c Дауд 22:34; Забур 17:34.

‏ Habakkuk 3

Хьабукъин доӀа

1Хьабукъа-пайхамаро тийжаме назма
Тийжаме назма – Ӏебархойн маттахь: «шиг-юнут». Цу дешан маьӀна билггала хууш дац.
санна даьккхина доӀа.

2Веза Эла! Ахь мел диначух лаьцна хезна суна.
Веза Эла! Хьан гӀуллакхашка ларамах вуьзна ву со.
Тхан деношкахь юха а дехьа уьш иштта,
тхан заман чохь и гӀуллакхаш кхин а гучудахахьа!
ОьгӀазвахханчохь къинхетамалла дагаяийтахьа.

3Дела Теманера схьавогӀу,
Везаниг а Паран-ломара схьавогӀу.
Цуьнан возалло стигалш дӀахьулйо,
Цуьнан сийлаллах латта дузу.
4Цуьнан лепар малхан серло санна ду.
Ницкъ къайлабаьлла болчу
Цуьнан куьйгах зӀаьнарш юьйлу.
5Цунна хьалха кхераме цамгар йогӀу.
Цуьнан гӀулчашкахь Ӏожаллин ун лела.
6Иза волавеллачуьра сецча, латта дегадо.
Иза дӀахьаьжча, халкъаш тохало.
БӀешерийн лаьмнаш духу,
шира баьрзнаш охьаоьгу.
Цуьнан некъаш абаденналц ду.

7Суна го, хушанхойн четарш гӀайгӀанехь хилар,
маданхойн меттаметтанаш сингаттамехь хилар.
8Хишна оьгӀазвахана те Хьо, Веза Эла?
Хишна тӀе йирзина те Хьан оьгӀазалла?
ХӀордана дуьхьал яьлла те Хьан дералла?
Цу бахьанина Хьайн дой хоьхку Ахь,
Хьан толаман гӀудалкхаш лоьхку Ахь?
9Ахь схьадоккху Хьайн секхаӀад,
Хьайн ботт пхерчашца а юзу
Грекийн гочдар тӀехь: Хьайн ботт пхерчашца а юзу. Ӏебархойн тептар тӀехь: гаранашна дина ваӀданаш чӀогӀа дешнаш ду.
.
Ахь Ӏоврашца хедадо латта.
10Хьо гича, лаьмнаш дегадо.
Стигалара хиш охьахьовду.
КӀоргачу хӀордо шен аз схьахозуьйту,
леккха шен куьйгаш хьала а ойу.
11Малххий, буттий шаьш долччохь совцу,
Хьан чехкачу пхерчийн сегарна,
Хьан серладуьйлучу гоьмукъийн къегарна.
12Хьо оьгӀазаллехь лела лаьтта тӀехула.
Хьайн дераллехь Ахь халкъаш хьоьшу.
13Хьо хьалхаволу Хьайн халкъ кӀелхьардаккхархьама,
Айхьа къобалдинарг кӀелхьардаккхархьама.
Ахь Ӏесачийн халкъан коьртехь волчунна туху,
бух тӀера хьалакхаччалц иза гучу а воккхуш.
14Ахь цуьнан тӀемалойн хьаькам цуьнан шен пхерчашца вожаво,
тхо дӀасадаржо, дарц санна, уьш тӀехьаьддачу дийнахь,
хазахетарца мисканиг къайлаха дӀакхалла дагахь.
15Ахь Хьайн говрашца хӀорд хьоьшу,
сийлахьчу хийн чопа а йоккхуш.

16Суна хезира – сан чуьйраш хьовзийра.
Цунах лаьцна кхаъ хезча, сан балдаш дегийра,
сан даьӀахкех лазар кхийтира,
сан когийн кӀелара латта дегадо.

Амма со собарца хьоьжур ву,
тхуна тӀелеттачу халкъана тӀе догӀучу бохаман дийне.

17Инжиран дитто заза ца даккхахь а,
кемсийн таьллангана тӀе стом ца латабахь а,
зайтдитто сатийсинарг ца лахь а,
аренаша ялта ца лахь а,
жоьлехь уьстагӀий ца дисахь а,
божалахь даьхний ца дисахь а,
18тӀаккха а Везачу Элах воккхавийр ву со,
суо кӀелхьарвоккхучу Делах сакъералуш хир ву со.
19 cХьалдолу Эла – сан ницкъ бу.
Цо, сан когаш сен когаш санна а бо,
со сайн лакхенашкахула а лоьлуьйту!

Эшарш лоькхучу тобанан куьйгалхочуьнга: хӀара назма мерз-пондаршца лакха езаш ю.
Copyright information for CheCAC2012