Haggai 1
Хьалхара дешнаш
1 aДари-Ваша-паччахьо паччахьалла динчу шолгӀачу шеран, йолхалгӀачу беттан, хьалхарчу дийнахь Хьагай-пайхамарехула Везачу Элан хаам кхечира. И хаам ЯхӀуд-мехкан мехкада волчу Шалтаалан кӀанте Зурбабелна а, коьрта динан да волчу ЯхӀу-ЦӀадакъан кӀанте ЮшаӀана а лерина бара. 2Иштта элира массо а ницкъийн Везачу Эло: «Кху халкъо боху: „Везачу Элан цӀа до хан хӀинца а ца кхаьчна“».Везачу Эло Делан цӀа меттахӀоттор тӀедиллар
3Хьагай-пайхамарехула халкъе Везачу Элера хӀара хаам кхечира: 4«Ткъа, хӀара Сан цӀа дассийна лаьттачу хенахь, куц а далош, шаьш динчу цӀеношкахь шу Ӏан мегаш йолу хан тӀекхаьчний? 5Цундела хӀинца иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Шайн дегнаш леррина тӀедерзаде шаьш бечу некъаш тӀе. 6Аша дуккха а дӀадоь, амма кӀеззиг схьагулдо. Аша юург йоу, амма шу дуза а ца дузу. Аша мала а молу, амма шу хьогах дуьсу. Аша тӀе бедарш юху, амма шу дох ца ло. Аша доккху алапа Ӏуьрг долчу кисана доьду“. 7Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Шайн дегнаш леррина тӀедерзаде шаьш бечу некъаш тӀе. 8Лаьмнаш тӀе а довлий, дитташ а хедадай, уьш схьада, тӀаккха Делан цӀа юхаметтахӀоттаде. И гӀуллакх Суна хаза а хетар ду, иштта Сан сий а ойур ду“, – боху Везачу Эло. 9„Аша дуккха а долчу хӀумане сатуьйсу, амма кӀеззиг бен ца хуьлу шуна. Ткъа аша шайн цӀа деанарг, Аса Сайн садеӀарца дӀадаьккхина. ХӀунда ду иза иштта? – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Шу хӀорра а, сихло, шайн-шайн цӀа доьлхучу хенахь, Сан цӀа хӀинца а доьхна лаьтта дела ду иза. 10И бахьанехь стигал а дӀакъовлаелла, шуна тхи а ца луш. Лаьтто ялта а ца ло шуна. 11Аса лаьттахь а, лаьмнаш тӀехь а йокъа хӀоттийра. И йокъа бахьана долуш ялта а ца хилла, керла чагӀар а ца даьлла, зайтдаьтта а ца даьккхина, лаьтто мел кхиош дерг хьала а ца даьлла. Йокъано талхийна лаьтташ ду адамаш а, бежанаш а, шайн куьйгашца аша къа мел хьегнарг а“».Везачу Эло тӀедиллинчуьнга халкъо ладогӀар
12ТӀаккха Шалтаалан кӀанта Зурбабела а, ЯхӀу-ЦӀадакъан кӀанта коьрта динан да волчу ЮшаӀа а, дисинчу дерриге а халкъо а шайн Везачу Делан озе ладуьйгӀира. Хьагай-пайхамаро шайна бинчу хааме ладуьйгӀира цара, хӀунда аьлча Хьагай церан Везачу Дала схьаваийтина вара. Везачу Эле ларамах дуьзна дара халкъ. 13ТӀаккха Везачу Элан геланча волчу Хьагайс Везачу Элера болу хӀара хаам бира халкъе: «„Со шуьца ву!“– боху Везачу Эло». 14ЯхӀуд-мехкан мехкада волчу Шалтаалан кӀентан Зурбабелан а, коьрта динан да волчу ЯхӀу-ЦӀадакъан кӀентан ЮшаӀан а са а, дисинчу халкъан са а иракарахӀоттийра Везачу Эло. Уьш, схьа а баьхкина, шайн Делан, массо а ницкъийн Везачу Элан цӀийнаца боьзна белхаш бан буьйлабелира. 15Иза дара Дари-Ваша-паччахьо паччахьалла динчу шолгӀачу шеран йолхалгӀачу беттан ткъе доьалгӀачу дийнахь.
Copyright information for
CheCAC2012