‏ Habakkuk 2

Везачу Эло Хьабукъина делла жоп

1Ӏуналлина лерина йолчу бӀаьвнна тӀе вогӀур ву со, чардакха тӀехь лаьттар ву со. Со хьоьжур ву Везачу Эло сайга эр дерг хаархьама а, ас-айса сайн латкъамах лаьцна хӀун ала деза хьажархьама а
Ӏебархойн тептар тӀехь: ас-айса сайн латкъамах лаьцна хӀун ала деза хьажархьама а. Цхьана ширачу гочдар тӀехь: сан латкъамна Цо соьга лун долу жоп хаархьама а.
.

2Везачу Эло, жоп а луш, соьга иштта элира: «ДӀаязде Ас хьайна дӀахоуьйтун дерг, дикка къаьсташ дӀаязде экъанаш тӀе, йоьшучунна атта хилийтархьама. 3 bИ хаам дӀаязбе, хӀунда аьлча Ас дӀахоуьйтун дерг билгалъяьккхинчу хенахь бен кхочушхир дац. И хаам чаккхенах хьаьгна бу, иза харц хир бац. Иза кхочушхилар вайна дахделла хетахь а, цуьнга ладугӀуш хила. Иза билггал хир долуш ду, иза хьелур дац. 4 cХаам хӀара бу: „Лакхара хьоьжучух лаьцна аьлча, цунна чохь догцӀеналла яц. Ткъа Делан лаамехь верг Цунах тешарца вехар ву. 5Иштта, чагӀаро Ӏехаваре терра, курачу стеган синтем ца хуьлу. Цуьнан сутаралла, эхарт санна, шуьйра ю, Ӏожалла санна, цкъа а Ӏебар вац иза. Цо дерриг а къаьмнаш шена тӀе схьагулдо, массо а халкъаш шена йийсаре схьадаладо“».

Делан лаамехь боцучарна кхелъяр

6Ткъа и эшийна халкъаш-м хир дац те дерриш а толамхойх лаьцна кицанаш а дохуш, царах кхаьрдаш, царах лаьцна хӀетал-металш олуш? Цара эр ду: «Декъаза ву шен боцу бахамах шех хьалдерг вийриг, шех деза закъалт дийриг. Дукха ханна хир дуй те иза иштта?»

7Хьуна декхарийлахь берш цӀеххьана гӀовттур-м бац те? Хьо кхоьруьйтуш берш самабевр-м бац те? ТӀаккха хьо церан ижу хилла дӀахӀуттур ма ву! 8Ахьа а дукха халкъашна талораш дина дела, дисинчу массо а халкъаша хьуна а талораш дийр ду, хӀунда аьлча ахь адамийн цӀий Ӏанийна, иштта мехкашна а, гӀаланашна а, царна чохь мел бехачарна а ахь къизалла а йина.

9«Декъаза ву хьарамлонца шена хӀума гулдийриг, шена цӀа дайтархьама а, шен бен лакхенгахь бархьама а, цу тайпана бохаман куьйгах ша кӀелхьарваккхархьама!» 10Ахь дагалаьцначу хӀуманаша хьан цӀийнан сий дайина. Дукха халкъаш хӀаллакдарца хьайн синна къилахь дерг лелийна ахь. 11Пенашна юкъарчу тӀулгаша хьуна дуьхьал мохь хьоькхур бу, дечигах динчу дукъоша цара до тоьшалла духаэр ду.

12«Декъаза ву цӀий тӀехь гӀала хӀоттош верг, харцдолчуьнца чӀагӀонаш дӀахӀиттош верг!» 13Массо а ницкъийн Везачу Элера-м дац те халкъаша цӀеран дуьхьа къахьегна хилар а, къаьмнаша шаьш эрна хьийзийна хилар а? 14 dАмма Везачу Элан сийлалла йовзарх латта дузур ду, хиша хӀорд ма-буззара.

15«Декъаза ву шена уллорачаьрга оьгӀазаллин кад молуьйтуш верг, церан сийсазалла гучуяккхархьама, маларш а мийлош, уьш бахош верг!» 16Сийлаллин метта, хьо сийсазаллех вуьзна. Мала а малий, хьайн сий дайна хилар гучудаккха. Везачу Элан аьтту куьйгахь болу кад хьуна тӀекхочур бу, хьан сийнна тӀе юьхьӀаьржо йогӀур ю. 17Ливанун-махкахь ахь лелийна зуламаш хьуна тӀедоьрзур ду. Ахь дийнаташ хӀаллакдарна, акхароша хьо а кхерор ву. ХӀунда аьлча адамийн цӀий а ахь Ӏанийна, иштта мехкашна а, гӀаланашна а, царна чохь мел бехачарна а ахь къизалла а йина.

18ХӀун пайда бу суьрташ дечу стага винчу цӀун, я харцо хьоьхуш йолчу лалийна йинчу хӀуманан? Суьрташ динарг ша кхоьллинчу цӀунах муха тешар ву? И цӀу вист а ца хилало! 19«Декъаза ву дитте „Самадала!“бохург, ткъа мотт ца хуучу тӀулге „ХьалагӀатта!“бохург. Цуьнга Ӏамалур дуй те цхьа а хӀума? ХӀаъ, иза дети-деши диллина бу, амма цунна чохь са ма дац».

20Ткъа Веза Эла Шен дезачу цӀа чохь ву: дерриг а латта тийна хуьлийла Цуьнан юьхьана хьалха!
Copyright information for CheCAC2012