aАюб 5:17; Кицанаш 3:11, 12 (Грекийн).
b ЕшаӀ-ЯхӀу 35:3 (Грекийн).
cКицанаш 4:26 (Грекийн).
g Арадаккхар 19:16-22; 20:18-21; Карлабаьккхинарг 4:11, 12; 5:22-27.
hАрадаккхар 19:12, 13.
k Арадаккхар 20:22.
lХьагай 2:6 (Грекийн).

‏ Hebrews 12

Дела Да ву

1Цундела, гонах тешийн бӀо хиларна, ваьшна тӀера массо а новкъарло а, ваьшна гонах хьаьрчаш долу къа а дӀадоккхийла вай. Доьналла а долуш, ваьшна хьалха хуьлучу къийсаман новкъахула дӀадовдийла вай, 2тешар кхоьллина а, кхочушдина а волчу Ӏийсана тӀе а хьоьжуш. Цо Шена хин долчу хазахетаран дуьхьа жӀара тӀехь валар лайра, эхь тӀе дар тергал а ца деш, нехан кхардам тидаме а ца оьцуш. Ткъа хӀинца Иза Делан паччахьан гӀантана аьтту агӀор, баьрччехь, хиъна Ӏаш ву.

3Къинош летийначу нахера сел чӀогӀа къизалла Лайначун ойла ел аш, шаьш доьналла доцуш ца диса а, дог эшна ца хилийта а. 4Къинна дуьхьал а девлла, цӀий Ӏаннол чӀогӀа латар ца хилла шун хӀинца а. 5 aДелан кӀентий долчу шуьга, шу иракарахӀиттош, аьлла дешнаш диц-м ца делла шуна? «Сан кӀант, Везачу Эло хьо нисварх ца вешаш ма хила,
Цо хьайна дечу таӀзарна гӀайгӀане а ма вожа.
6ХӀунда аьлча Шена везаш верг, таӀзар а деш, нисво Везачу Эло.
Ша тӀеоьцуш волчу кӀантана етта а етта Цо».

7Шаьш нисдеш долу таӀзар ла, хӀунда аьлча оцу таӀзар даро гойту, Далла шу кӀентий санна хетар. ХӀунда аьлча дас нисдеш долу таӀзар даза кӀант хир а вуй? 8Ткъа массо а кӀантана деш долу таӀзар шуна деш дацахь, шу кӀентий дац, шу къотӀалгӀадина бераш ду. 9Нагахь вайна таӀзар деш болу дуьнен чуьра дай вай лоруш хилча, синойн Дена кхин а чӀогӀа муьтӀахь хила ца деза вай, дахар хилийтархьама? 10Вукхара шайна дика хетачу агӀор кӀезигчу ханна таӀзар дора вайна, ткъа Кхо – вайна пайда хилийта, вайга Шен возаллехь дакъа лацийта до. 11Карарчу хенахь муьлххачу а таӀзаро самукъадалар ца дахьа, сингаттам бен. Делахь а тӀаьхьа цуьнгахула нисбеллачара машаре а, Делан лаамехь а долчу дахаран стом буур бу.

Хьехамаш а, лардарш а

12 bЦундела хьалаайа шайн охьадахана куьйгаш, чӀагӀъе шайн малъелла голаш. 13 cНийсачу новкъахула лела, астагӀа лелхарш гал ца бовлийта, мелхо а тобалийта.

14Массо а адамца машаре хила, ткъа Далла гергахь цӀена хила хьовса. ЦӀеналла ца хилча, цхьанна а Веза Эла гур вац. 15 dКъаьсттина тидаме хила шайна юкъара цхьаъ Делан диканах дӀа ца къастийта, «къаьхьачу орамех дӀаьвше маргӀал хьала а даьлла, цуьнга дуккха а нахана зен ца дайта». 16 eШуна юкъахь, боьха хӀуманаш лелош а, Ӏесаваьлла а стаг ца хилийта, Ӏесав санна, цкъа юучу хӀуманах хьалха дуьнен чу ваьллачун бакъо дӀалуш. 17 fШуна хаьа, цул тӀаьхьа Ӏесавана лиира дас ша декъалван, амма иза дӀатесна хилира. Цуьнга хӀумма а ца хийцаделира, воьлхуш, цо дехарш дича а.

18 gШу герга ца даьхкина куьг Ӏоттал уллохь болчу а, цӀе летта богучу а ламанна а, Ӏаьржачу боданна а, чӀогӀачу махана а, 19локхучу маӀан озана а, деш долчу къамелана а. И къамел хезачара дехарш дора, кхин шайга дош ма алахьара бохуш. 20 hХӀунда аьлча цаьрга лан ца лора шайна тӀедожош дерг: «Нагахь хьайба а ломах дӀахьакхалахь, цунна тӀулгаш кхисса деза, иза хӀаллакьхиллалц». 21 iЦарна гуш дерг сел буьрса хиларна, Мусас ша а элира: «Со кхоьруш а, вегош а ву».

22Амма шу тӀедахана Цийон-ламанна, дийначу Делан гӀала йолчу стигаларчу Ярушалаймана, эзарнаш маликийн 23самукъанечу гуламна, стигалшкахь цӀераш дӀаязйинчу Делан дуьххьарчеран леррина болчу гуламна, массеран Кхелахо волчу Далла, кхачамалле кхаьчначу Делан лаамехь болчеран синошна, 24 jкерлачу бертан Юкъарлонча волчу Ӏийсана, Хьабулан цӀийнал а дика кхаъ буьйцуш долчу, тӀехьорсучу цӀийн цинцашна.

25 kХьовсалаш, къамел Дечуьнгахьара дӀа ма дерзалаш. Нагахь, Лаьтта тӀехь къамел дечуьнга ла а доьгӀна, уьш а кӀелхьара ца бевллехь, вай муххале а кӀелхьардевр дац, стигалара къамел Дечуьнгахьара дӀадерзахь. 26 lЦу хенахь Цуьнан озо Латта дегийра, ткъа хӀинца Цо боху: «Ас кхин цкъа а, Латта дегийна ца Ӏаш, стигал а егор ю». 27«Кхин цкъа а» бохучу дешнаша гойту дегалуш дерг (и ду кхоьллинарг) дӀадаккхар, ца дегалуш дерг дисийтархьама.

28Цундела вай, егалур йоцу пачхьалкх тӀеоьцу ерш, Далла баркалла олуш хила деза. Баркалла а долуш, Цунна товш йолчу кепара Далла Ӏамал ян еза вай, ларамах дуьзна а, кхоьруш а долуш, 29 mхӀунда аьлча «вайн Дела массо а хӀума дӀахьулъеш йолу цӀе ю».
Copyright information for CheCAC2012