Hebrews 1
Шен КӀантехула долу Делан дош
1Хьалха Дала дукхазза а, тайп-тайпана а дийцина вайн дайшка пайхамаршкахула, 2ткъа кху тӀаьхьарчу деношкахь Шен КӀантехула дийцина Цо вайна. Дерриге а кхочун долу Цуьнан КӀант ву дӀахӀоттийна. Цуьнгахула массо хӀума а кхоьллина. 3КӀант Делан сийлаллин нур а, Делан билггал долу васт а ду. Шен нуьцкъалчу Дашца дерриг а латтадо Цо. Шегахула адамаш къинойх а цӀандина, стигалшкахь Веза Воккхачунна аьтту агӀор охьахиина Иза.Делан КӀант маликел а лакхара ву
4Цунна тиллина цӀе маликашна тиллинчул лакхара хиллал, царал лакхара ву Иза. 5 aХӀунда аьлча Маликех хьаьнга аьлла Дала: «Хьо Сан КӀант ву,тахана Хьан Да хили Сох»?
Кхин а: «Со Цуьнан Да хир ву,
Иза Сан КӀант а хир ву?»
6 bШен дуьххьарлера Доьзалхо дуьнен чу воккхуш, Дала элира: «Делан массо а маликаш Цунна хьалха охьатаьӀийла».
7 cМаликех лаьцна Цо аьлла: «Дала Ӏаьнарх Шен маликаш до,
цӀеран алунех Шен ялхой бо».
8 dКӀантах лаьцна Цо аьлла: «Хьан олаллин гӀант, Дела, абаденналц лаьтта,
Хьан паччахьалла нийсонан паччахьалла ду.
9Хьуна бакъдерг дезна, ткъа харцо ца езна,
цундела Дала, Хьан Дала,
къобалвеш тӀедутту даьтта санна,
Хьан накъосташна чул
Хьуна алсам хазахетар делла».
10 eКхин а аьлла Дала: «Веза Эла, Ахь юьхьанца латта кхоьллина, Хьайн куьйгашца стигалш йина.
11Уьш дӀадевр ду, ткъа Хьо вуьсур ву.
Уьш дерриг а, бедарш санна, тишлур ду.
12ТӀеюху хӀума санна, Ахьа дӀахьарчор ду уьш,
тӀаккха уьш, бедар санна, хуьйцур ду.
Амма Хьо цкъа а хийцалур вац,
Хьан дахар чекх а дер дац».
13 fМаликех хьаьнга а, маца а аьлла Дала: «Охьахаа Суна аьтту агӀор,
Аса Хьан мостагӀий Хьан когашка охьабахккалц»?
14Далла гӀуллакх деш долу синош дац ткъа маликаш, кӀелхьардовлар кхочун долчарна гӀуллакх дан дахкийтина дац ткъа уьш?
Copyright information for
CheCAC2012