‏ Habakkuk 1

1ХӀара бу Хьабукъа-пайхамарна Делера кхаьчна болу хаам.

Хьабукъин латкъам

2Веза Эла, ас орца мел дохур ду те – Хьуна дӀа а ца хезаш, ас цӀогӀа мел хьоькхур ду те – къизалла ечух Ахь кӀелхьар а ца воккхуш? 3ХӀунда хьоьжуьйту Ахь со зуламашка? Муха лов Ахьа харцонашка хьежар? Суна хьалха хӀаллакдар а, къизалла яр а ду. Массанхьа а девнаш а, къийсарш а ду. 4И бахьана долуш Ӏедалан ницкъ байна, нийса кхелъяр а дац. Ӏесачо Делан лаамехь верг кӀелвуьту дела, кхелъяр а харцонца чекхдолу.

Везачу Элан жоп

5 aТӀаккха Везачу Эло нахе иштта элира: «Хьовсийша халкъашна юкъа, тергаме хьовсалаш, шу чӀогӀа цецдевр ду, хӀунда аьлча шун дахаран деношкахь цхьамма шайга уьш дийцича, цкъа а шу тешар доцу хӀума дийр ду Ас. 6 bАс хашадхой гӀовттор бу, къиза а, эргӀада а долу и халкъ. Уьш лела лаьттан аре мел ю, нах Ӏаш йолу шайн йоцу меттигаш шайн дола яхархьама. 7И халкъ кхерам тосуш а, нах Ӏадош а ду. Цара еш йолу кхел а, церан олалла а цаьргара шайгара схьадолу.

8Церан говраш цӀоькъабергел сиха ю, уьш буьйсанна лелачу берзалойл а луьра ю. Церан береш схьахахкабевлла богӀу, церан дошлой геннара схьабогӀу. Ижуна тӀекхета аьрзу санна, тӀемабевлла схьабогӀу уьш.

9Мехкашна чу а гӀерташ, церан эскарш ницкъ бан Ӏалашо йолуш ду, малхбалера мох санна йолу церан къизалла тобанел а хьалхаяьлла йогӀу. Цара йийсархой дӀалоцу, гӀум санна. 10Цара паччахьаш хьийзабо, баьччанех царна белам хилла. Муьлххачу а чӀагӀонах бийлало уьш, го беш, баьрзнаш а хӀиттадой, уьш дӀалоцу цара. 11ТӀаккха уьш, чехка мох санна, тӀех а бевлла, дӀабовлу. Уьш къилахь нах бу, хӀунда аьлча шайн ницкъах шайна дела кхоьллина цара».

Хьабукъас шолгӀа бина латкъам

12Веза Эла, Хьо вац ткъа ширачу заманашкара дуьйна волу сан Дела, сан Везаниг? Тхо лийр дац!
Ӏебархойн тептар тӀехь: Веза Эла, Хьо вац ткъа ширачу заманашкара дуьйна волу сан Дела, сан Везаниг? Тхо лийр дац! Ӏебархойн кхечу тептар тӀехь: Веза Эла, Хьо вац ткъа ширачу заманашкара дуьйна верг? Сан Дела, сан Везаниг, Хьо-м цкъа а лийр ма вац!
Веза Эла, хашадхой Ахь къобалбина бу, цаьрга кхел яйтархьама. Сан тарх! Уьш Ахь билгалбаьхна бу таӀзар дайтархьама.
13Вонашка хьежа тӀех цӀена бу Хьан бӀаьргаш. Зуламашка хьоьжуш Хьо Ӏалур ма вац! Тешнабехк лелораш хӀунда лов Ахь? Шайл бакъахьаранаш Ӏесачара дӀакхаллар вист ца хуьлуш хӀунда лов те Ахь?

14ХӀунда дуьту Ахь адамаш, хи чуьра чӀерий а, шайна тӀехь олахой боцу текхаргаш а санна? 15Хашадхоша уьш берриш а мӀерашца хьалабоху, цара шайн бойнашца дӀа а лоцу, уьш шайн эвнаш чу схьа а гулбо. Цу бахьанина хазахетар а хилла, баккхийбеш бу уьш. 16Цундела цара сагӀанаш дахьа шайн эвнна, кӀур а туху шайн бойнна. ХӀунда аьлча оцу эвнах а, оцу бойнех а церан гайш дуьзина а хуьлу, церан шортта рицкъа а хуьлу.

17Даим яссо мега те цара шайн эвнаш, къа ца хеташ даим халкъашна ницкъ бан мега те цара?
Copyright information for CheCAC2012