хьаьтта кхаьчча, чӀогӀа белха хӀиттира уьш. ВорхӀ дийнахь цигахь белхар дира Юсупа. 11Атада уллохь долу и белхар а гина, цу меттехь Ӏаш болчу канаӀанхоша элира: «Мисархойн доккха белхар ду». Цундела Йорданна малхбалехьа йолчу цу меттигах Абал МицӀраим олу (иза «мисархойн белхар» бохург ду). 12Иштта Якъубан кӀенташа цуьнан весет кхочушдира. 13 bКанаӀан-махка дӀа а ваьхьна, Мамари цӀе йолчу меттигна уллохь йолчу Махпела олучу арахь лаьттачу хьеха чохь дӀавоьллира цара иза. И хьех цу аренца цхьаьна ИбрахӀима хьетахочуьнгара Ӏепронера эцнера, шен белла нах цу чохь дӀабохкархьама. 14Да дӀа а воьллина, шен вежаршца а, цига баьхкинчу нахаца а Мисар-махка вухавеара Юсуп.

Юсупа вежарий тебо

15Шайн да велча, Юсупан вежарша ойла йира: «ХӀун хаьа, Юсуп вайна оьгӀазвахана Ӏаш хила мега, шена вай динчу вонна дуьхьал хӀинца бекхам бан дагахь?» 16Цара Юсупна тӀе нах бахийтира цуьнга ала: «Ша валале хьан дас тхуна весет дина: 17„Шайн веше Юсупе дӀаала: ‘Ас доьху хьоьга вежаршна цара латийначу къинна гечдар’. Оха а доьху хьоьга, Юсуп, хьайна бинчу вочу балхана гечдехьа хьайн ден Делан лешна“».

Шега даийтинчу хабаре ладугӀуш волу Юсуп вилхира.

18ТӀебаьхкина, гора а эгна, цуьнан вежарша элира: «Тхо хьан леш ду».

19Юсупа жоп делира: «Кхера ма кхера. Со Дела ма вац. 20Шуна дагадеара суна зулам дан, амма Дала цунах дика болх хилийтира, хӀинца тахана долуш дерг кхочушхилийта: дукха адамаш лечуьра кӀелхьардахар. 21Цундела ма кхера: ас шу а, шун бераш а кхобур ду». Уьш тебеш, цаьрца эсала къамел дира цо.

Юсуп кхалхар

22Шен ден доьзалца Мисар-махкахь Ӏийра Юсуп. Цуьнан бӀе итт шо кхаьчнера. 23Иза дийна а волуш, Эпрайман бераш а, берийн бераш а хилира. Маннашан кӀантана Макирна дина бераш а, шен долуш санна, тӀеийцира цо. 24Юсупа элира вежаршка: «Со леш ву, амма Дала шуна гӀо дийр ду. Кху лаьтта тӀера Ша ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а чӀагӀонца деллачу лаьтта тӀе шу дӀадуьгур ду Цо». 25 cИсраилан кӀенташка чӀагӀо а яйтина, Юсупа элира: «Дала шуна билггал гӀо дийр ду, тӀаккха аша сан даьӀахкаш кхузара дӀаяхьа еза». 26Иштта бӀе итт шо долуш Юсуп кхелхира. Ца талхийта молханаш а тоьхна, кеч а дина, Мисар-махкахь тӀорказ чу диллира цуьнан дакъа.
Copyright information for CheCAC2012