Genesis 6:5-8
5 aТӀаккха лаьттара адамаш чӀогӀа галдевлла хилар а, церан ойланаш а, дегнаш а, массо а ханна а зуламах дуьзна хилар а гира Везачу Элана. 6Веза Эла дохковелира Ша лаьтта тӀехь адамаш кхолларна. Цуьнан дог лозуш дара. 7ТӀаккха Везачу Эло элира: «Со дохковаьлла, Айса Лаьттахь адам кхолларна а, массо дийна мел йолу хӀума кхолларна а: Лаьттара дийнаташ а, текхаргаш а, хӀаваэра олхазарш а, – и дерриге а хӀаллакдийр ду Ас». 8Цхьана Нохьина резахилла Веза Эла.
Copyright information for
CheCAC2012