c Доладалар 5:21-24 (Грекийн).
p Арадаккхар 2:2; Арадаккхар 1:22.
q Арадаккхар 2:10-12.
rАрадаккхар 12:21-30.
s Арадаккхар 14:21-31.
v Куьйгалхой 6:11–8:32; Куьйгалхой 4:6–5:31; Куьйгалхой 13:2–16:31; Куьйгалхой 11:1–12:7; Шамъал 16:1 – Сулим 2:11; Шамъал 1:1–25:1.
Hebrews 11
Тешарх лаьцна
1Тешар сатуьйсуш долчунна тӀехь латтар а, ца гуш долчух шеко йоцуш хилар а ду. 2Церан тешар хиларна, Дала хастийна хьалхалерчу заманахь баьхнарш. 3 aТешар хиларна, вай кхета дуьне Делан дашца кхоьллина хиларх, иштта гуш дерг цагучух схьадаьлла хиларх. 4 bТешар хиларна, Хьабула Кхаима чул тоьлла сагӀа даьккхира Далла. Цуьнан тешар бахьана долуш Дала, Хьабула деана совгӀаташ схьа а эцна, иза Шен лаамехь хиларан тоьшалла дира. Хьабул кхелхинехь а, шен тешар хиларна, къамел деш ву иза хӀинца а. 5 cТешар хиларна, валар хӀун ду ца хууш, стигала хьалаваьккхина ХӀанох: «...иза ца карийра, Дала иза дӀаэцна дела». ХӀанох дӀаэцале, Дела цунна реза ву аьлла, тоьшалла до Делан Йозанаша. 6Тешар ца хилча, Дела реза войла дац. Далла тӀевогӀуш верг теша веза Иза хиларх а, Цо Ша леррина лоьхучунна совгӀат луш хиларх а. 7 dТешар хиларна, цу хенахь хӀинца а ган йиш йоцуш долу хӀума Дала шега хаийтича, Нохьас, Деле болчу ларамах вуьзна, хинкема дира, шен доьзал кӀелхьарбаккхархьама. И тешар хиларна, цо дуьненна кхел йира, ткъа ша Делан лаамехь верг хилира: тешарехула Шена хьалха бакъвина хиларан тӀаьхьало елла цунна Дала. 8 eТешар хиларна, Дала шена тӀедиллинарг кхочушдеш, шен дола доккхур ду аьллачу лаьтта тӀе вахара ИбрахӀим. Ша стенга воьду а ца хууш, дӀавахара иза. 9 fШен тешар хиларна, шена лур ду аьллачу лаьтта тӀехь Ӏийна иза, тӀевеана стаг хийрачу махкахь санна. Четарш чохь Ӏийна иза, цуьнца цхьатерра ваӀданех тешна волу Исхьакх а, Якъуб а ма-Ӏарра. 10Дела суртдиллархо а, гӀишлоярхо а волуш, ондачу бух тӀехь гӀала схьаяре хьоьжуш Ӏара ИбрахӀим. 11 gТешар хиларна, шен зуда Сарат доьзалхо хуьлуш яцахь а, ша ханна воккха воллушехь, да хиларан хьуьнар тӀеийцира ИбрахӀима ▼▼Цхьадолчу тептарш тӀехь: Тешар хиларна, доьзалхо хуьлуш яцахь а, ша ханна йоккха йоллушехь, бер даран хьуьнар тӀеийцира Сарата.
