Hebrews 10
Ӏийсас даьккхина долу цхьа сагӀа гуттаренна а хилар
1Товратан хьехамаш хин долчу диканийн ӀиндагӀ ду, церан билггал долу васт а доцуш. Цундела хӀора шарахь гуттар а дохучу сагӀанашкахула цу товрат-хьехамийн Далла гергабогӀу нах кхоччуш хилийта ницкъ ца кхочу. 2Кхечу тайпана хилча, цара и сагӀанаш дохур дацара, хӀунда аьлча цкъа къинах цӀан а белла, кхин шайн къинош туосалур дацара царна. 3Амма сагӀанаш дахарца хӀора шарахь а къинош дагадохкуьйту. 4ХӀунда аьлча стерчийн а, бежалойн а цӀийно къинош дӀадохур дац. 5 aЦундела дуьнен чу вогӀучу хенахь Дала леррина Къобалвинчо элира: «СагӀанаш а, совгӀаташ а ца дийзи Хьуна,амма Суна дегӀ кечди Ахьа.
6Дийнаташ дагоран а,
къинойх долу а сагӀанаш ца тайна Хьуна.
7ТӀаккха Ас элира: „Хьажахьа, со кийча ву,
товрат-хьехамийн тептар тӀехь суна лерина яздина ду.
Хьан лаам кхочушбан вогӀу Со, Дела“».
8Цкъа хьалха Цо боху: «Я сагӀанаш а, совгӀаташ а, я дийнаташ дагоран а, къинойх долу а сагӀанаш а Хьуна деза а ца дийзи, тан а ца тай» (товрат-хьехамаша иза тӀедуьллуш делахь а). 9Цул тӀаьхьа Цо тӀетуху: «Хьан лаам кхочушбан вогӀу Со». Хьалхарниг дӀадоккху Цо шолгӀаниг чӀагӀдархьама. 10Оцу лаамца даздина ду вай, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дегӀ цкъа гуттаренна а сагӀина даларна. 11 bМуьлхха а динан да хӀора дийнахь Далла Ӏамал еш ву, цкъа а къинош дӀадахалур доцу цхьатерра сагӀанаш мосуьйттазза а дохуш. 12 cТкъа Иза, гуттаренна а къинойх цхьа сагӀа а даьккхина, Далла аьтту агӀор охьахиъна ▼
▼Я иштта: Ткъа Иза, къинойх цхьа сагӀа а даьккхина, Далла аьтту агӀор охьахиъна гуттаренна а.
, 13Шен когашка Шен мостагӀий Дала охьабахккалц, хьоьжуш. 14Цкъа даьккхинчу сагӀанца Цо гуттаренна а кхачаме бина базбеш берш. 15Цунах лаьцна Делан Сино а тоьшалла до вайна кху дешнашца: 16 e«Иштта барт бийр бу Аса цаьрца,хӀара денош дӀадевлча, – боху Везачу Эло. –
Айса тӀедуьллург церан дегнаш чу дуьллур ду,
церан кортош тӀехь яздийр ду Аса».
17 fТӀаккха Цо тӀетуху: «Церан къинош а, харцонаш а кхин дага а йохкуьйтур яц Аса». 18Ткъа къиношна гечдина хилча, царах сагӀанаш даха кхин ца оьшу.
Далла гергакхача дезар
19Иштта, вежарий, Ӏийсан цӀий бахьана долуш Делан стигалахь йолчу цӀийнан уггар езачу чоьнна доьналла долуш чудаха аьтто бу вайн. 20Ӏийсас, Шен дегӀ сагӀина дӀадаларца, керла некъ схьабиллина вайна цига. Дийна волу Ӏийса Ша бу и некъ, ткъа и некъ Делан цӀийнан уггар езачу чоьнна дуьхьал оьллина долчу кирхьанах чекхболуш бу. 21Иштта, сийлахь динан коьрта да стигалахь долчу Делан цӀенна тӀехь хӀоттийна ву вайн. 22 gЦӀеначу дагаца, чӀогӀачу тешарца Далла гергахьа кхочийла вай, цинцаш тохарца вайн дегнаш бехк тӀелацарх цӀан а дина, вайн догӀмаш цӀеначу хица а дилина. 23Ваьш сатуьйсург чӀогӀа лардан деза вай, хӀунда аьлча ваӀда Динарг тешаме ву. 24Вовшийн терго йойла вай, безамна а, дикачу гӀуллакхашна а ваьш иракара а хӀиттош. 25Вешан гуламаш дӀатосуш ма хуьлийла вай, цхьаболчара иза ма-дарра. Цул а вовшашна гӀо дойла вай, Везачу Элан де гергакхочуш хилар шайна мел ги, алсам а деш. 26Вай, бакъдолчух дерг а хиъна, къинош ма-луъу летош хилча, къинах даккха сагӀа кхин ма ца дуьсу вайн. 27 hДуьсург цхьаъ ду: хинйолу кхел а, Делан мостагӀий дӀакхоллу йолу цӀе а тӀеяре кхерамца хьежар. 28 iМуса-пайхамаран товрат-хьехамаш талхийнарг къинхетам боцуш вуьш ву, нагахь шиъ я кхоъ теш велахь. 29 jОйла ел, мел чӀогӀа таӀзар дийр ду Делан КӀант емалвинчунна, Делаца бина барт чӀагӀбина а, ша вазвина а долчу цӀийн дозалла ца лериначунна, маьхза дика луш долу Делан Са сийсаздинчунна? 30 kВайна хаьа, хӀара дешнаш Хьан аьлла: «Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дӀалур ду».Кхин а: «Везачу Эло Шен халкъана кхел йийр ю».
31Мел кхераме ду дийначу Делан буйна вахар! 32Дагадахкийта шайн хьалхалера денош, Дала шуна серло еллачул тӀаьхьа, шу, чӀогӀа баланаш а лайна, чекхдевлира. 33ЦкъаццӀа шу а сийсаздарца я ницкъ барца нахана хьалха дӀахӀиттош хилла. ЦкъаццӀа шаьш санна ницкъ ловш цхьаьна бала хьоьгуш хилла шу. 34Чубоьхкинчу нахах къахеташ а хилла шу, шайн долахь дерг дӀадаьккхича, хазахеташ а лелла шу, хӀунда аьлча шуна хаьара стигалахь дикаха а, цкъа а дӀаер йоцу а хазна шайн юйла. 35Иштта шайн доьналлех ма доха, хӀунда аьлча цунах шуна доккха совгӀат лур ду. 36Шуна собар оьшу, Делан лаам кхочуш а бина, шайна лур ду аьлларг схьаэца. 37 lХӀунда аьлча: «Йиснарг кӀезиг хан бен ма яц,
тӀаккха и ван везаш верг вогӀур ма ву –
иза хьелур вац.
38Амма Аса бакъвинарг Сох тешарца вехар ву,
ткъа иза юхавалахь, Со цунна реза хир вац».
39Юха а девлла, хӀаллакьхуьлучарах дац вай, тешарца кӀелхьардохучарах ду.
Copyright information for
CheCAC2012