, хӀунда аьлча цунна хаьара, Дала Ша аьлларг кхочушдойла. 12 iЦундела цхьа ког коша а бахана волчу стагах схьабевлла, стигалара седарчий а, хӀордан берда тӀера гӀум а санна, дукха нах. 13 jУьш берриге а, тешар а долуш, белла, лур ду аьлларш схьа а эцаза. Амма царна и хӀуманаш геннахь гина, уьш царах баккхийбеш хилла. Цара шайх лаьцна аьлла, шаьш девлла леларш а, тӀедаьхкина нах а ду лаьтта тӀехь. 14Иштта шайх лаьцна бохучара шаьш чубогӀу болу мохк шаьш лоьхуш хилар гойту. 15Нагахь церан дагахь шаьш дӀатесна даймохк хиллехьара, церан хан яра цига юхадерза. 16Амма уьш тоьллачу даймахке сатесна бу – стигаларчу даймахке. Цундела, наха Ша церан Дела ву аьлча, Далла эхь ца хета: Цо царна гӀала кечйина. 17 kТешар хиларна, ИбрахӀима, ша зийча, сагӀа даккха Исхьакх валийна. Шена лур ду аьлларш тӀеэцнехь а, шен цхьаъ бен воцу кӀант сагӀина дӀавала резахилла иза. 18 lЦу кӀантах лаьцна аьлла хилла: «Исхьакхах хир ю хьан тӀаьхье». 19ИбрахӀимна дагахь дара, Делан ницкъ бу велларг а денван аьлла – ткъа цо шен кӀант веллачуьра санна схьаийцира. 20 mТешар хиларна, Исхьакха декъалвира Якъуб а, Ӏесав а, церан хиндолчуьнга хьаьжжина. 21 nТешар хиларна, ша леш, Якъуба декъалбира Юсупан кӀентий, шен Ӏасанна тӀе а вазлуш, Далла Ӏамал йора цо. 22 oТешар хиларна, Юсупа, ша лечу хенахь, исраилхой Мисарара арабевр бу аьлла а дийцира, шен даьӀахкех весет а дира. 23 pТешар хиларна, Муса вича, цуьнан дас-нанас кхаа баттахь лечкъош лелийра иза, хӀунда аьлча царна гора бер хаза хилар. Паччахьан омранах кхера ца белира уьш. 24 qТешар хиларна, ша воккха хилча, пирӀунан йоӀан кӀант ву ала дуьхьал хилира Муса. 25Делан халкъаца халонаш лан резахилира иза, йоццачу ханна долу къилахь самукъадалар лелочул. 26Дала леррина Къобалвинчун сийсазвар шена доккхаха хьал лерира Мусас Мисар-мехкан хазнел а. Иза шена лун долчу совгӀате хьоьжура. 27Тешар хиларна, Мисар-мохк дӀатесна цо, паччахьан оьгӀазаллех а ца кхоьруш, хӀунда аьлча, ца гуш Волчуьнга хьоьжуш санна, доьналла долуш вара иза. 28 rТешар хиларна, нахе Пасахьан деза де кхочушдайтира цо, цӀийн цинцаш неӀаран гурашна тӀе а деттийтира цо, исраилхойн дуьххьара хилла бераш мулкалмоте хӀаллак ца дайта. 29 sТешар хиларна, лаьтта тӀехула санна, ЦӀечу хӀорда чухула дехьабевлира уьш. Изза дан гӀоьртина мисархой хи буха бахара. 30 tТешар хиларна, Ерихон-гӀалин пенаш охьаийгира, исраилхоша царна ворхӀ дийнахь гонаш даьхча. 31 uТешар хиларна, Далла муьтӀахь боцучу кхечу нахаца хӀаллак ца хилира гӀалане хьовса къайлаха баьхкина исраилхой тӀелаьцна йолу, нахаца лела Рахьаб. 32 vКхин хӀун эр дара ас? Хан тоьар яц суна ГадӀанах а, Баракхах а, Шамшонах а, Яптахьах а, Даудах а, Шамъалах а, пайхамарех а лаьцна дийца. 33 wТешар хиларна, пачхьалкхашна тӀехь толамаш а бохуш, нийсо а лелайойтуш, Дала лур ду аьлла хӀуманаш схьа а оьцуш, лоьмийн баганаш дӀа а къовлуш, 34буьрса цӀе а йойуш, ирачу туьрах кӀелхьар а довлуш, гӀелделча, дегӀе ницкъ а богӀуш, тӀамехь онда а хуьлуш, мостагӀийн эскарш а лохкуш, хилла уьш. 35 xТешар хиларна, зударша шайн делла бераш, ден а луш, схьаоьцуш хилла. Цхьаберш, ницкъ а беш, бойуш хилла, амма цара паргӀато схьаоьцуш ца хилла, тоьллачу дахарехь шайн дендалар хилийтархьама. 36 yКхечара сийсаздар а, еттар а, буржалш а, набахти а лайна шайна тӀехь. 37 zЦарна тӀулгаш а кхуьссура, уьш херхашца хеда а бора, таррашца байа а бойура. Чудаха цӀа а доцуш, уьстагӀийн а, гезарийн а кхекхий а хьерчийна, лелла уьш, халонаш а, баланаш а, наха шайна беш болу ницкъ а ловш. 38Дерриг а дуьненал лакхара болу уьш яьссачу аренашкахула, лаьмнашкахула, хьехашкахула, Ӏаннашкахула бевлла лелара. 39Тешар хиларна, Делера баркалла хилла царна, амма лур ду аьлларг схьа ца эцна цара. 40Дала вайна цхьа тоьлла хӀума билгалдаьккхинера, уьш вайца цхьаьна бен кхачаме ца хилийтархьама.
Copyright information for
CheCAC2012